ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лешдолчу меттанийн могIарахь


Нохчийчоь --меттан даздарш
Нохчийчоь --меттан даздарш

Нохчийн мотт къоман са дуйла а кхетош, доггах иза дебош, наха ца дийцарца ширалле дуьгу дешнаш шен байташца, гочдаршца, къамелаца дузуш бехарш дуккха а бу. Амма олийла дац мотт Iалашбан, иза шайлахь буьйцуш лела массо а нохчий. Цунах доглозу яздархочун Хатаев Хьусайнан а.

Нохчийн меттан денна лерина ишколашкахь а, кхин лакхарчу доьшийлашкахь а дIадаьхьна байташ йоьшуш, дешархошна ненан мотт хаар толлуш, тайп-тайпана къийсадаларш. Ламаст а хилла дIахIоьттина кхузахь ненан меттан де герга кхочучу муьрехь яздархошца, Iилманчаша цхьаьнакхетарш дIадахьар а. Цу декъехь къоьлла ца хилла кхушара а.

Делахь а, дахарехь зеделларг ду Охан-беттан 25-гIа де дIадаларций, ша-шаха санна, дIалекъаш ду маттана гонах, цуьнан бозаллех, мехаллех деш долу къамелаш. И мел оьшу, мел схьабехна бу юкъаралло го воьду-вогIуш а, доьшийлашкахь а, адамийн юкъалла йолчу меттигашкахь бахархоша дечу къамелашкахь а. Цунах пайдаэцар кIезиг делахь а, вуно дукха яздархой а,Iилманчаш а бу, нохчийн мотт леш бу бохург къобал цадийраш.

Оцу хьажаман агIончаш бу, масала, дика вевзаш волу Мамакаев Эду, яздархо, меттан говзанча Яралиев Юсуп, байтанча Цуруев Шарип, яздархо, журналист Петирова ПетIамат. «Даима бехар бу нохчийн мотт!»-хадам боллуш чIагIдо ПетIамата. «Ша мел ву ненан мотт лийр бац»,- боху Яралиев Юсупа а.

Ненан мотт «самсабаккхарехь», ир-кара хIотторехь, къардайна хьийзачех цхьаъ ву тахана байтанча-гочдархо Хатаев Хьусайн. Цунна хетарехь, шеко а йоцуш, бала новкъабаьллачех цхьаъ бу вайнехан мотт.

Ондда бух болуш ду «Юнеско» цхьаьнакхетаралло иза леш долчу меттанашна юкъабахийтар бохуш долийра цо шен къамел.

Хатаев: «Дуьненан юкъарчу къаьмнийн синмехаллаш ларъеш йолу комитет ю и «Юнеско». Цуьнан шен кеп ю зераш деш. Цу кепаца хеттарш а деш, талламаш бо цара. Цара къастийнарг хIун ду? И дера ду нохчийн мотт кхуьуш цахилар. Кхоллалуш керла дешнаш дац. И ю коьрта билгало, мотт дIа доцуш,ца кхуьуш лацабелла кеп. Стагнаци олу цунах.

Буьйцуш барий, хаза буьйцурш буй вайна юкъахь, тIаккха дIо чIагIбелла мотт иштий бен ала йиш бохурш вайна юкъахь болуш бу. Уьш а мотт ларбийраш бац, царна моьтту-кх шаьш и ларбо. Мотт, кхиа а кхуьуш, дIабаха безаш ма бу. Болх беш нохчийн мотт цахилар гуш ду.

ДIо-о хьалхалерчу заманахь оьрсийн мотт хиллехь а, иза тхан маттана нацкъар хилла, цо тхан маттана беш тIеIаткъам а ца хилла. Вовшашлахь цхьана а кепара буьйцуш ца хилла оьрсийн мотт. ПIелгаш тIехь багарбал нах хилла и хийра мотт хууш. Ткъа хIинца кхин хьал ма ду. Цу хенахь цара и къамел деш делхьара со а царна тIетан тарлора, мотт леш а бац, тIекхозабелла кхерам а бац аьлла».

Маршо Радио: Нохчийн меттан де ду аьлла кхайкхийна ду-кх…

Хатаев: « Цуьнан цхьа дика агIо го-кх суна, цу дийнахь, нохчийн мотт бу аьлла, и хьехабар, цунах дийцар. Кхин маттана пайда хир болчу агIор деш цхьа а хIума дац-кх! Цу маттахь эшар локху, байт йоьшу. Ахь цу дийнахь и динера аьлла, дийцар дешнера,цхьа забаре хIума далхийнера аьлла, тIекхеташ хIун ду?

Маттана хIун гIоле хуьлу? Цу дийнахь, цхьана а кепара синтем а ца хуьлуш, хьо карзахволу-кх мелхо а. Хьайна хуьлуш синтем а боцуш, хьан догэтIа-кх. Стенна аьлча хьуна хаьа айхьа дийцинчул сов цу маттана кхин хила гIоле йоций. Аса, даг тIе куьг а диллина, эшахь, вуно дукха масалш далор ду-кх, нохчийн мотт леш бу –кх аьлла».

Готтачу гонехь бен дуьйцийла яцахьа а, Iилманчаша а, яздархоша а йийцаре еш лаьтташ ю ненан матто лов халонаш, цара шайлахь билгалдоху цунна гIо дан юьхьарлаца хьакъдолу некъаш а. Амма цара мел чулацаме, кханенаш йохкуш, хьекъале къамелаш дарх, маттана хила са яц боху говзанчаша, къоман хиндерг кхерамехь хилар кхета а дина, Iедал тIе ца хIоттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG