ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара тIом а, цига бахначу нохчашкара хьал а


Путина а, Кадыровс а ДАIИШ шаьш эшийна боху…

Кадыров Рамзана Оьрсийчоьнан телеканалашкахула ткъеха де хьалха дIахьедира, ДАIИШ-ехь а, Шемарчу, Иракъерчу кхечу массо а тобанашкахь а тIемаш бина нохчий берраш а санна хIаллакбина, аьлла.

… Амма таханенна болчу хаамашца, Шемарчу Хама а, Идлиб а провинцешкахь лаьтта къиза тIемаш. Олийла дац, ницкъаца дуккхаза а совдовлуш Асадан а, цунна гIодечу пачхьалкхийн а эскарш делахь а, ДАIИШ-о а, цуьнца боцчу ницкъаша а ен дуьхьало дIалекъна.

Хама кIоштарчу тIамехь доккхачу декъанна кавказхойх лаьттачу «Джейш аль-Мухаджирин валь-Ансар» тобан амир аш-Шишани СалахIуддин (Маргошвили Пайзулла) кхалхаро юха а дагалоцуьйту пхеа шера чохь Малхбалехь лета кавказхой.

Шемарчу тIаме мел бахана нохчий, берраш ца байъинехь а, царех дукхахберш хIаллакбина Кадыровс бахар бакъдолчунна герга хила тарлуш делахь а, ца догIу цо кхидIа дуьйцург Путин Владимира баьхначуьнца.

Шена тIера бехк а боккхуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Шема тIаме нохчий, цхьа жима дакъа доцург, Европера арабевлла кхаьчна, олу. Ткъа президенто динчу дIахьедарца, Оьрсийчуьра вахана тIом беш 4000 стаг вара - ткъа нохчийн терахь царалахь кхечу цхьана а къоман векалел кIезиг хуьлийла данне а дац.

ХIун хьал ду Шема тIаме бахначу нохчашкахь тахана?

Кхушеран аьхка а, гурахь а, кху муьрехь а лаьттинчу тIемашкахь, кхиболу даIишхой а санна, дукхахболу нохчий белла. Иштта ала тарлуш ду массо а агIор баьржаш лелла хаамаш кепатоьхча. Цхьадолу дакъа Туркойчуьрчу шайн махкахошца-мухIажиршца дIаиэн а гIоьртина. Ткъа я ДАIИШ-ехь а, я ал-Нусрехь а боцуш, Асадна дуьхьал лаьттачу ницкъашца хилла нохчий, доккхачу декъанна, хIинца а бу циггахь.

Таханенна Асад Башарца къийсалучу оппозицин ницкъашна хьалха цIе а лелаш, царна мехала а йолуш, юьсуш ю Шемахь кхо китаб (тIеман тоба) - "Аджнад аль-Кавказ" (амир Шишани Iабдул Хьаким (Ажиев Рустам), "Джунуд аль-Шам" (амир Шишани Муслим (Маргошвили Мурад), "Джейш аль-Усра" (вийнарг ву цуьнан амир - СалахIуддин аш-Шишани, хууш дац иза хьан хийцина).

"Аджнад аль Кавказ" а, "Джунуд аль-Шам» а тобанийн амираша дуккхаза а дина дIахьедарш шаьш я Ичкерех а, я «Кавказ Имаратах» а доцийла хоуьйтуш. Оцу китабийн лидерш (Ажиев Рустам, Маргошвили Мурад) ву Нохчийчуьрчу шина а тIеман декъашхо. Рустам Нохчийчуьра вахана Шема, Мурад – Паьнказара. Ший а кхаьчна цига, Гуьржийчуьра Туркойчу а вахана, 2013-чу шарахь.

Шишани Муслим (Мурад) Iамерко язвина ша хIоттийначу террорхойн тептаре.

Хьахийна кхо китаб йоцург, кхин а ю Шемахь Къилбаседа Кавказера дIабахначу тIемалойн тобанаш. Амма уьш кхушеран тIемашкахь кхин гоьевлла яцаре терра, кIезиг хаало, яц прессехь хьахош.

Оьрсийчоьнан зорбано хаам баьржира хьалхо, нохчийн баьччанаша нейтралитет лаьцна, аьлла. Амма кху тIаьххьарчу денойн хиламаша гойту иза бакъдоцийла. Яржийначу видео чохь цара ца боху, шаьш тIамах мукъадовлу - боху, динца доьзна Iилма шайгахь тоъал дац, цундела цуьнан башхалла къовсучийн декъахь а дац.

Кадыров Рамзан, гуш ду, сихвелла нохчийн тIемалошна тIехь ша Шема хьийсочу наха толам баьккхинийла хаийта. Ткъа Шемахь тIемашкахь бисинарш боцуш, циггара а, Иракъера а арабевлла, аьтто ларбеш Iийраш дуккха а буйла юхьаръэцча, кхета торуш ду Асадна а, цуьнна аьтто бечу Путинна а толам базбан хьалхе дуйла. Яьхна цара территореш, амма ца баьккхина дуьхьалончашна тIехь толам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG