Терроран тIелетарш дан кхайкхамаш бина аьлла, бехкевинчу Калининградерчу 27 шо долчу Халимов Айтахьаьжина набахтехь даккха 3, 5 шо хан тоьхна кхелахоша. "ВКонтактерчу" шен пена тIехь зорбане яьккхина хилла цо Нохчийчуьрчу тIамех лаьцна документалан видеороликаш. "Кавказский узел" агенталло бина цунах лаьцна хаам.
Халимовс пайдаэцна роликаш интернетехь яьржина дукха хан ю, историн материалаш лоруш ю уьш, аьлла, дIахьедина цуьнан адвокато Бонцлер Марияс.
Билггал ши видеоролик шен аккаунте а эцнера ша, амма терроризмана пропаганда ян, я и бакъян Iалашо шен яцара, бохуш чIагIдо жимчу стага.
"Гергарчу хенахь апелляци чуяла кечлуш ду, хIунда аьлча, тхо тешна ду, Халимовна йогIуш тоьхна яц и хан", - аьлла адвокато Бонцлер Марияс. Иштта, бакъонашIалашъяран "Мемориал" центре орца деха а дагахь ю адвокат.
Маршо Радионо дийцира Халимовн гIуллакхах лаьцна шуьйрра шен агIонехь. ГIуран-беттан 24-чохь лаьцнера 27 шо долу Халимов Айтахьаьжа, терроризм яржийна цо аьлла, бехкевина.
Иза хIуманна а бехке вац, я цуьнан Нохчийчоьнца цхьа а уьйраш яц бохуш, дIахьедора цуьнан гергарчара.
"И кIант Нохчийчохь вина ву, цунна тIом гина, цунах лаьцна хаа а лиъна. Йиллинчу сайта тIехь масех ролик гина цунна, Нохчийчохь хиллачу тIамех лаьцна. Ницкъболу Оьрсийчоь жимачу Ичкерина тIелеттера, цунна бомбанаш йиттира, амма дуьхьало латтийра нохчаша, аьлла ду цу тIехь. Историн контент хиларе терра, шен пена тIе схьаэцна Халимовс и ролик. Дудаевн биографи карийна полисхошна цуьнан телефонан чохь - иза а ду цунна дуьхаьл детташ", - дийцира Халимовн адвокато.