ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малайзера туристаш садаIа кхайкхина Нохчийчу а, ГIезалойчу а


Нохчийчу а, ГIезалойчу а, кхин йолчу а Оьрсийчуьрча регионашка а садаIа бахка лууш хила мега Малайзера бусулбанаш аьлла, хета Visit Russia туризман компанина. «Вести.ru» сайто бинчу хаамца, цу хьокъехь аьттонаш бина цу агенствон Куала-Лумпурехь йолчу офисо.

Нагахь Малайзехь цу тайпа нах бовлахь Оьрсийчохь церан аьтто хир бу бусулба динца йоьзначу меттигашка кхача а, Оьрсийчуьрча бахархоша лело Исламан ламасташ довза а, бусулба динехь болчу нехан кхачанах кхета а, хаам бо Visit Russia агентство.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG