ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Стенна кхобу иза таIзарна кIел?"


Иллюстрацин сурт
Иллюстрацин сурт

Садовская Алена

Нохчочунна йиттина, амма йиттина йогIуш, боху набахтерчу хьаькамаша

Чиллан-бутт болалуш хиина Иркутскерчу ИК-3 набахтехь хан токхуш волчу Эдигов Сулиманна къиза йиттинийла. 2014-чу шарахь кхело 14,5 шарна маршонах ваьккхира иза, цо полисхочунна тIе куьг а даьхьина, бакъо йоцуш герз а лелийна, аьлла.

"Кавказ.Реалиис" Оьрсийчоьнан набахтийн урхаллан Иркутскерчу декъе хаттар дира оцу хааман хьокъехь.

Деана жоп хIара ду: "Аш зорбане яьккхина информаци йогIуш яц бакъдолчуьнца".

ГIуран-беттан 29-чохь Эдиловна таIзардира, амма бахьана дара цо "леррина барамаш дIахьочу набахтин хьаькамашна дуьхьало яр", боху жоьпехь.

Иркутскерчу набахтийн урхалло дийцарехь, Эдиловс кхерамаш тийсина хьаькамашна, царна тIерачу духарх ка а етташ, саца бахарх ла а ца дугIуш.

"Хилам зийна прокуратурано. ТаIзар низамца а догIуш дина карийна", Эдиловс "ца хеддаш дохадо набахтера низам", яздо набахтийн урхалло.

Тутмакхан нанас Умарова Зинас дуьйцург ца догIу Иркутскера кхаьчначу жоьпаца. Цо "Кавказ.Реалига" кхин дуьйцу.

"Иркутске кхачошшехь волийра Сулиман хьийзо. Диъ шо ду иза цигарчу набахте хьажийна, оццул хан ю цуьнца набахтин куьйгалхой гома болу а. Даима санна кхобу, таIзар деш, готтачу чоьнехь ша цхьаъ.

Стенна? Ишта ца хьажна бохуш. Ламаз ца дойту. Иза кIоргга суьпа ву, марха кхобу, сарралц меца Iийча, сарахь ца йоуьйту цуьнга, набахтин низамашца догIуш дац, бохуш. Цундела ву-кх иза "аьлларг цадийриг", дуьйцу Сулиманан нанас.

Шена дуьхьал харцо лелайо набахтин куьйгалхоша, аьлла хета Эдиловна. Оцу хьокъехь аьрзнаш яздо цо, амма цуьнан кехаташ набахтера ара ца довлуьйту, Умарова Зинас бахарехь.

"Ца хеддаш таIзарш до. ХIун диначунна? ХIинца цу тIе етта а йиттина, стенна йиттина, ца дуьйцу. Ша цхьаъ чувоьллина латтош волчу цо хIун низам талхо деза?", хоьтту нанас.

"Сулимана мацалла кхайкхийра, лурчах дара моьтту суна иза, Ангарскехь волуш, 31 дийнахь меца Iийра. Со а, да а тIаьхьадахара, тхуна, халла дIасалелачу къаношна, ур-аттталла гайта а ца гайтира воI", дуьйцу Зинас.

Алссам ахча оьшу дена-нанна Сулиманна тIаьхьа эха. Ткъа несан янне а яц йиш майра ган яха – кегий ду бераш.

"Муха воккхур вара а ца хаьа иза цIенна гергахьа. Адвокаташна дала ахча а дац", леткъа тутмакхан нана.

"Вон хьал ду цуьнгахь, хан хене мел йолу луьра хьийзаво набахтино. Со кхоьру цIеххьана шийла кхаъ тхайга кхачаре. Аш яздича мукъане а хир дацара-те гIо? ", - хоьтту цо журналисте.

Эрна дац Умарова Зина шен воьIан хиндолчух ягар – аьрзнаш яздечу тутмакхашна ондда гIело йо набахтешкахь. Цунах тоьшалла до Иркутск-мехкан Юкъараллин цIарах набахтешна тIехьожучу комиссин декъашхочо Глущенко Павела.

"Набахтехь аьрзнаш дийриг гIудан изоляторера (ШИЗО) араволуш а вац. Бахьана дала тарло стеннах а – ноьда дIа ца йоллар, дедика ца дар… Изоляторехь дукха латтийнарг хенал хьалха ара ца волуьйту набахтера. Цундела а кхобу ШИЗО-хь дукха. Доккха таIзар ду иза маршоне сатуьйсучарна", аьлла хета Глущенкона.

Эдилов чохь валлочу №3 набахтера хьал зен вахара ша стохка, "бусалбанаш гIевттинера шайгара ламазан чоь дIаяьккхича, амма цхьаммо а ца хаийтира шаьш мацалла кхайкхийнийла", элира юкъархочо.

Эдилов Сулиманах дерг зер дехна Глущенкос Талламан Комитете. Лардеш Iа цуьнгара жоп.

Бакъду, иза кIезиг теша нийсо тоьлур ю бохучух. "Зуьйр ду арз. Бехктакхаман дов айдан а тарло. Амма набахтин хьаькамашна таIзар дан прокуратурехь реза ца хилчхьана чекхдолу дерриг а – прокуроран карахь ду документаш талламчашка юхахьийсо, арз листар хене даккха. Ткъа дукха хьолехь талламчаш шаьш юхабовлу арз талларх", дийцира бакъоларъярхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG