ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаевна елла компенсаци Бостонерчу терактехь лазийначарна хьажо сацам бина кхело


Царнаев ЖовхIар
Царнаев ЖовхIар

Бостонерчу марафонехь 2013-чу шарахь теракт ярна вен таIзар кхайкхийначу Царнаев ЖовхIарна коронавирусан пандеми бахьана долуш делла федералан компенсаци цуьнгара схьадаккха сацам бина Бостонерчу кхело, Массачусетсан прокуроро хьалхататтарца. Цунна кхачийна $1400 терактехь лазийначарна дIахьажор ду.

Лерина ларъечу Колорадо штатерчу набахтехь латтош волу Царнаев а нисвелла пандемино динчу зенашна дуьхьал программехула компенсаци яла вовшахтоьхначу цхьа миллион ахмиллион америкхойн тутмакхашлахь, хаамбо Daily Mail.

ТаIзарца а догIуш, Царнаев декхаре ву терактехь зенаш хиллачарна $ 101 миллион охьадилла. Карарчу хенахь 2202,03 долларш бен цо текхна дац. Цуьнан набахтен чоьта тIехь такха дисина ахча ду $3385,06.

2013-чу шеран Охан-беттан 15-чохь Бостонерчу марафонехь динчу эккхийтарехь вийра кхо стаг, чевнаш йира 260 сов вахархочунна. Суьдхоша тIечIагIдира, Нохчийчуьра схьаваьллачу ЦарнаевгIеран шина вашас Тамерлана а, ЖовхIара а теракт дина хилар. Полицица хиллачу кхийсаршкахь вийра Царнаев Тамерлан. Царнаев ЖовхIар латтош ву лерина ларъечу Колорадо штатерчу набахтехь. Бехк цо тIелаьцна.

2015-чу шарахь бехккъасторхоша иза вуьйш кхел кхайкхийра. 2020-чу шарахь Федералан апелляцин кхело юхабаьккхира Царнаев вуьйш бина хилла сацам. Апелляци юха листинчул тIаьхьа кхелахойн коллегин шеконаш кхоллаеллера, бехккъасторхоша озабезам бина хила тарло аьлла. Оцу юкъанна шеконе ца диллина Царнаевн бехк хилар.

Стохка аьхка Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн юстицин министралло тIедожийра Лакхарчу кхелана, Царнаев вуьйш бина сацам юхабаккхар кхин цкъа а листа аьлла. Цкъачунна оцу хьокъехь сацам бина бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG