Нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона тIелатарца доьзначу гIуллакхца Швецерчу Евле гIалин кхело лаца кхайкхийна кхин а цхьа стаг. Еарин дийнахь кхелахоша сацам бовзийтина, шайн шеконаш йолу и стаг лаца, яздо "Кавказский узел" агенталло.
Чиллан-беттан 26-чохь дина и зулам бахьана долуш, хIинцале а лаьцна ву ши стаг: тIелеттарг а, цунна гIо динарг а, яздина ду Швецин къоман кхерамзаллан урхаллан сайта тIехь.
Цкъачунна хаамийн гIирсашкахь йоккхуш яц лаца кхайкхийначу кхоалгIачу стеган цIе.
Чиллан-беттан 26-чу дийнахь Швецерчу Евле гIалахь дира Абдурахмановна тIелатар. Официалехь йоцчу информацица, Оьрсийчуьра веана Мамаев Руслан ву иза динарг. Блогеро чIагIдарехь, Соьлж-ГIалара Iабдурахьман цIе йолу стаг ву киллер ваийтинарг. Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь Оьрсийчоьнан кхин ши вахархо а лаьцна Швецехь Абдурахмановна динчу тIелатарца доьзна.
Нохчийчуьрчу куьйгалхошна оппозицехь лаьтта блогер ву Абдурахманов Тумсо. Iедало шена тIе зуламаш хьерчо долийча битина цо шен даймохк.