ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроризмана гIо латтийна ву аьлла, набахтехь даккха пхи шо тоьхна дагестанхочунна


Ростов-ГIаларчу Къилбан гонийн тIеман кхело юкъарчу хьелашкахь йолчу колонехь даккха пхи шо хан кхайкхийна Дагестанерчу Агульскан кIоштарчу 25 шо долчу Аликберов Салимханна. Оьрсийчоьнан Зуламан кодексан "Террорхошна гIо латтор" аьллачу артиклехь иза бехкехилар тIечIагIдина кхело, яздо ТАСС агенталло.

Талламан версица а догIуш, 2015-чу шеран Лахьан-баттахь 1 105 сом дехьадаьккхина цо "Исламан пачхьалкх" шех олчу тобанхойн хьашташна.

  • Хьалхо Оьрсийчоьнан Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша хааме даьккхира, Дагестанерчу Меджидов Курбанмохьмадна ворхI шо тохарх, терроризмана ахчанаш латтийна аьлла. Къилбан гонашкарчу тIеман кхело бинера цуьнан хьокъехь таллам.
  • Москварчу тIеман кхело Къилбаседа ХIирийчуьрчу Гуев Георгийна а туьйхира набахтехь даккха ялх шо. Цунна бехке диллинера, Саситлинский Абу-Iумаран "Мухаджирун" исламан фонде 7 201 сом дахьийтар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG