ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бостонерчу полицина хууш ца хилла Царнаев хьокъехь оьрсаша дийцинарг


Охан-беттан 15-чу дийнахь Бостонехь лелхийтарш дарна бехке лоруш волу Царнаев Тамерлан кхераме хила мега аьлла Оьрсийчоьнан лерринчу сервисаш динчу дIахьедарх лаьцна хууш ца хилла меттигерчу полицина. Цуьнах лаьцна Конгрессехь хиллачу ладогIаршкахь дIахьедар дина Бостонан полицин куьйгалхочо, комиссара Дэйвис Эдварда. Цуьнцана цхьаьна цо дилгалдаьккхина иза хууш хиллехь а шайн аьтто хир бацара терроран тIелатар ца дайта аьлла.

2011-чу шарахь Iамеркан Федералан Талламан Бюрога а, Коьртачу Талламан Урхалле а Оьрсийчура хаам кхаьчна хилла Царнаев Тамерлан динан экстремист хила мегаш ву аьлла. Даиман а беш болу таллам бинчул тIаьхьа и гIуллакх дIачIаьгIна хилла Iедалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG