ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!
please wait

No media source currently available

0:00 0:02:27 0:00
Линкана тIе

Титиев Аюб политикан тутмакхан статусехь ву аьлла, дIакхайкхина "Мемориал" бакъонашларъяран цхьанатохаралло. И дIахьедар ду центран сайтан тIехь гIарадаьккхина ду.

Титиевснаркотикаш лелош хилар аьттехьа а тIедуьтуш доцучу бакъонашларъярхоша, бехк боцуш дIалаьцна иза дIахеца аьлла, кхайкхам бина.

"Мемориало" иштта Iедалшка доьху, шайн белхан накъост бехван Iалашонца, цунна доцург тIе а кхоьллина, иза чуволла гIертарш жоьпе озабе аьлла.

"Мемориалан" цхьанатохараллан коьрта кхеташонан декъашхочо Орлов Олегна ца хета, шаьш Титиевна еллачу статусо оцу балех кIелхьараволуш доккха гIо дийр ду аьлла, амма цунна гонах кхолладеллачу гIуллакхна тIехь даим а тидам латтор бу, элира цо: "Оцу статусо гIо до стага дуьхьал долийна гIуллакх гIарадаккхарехь, нагахь санну цунна Iаткъам беш ерг пачхьалкх елахь.

Аюбан гIуллакх хаза неха санна чIогIа гIарадаьлла, иза политикан тутмакх ву аьлла, дIакхайкхор - цуьнан бехк ца хилар бигалдаккхар ду. Нехан кхетамехь иза политикан тутмакх иштта а ву".

Титиев Аюбца цхьана болх бинчу бакъонашларъярхочун Байсаев Iусаман шеко яц политикан бахьанашца иза хьийзош хиларан. Цундела ша къобал еш ю "Мемориало" яьккхина и гIулч, элира цо: "Иза ца дича а хууш дара-иза дIалацар а, чохь латтор а политикаца доьзна хIума дуйла. Титиев адамийн бакъонаш ларъеш вара даим. Бехк боцуш нах дIалецар а, уьш чубохкар а, байар а, иза дара цо даим толлуш дерг.

Нахана тIехь, лах а ца деш, таIзар латтор - иза ю тIаьхьарчу 20 шарахь Оьрсийчоьнан Iедало дIакхьоьхьу политика. Иза хийца бохуш верг, бакъонашларъярхо хилла ца Iаш, политик ву. "Мемориало" дуьйцург тахана лелаш дерг ду пачхьалкхехь".

"Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Аюб дIалаьцна бутт сов хьалха ша вехачу Куршлойн эвлан йистехь, машен чохь кIомал карийна аьлла.

Титиевс а, цуьнан авдокаташа а, белхан накаъосташа а дIакхайкхош ду, шен дахарехь оьзна а, я мелла а воцуш, спортсмен волчу цунна и бехк тIекхолла гIерташ бу, цо бен болх бахьнехь, бохуш. Цхьа могIа дуьненаюккъера цхьанатохараллаша а дIахьедарш дина Титиевна тIехIуттуш.

XS
SM
MD
LG