ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Къам доьхкина цхьа нах базбийр бу юха а». Хуьйцуш ю Соьлжа-ГIаларчу кIоштийн цIерш


Романова Софья

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен йишин воI, Соьлжа-ГIалин мэр Закриев ИбрахIим векал вина Соьлжа-ГIаларчу кIоштийн, шахьарна юкъайогIучу яртийн цIерш хийца. ХIинццалц «Октябрьский», «Старопромысловский», «Ленинский», «Заводской» хиллачу кIошташна лур ю «майраллица, доьналлица шайх ала диканиг дитинчу нохчийн тоьллачу къонахийн цIерш».

Цкъачунна хоуьйтуш дац, нохчийн муьлхачу турпалхойн цIерш лелор ю Соьлжа-ГIаларчу кIошташа а, ярташа а. Ткъа турпалш-м бу нохчийн къоман а, Iедалан а шайн-шайн.

ЦIерш Нохчийчохь дукха хьолехь карлайоху «бахархойн дехарца». Масала, «меттигерчу бахархойн дехарца» хийцира КадыровгIар схьабевллачу ЦIоьнтаран цIе, «Ахмат-Юрт» аьлла. Кадыров Ахьмад велла 15 шо даьллачул тIаьхьа, юьртара къаной гулбелла хилла, дийцарехь, шайн юьртан цIе хийцар доьхуш. «Грозный» телекомпанино бахарехь, лаам дIакъадо кечлуш, «шайн-шайн цIахь ойланаш а еш», ехха хан яьккхина цIоьнтархоша.

«Футболъезархоша вуно дукха дехарна» «Ахмат» аьлла хийцира мехкан футболан клубан «Терек» цIе а – ишта тидира хийцамбар оццу «Грозный» телеканало. «Шу эшна», элира Кадыровс и сацам емалбечу «интернетерчу шайтIанашка».

Кадыров Рамзанан деден цIе тилла бохку Гикало-юьртахь дендолчу маьждигна. Оцу юьртахь «цхьаъ санна, массо а ву хиндолчу маьждигна мехкан куьйгалхочун деден Iабдулкъедаран цIе туьллийла лууш», хаам баржийна муфтис Межиев Салахьа.

Делахь а, Соьлжа-ГIаларчу кIоштех цхьанна а цIе «Ахмат» тиллар доьху нах ца бевлачух тера ду. Цундела оцу хьокъехь хьалхе ша яккха дезна Кадыровн. Цо гIалин мэре аьлла, «талла бахархойн лаам, гIалин кхеташонца цхьаьна листа и гIуллакх».

"Кавказ.Реалиино" хеттарш дира Нохчийчуьрчу бахархошка, муьлхачу къоман турпалхойн цIерш тахкийта лаьа царна Соьлж-ГIалин кIошташна а, ярташна а.

36 шо ду шахьарахь машенаш тоечохь болх бечу Iисан. Цо къоман турпалхойх веаннан цIерш йоху. Оцу нехан мехалле хьажча, церан цIерш тоъал яц урамийн, яртийн, аьлла хета цунна.

"Ушарма Имам (Iеламча, Къилбаседа Кавказан хьалхара имам -ред.), Бенойн БойсагIар (I9-чу бIешарера баьчча, Шемал Имаман наиб – ред.), Обарг Зеламха (харачойн тайпанара-ред.), Обарг Магомадов Хасуха (Къилбаседа Кавказехь Советан Iедална дуьхьал 1940—1944 шерашкахь иккхинчу гIаттаман декъашхо - ред.). И нах летта зуламна дуьхьал, даймехкан а, динан а дуьхьа. Вайн къам дуьсур а дац моьттучу хенахь цара сий айдина вайн. Йовр ю моьттуш хилла вайн истори хазйина цара», - тешна ву Iиса.

« И нах ца лелла бахам, ахча гулдеш, ца лелла шаьш-шайн хестош а. Уьш доггах лору халкъо. Царна кхочу ларам дIабелла девр а дац вай, мел дукха къоштийн цIерш хийцича а», - боху цо.

Ткъа муха хета хьуна, Iедало кIошташна тохкур йолу цIерш хьенанаш хир ю, шега хаьттича, «къам доьхкина цхьа нах базбийр бу-кх юха а», элира Iисас.

Бенойн БойсагIар а, Обарг Зеламха а дагалецира кхин а цхьана вахархочо, Соьлжа-ГIаларчу 25 шо долчу Мансура.

«Турпалш дуккха а бу нохчийн. Суна хетарехь, дика хир дара уьш схьабевлла-бевллачу кIошташна церан цIерш техкича. Масала, Нажи-Юьртан кIошт – БойсагIаран, Обарг Зеламхин – Веданан кIошт. Бакъду, кIоштийн цIерш оцу хьесапехь тахкар а ца хила мега нийса», - элира Мансура.

Амма цунна а «хаьа хиндерг». ТIемашкахь беллачу шен белхахойн цIерш тохкур ю Iедало кIошташна, тешна ву иза.

Ленинан кIоштахь еха Соьлжа-ГIалара Мадина. «Цхьаъ хаьа суна, еаннах цхьа кIошт шеко йоццуш хир ю «Ахматовский», - йоьлу иза. Ша ехачу кIоштан цIе муххале а еза хийца, боху цо.

"Кхин эшна цIе карор а яц, муьлхха а мега, «Ленинский» ца хилчхьана, аьлла хета Мадинина.

Кхача кечбечу бизнесерчу 24 шо долчу Хизарна хетарехь, хьашт дац урамашна, ярташна, кIошташна адамийн цIерш тахка – хала хуьлу уьш дагахь латто.

«Сайга хаьттича, ас Баьццара, ЦIен, Сийна, Можа аьлла тохкур яра цIерш ГIаларчу кIошташна. Урамашна дохкур дара терахьаш. Масала, «со веха Соьлжа-ГIалин Баьццарчу кIоштахь, 19-чу урамехь, 54-гIачу цIа чохь» - атта дац ишта?! Вай тIех дестадо дерриг а. Турпалш дуккха а бу. Лаахь а, ца лаахь а кIошташна, ярташна, урамашна турпалхойн цIерш тахка езахь, ас тIеман шерашкахь нахана дарба деш леллачу лоьрийн, лазийнарш дарбан хIусамашка кхачош хьийзинчу нехан цIерш тохкур яра», - элира Хизарс.

Мехкдаьттан колледжехь доьшуш ю Мадина. Иза йоьлла йолуш йолчу цIерех, уьш хийца эшшане а ца оьшу, аьлла хета цунна.

"Октябран а, Старопромыслан а кIоштийн цIерш хаза хета суна, ца оьшу уьш хийца. ХIинца муха хир ю церан цIерш? «Хьалхарчу президентан» я Путинан цIарх? Лелаш йолчу цIерех вай доьлла, уьш ма-ярра йитича дика хир дара», - элира Мадинас.

"Ас цIерш яьхначийн урамаш, майданаш, ярташ ю дуккха а. Оьший-те церан цIерш кIошташна а тахка? Суна ца хаьа хьенан цIерш тохкур ю, амма ца хьейича дика-м дара йолуш ерш», - боху йоIа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG