ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь нах байъар талла шаьш декхаре дац аьлла Кремло


Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий

Нохчийчохь кхел йоцуш нах байъарх "Новая газето" зорбане яьккхинчу информацин таллам шаьш бийр бац аьлла, дIахьедина Кремло. Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс бина и хаам журналисташка.

"ХIан-хIа. Суна хууш дац цхьана а жамIех. Ишта суна хууш дац оцу тIехула цхьацца гIуллакхаш лелийна аьлла а. Соьгахь бац цунах лаьцна хаамаш", - аьлла Песковс, таллам болиний аьлла, шега динчу хаттарна жоп луш, яздо ТАСС агенталло.

Президентан администрацехь берш дагахь а бац оцу тайпа талламбан, хIунда аьлча, "Кремлан Iалашо яц иза" аьлла, билгалдаьккхина Песковс.

"Новая газетан" хаамашца, 2016-2017-чу а шерашкахь Нохчийчохь лецна хилла иттаннашкахь меттигера бахархой байъина Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан ларми чохь. Тоьшалаш далийна журналисташа, полкехь полисхо лаьттинчу, лецначийн ха деш хиллачу Гезмахмаев Сулиманца йина интервью.

Газето информаци Iораяьккхинчул тIаьхьа царна дуьхьал информацин кампани йолийра Нохчийчоьнан Iедалхоша.
Беттан 18-чохь мехкан коьртачу шахьарахь дIахIиттийра Кадыров Ахьмадан полкан полисхой. Царех цхьаммо Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дIахьедира, шаьш журналисташна таIзар дийр ду аьлла.

Нагахь санна, газето дуьйцург харц делахь, кхеле довла аьалла, хьехар дира Кремло, шайга бинчу латкъамна дуьхьал.

Европан Кхеташонан адамийн бакъонашкахула йолчу комиссара Миятович Дуняс Оьрсийчоь декхарейина "сихонца, озабезам боцуш, йозуш йоцчу кепехь талла" Нохчийчохь, кхел а йоцуш, нах хIаллакбарх лаьцна "Новая газето" яржийна информаци. Журналисташа бина хаам "дегIе зуздоуьйтуш " бу, аьлла Миятовича.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG