ТIекхочийла долу линкаш

Новая газета: Росгвардина Нохчийчохь тIелатар дина боху нах дийна болуш лецна байина бу


Нохчийчохь Росгвардина тIелетта бохуш буьйцу нах дийна болуш лецна байина бу. Цунна тоьшалла ду цигахь даьхна кхелхинчеран тодина доцу сурташ, хаам бина "Новая газето".

Цо дехар динчу суьдан медицинан эксперташа а, баллистикан говзанчаша а тоьшалла дина, сурташ тIехь гуш болу нах юххера герз диттина байина бу аьлла.

Царах хIоранна а коьртах герз тоьхна, лерга уллера меттиг а лоцуш. Кхин герзо йина чевнаш яц царна тIехь.

Цхьана сурта тIехь вийначуьнан скотчаца дегIах йихкина ю куьйгайинчу бомбанан муляж. Гуш ду иза цIийн а, хоттан а томмугIашна тIехула тIейихкина хилар. ТIехула тIе вийначуьнан аьрро куьйга тIехь гуш ю гIоьмаша йитина лар, яздо "Новая газето".

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG