ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехьа шпионаж лелорна ФСБ-но бехке вина полицин декъан хьаькам


Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин сервисо (ФСБ) лаьцна Курскан махкарчу кIоштан декъан хьаькам, цо даймахкана ямартло йина хиларна шеко йолуш, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. ЧIагIдеш ду, цо Украинин кхерамазаллин сервисе къайлаха болу хаамаш дIалуш хилла бохург. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло, ФСБ-н юкъараллийца уьраш латторан центрна тIе а тевжаш.

Лаьцначуьнан цIе а йовзийтина цу хаамехь. Иза ву полицин подполковник Борзенков Дмитрий. Цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна "пачхьалкхана ямартло яр" артиклехула. Билггала хIун хаамаш дIалуш хилла цо украинахойн лерринчу сервисашна дуьйцуш дац.

Схьадиллинчу хьостанаша дийцарехь, Борзенков ву Курскан махкарчу Золотухинан кIоштIан полицин декъан (ОМВД) хьаькаман ханна декхарш кхочуш дийриг.

Оцу кIоштахь вехаш ву 20 эзар гергга стаг, коьртачу декъана ярташкара бахархой. И кIошта Украинин дозанца Iуьллуш ю.

Украинехьа шпионаж лелорна ФСБ-но сих-сиха дIалуьйцу Оьрсийчоьно дIалаьцначу ГIирмера бахархой, шайна юкъахь эскархой а болуш. Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь цу тайпа хIума наггахь а бен ца хьулу.

Украинин агIор комментареш цкъачунна яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG