ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Польшин дозанехьа дIагIерта мигранташ. Бала хьоьгу цара а, уьш сецочара а. (видео)


Беларуси - Мигранташ бу Беларусин а, Польшин а дозанехь. 8Лахь.2021
Беларуси - Мигранташ бу Беларусин а, Польшин а дозанехь. 8Лахь.2021

Радыё Свабода,

Беларусийн сервис

Лахьан-беттан 8-чохь социалан машанашкахула видеогайтамаш баьржина Польшин агIор дIагIерта мигрантийн тоба гойтуш. Беларусеру Гродно гIалех а, Брузги меттигах а чекхбевлла, дозанхойн гIарол лаьттачу кхаьчна Европехь баха лаам болу Азера нах.

Уьш тергалбеш, царна тIаьхьахIиттина лела Беларусан эскархой, полици.

Беларуси - Мигранташ, ха а деш, дIабуьгуш бу Польшин дозане, 08Лахь2021
Беларуси - Мигранташ, ха а деш, дIабуьгуш бу Польшин дозане, 08Лахь2021

Мигрантийн цхьа дакъа дозананна тIекхаьчна а даьлла, лаьтта кхидIа шега бойуш боцчу некъаца.

Беларусан дIахьедарш

Беларусерчу Дозанан комитетехь хаам бира иштта: «Карарчу хенахь мигрантийн йоккха тоба ю Польшин дозанехьа дIагIерташ. Польшин дозанхоша дуккхаза а информаци яржийна, шаьш и нах Беларусин дозанехьа юхакхийсина, аьлла. Польшерчу агIонна бен дацаро, адамалла ца тоаро бале хIиттийна мухIажираш.

Беларусин агIоно дерриг а до дуьненаюкъара зIенаш цахедийта, трасси тIехула дIадоьлхучу адамашна кхерамзалла латто».

Брузги юьртал дехьаваьлла, Польшин агIонехь нисвала таро яц гIашлочуьн. Инструкцино машенахь я автобус чохь хича бен ца магадо дозанал дехьавала.

"Сема бу" Польшин дозанхой

Польшин агIор латтачу гIароло тIаьххьарчу дийнахь-буса 222-зза юхатоьхна Беларусера шайн махка кхача, доза дохо гIертарш. Билгалдоккху, III легалехь воцчу мигрантанна омра дина Польшин лаьтта тIера юхавала. Арахьара чугIертачу наханна гIодарна Польшин ши вахархо а, цхьа украинахо а лаьцна шаьш, хаам бина Польшерчу дозанхоша.

Вуно гIоьртина хьал ду Польшин-Беларусан дозанехь. Мигранташ дехьа ца бовлуьйтуш, биллина латторал совнаха, Польшин пачхьалкхан урхаллаша Беларус бехкейо дозанехь провокацеш латторна.

Брузгина гергахь кIирандийнахь, Лахьа-беттан 7-чохь, вийна карийна Польшин дозалардархо. Толлуш ду бахьана. 7-чохь Iуьйранна карийна вийнарг цуьнан накъосташна, амма иза яц мигранташца доьзна хьал гIоьртина лаьтта меттиг, боху хьасташа. Салти хадеш а хилла иза вуьйчу муьрехь – кир дIасакхоьхьуш хилла. Польшерчу Люблин гIалин тIеман жандармерино толлуш ду хилларг.

Иштта кхечанхьа а…

Литуварчу delfi.lt портало, шайн пачхьалкхан дозалардаран урхаллин информацина тIе а тевжаш, хоуьйту Литуван дозанхоша Беларусера шайн махка гIертачу мигрантех 97 сацийна хилар. Боху, гуманитаран бахьанашца Литува пачхьалкхе ца кхачийтина стагга а.

ПIераскана Литуван эскархоша доза дохош сацийна 126 мигрант, шоьтан дийнахь – 98 … . Оцу кепара бу хаамаш.

Миграцин кризис - 2021 шо. Коьрта хиламаш.

2021 шеран Товбецан-баттахь Беларусин президента Лукашенко Александра дIахьедира, шайн пачхьалкханна дуьхьал санкцеш етташ хьийзачу Европе дIагIерта мигранташ ша кхин сецор бац, аьлла. Доккхачу декъанна Литува дIахьалхира мигрантийн тобанаша, Гезгмашин-беттан статистико бахарехь – Азера а, Африкера волу 4,2 эзар стаг.

Цул тIаьхьа гIоьртина хьал хIоьттира Латвин а, Польшин а дозанашкахь. Мигранцин и кризис луларчу мехкашкахь йолаелча, Литува а, Польша а дIахIоьттира Беларусица лаьтта шайн дозанаш пенашца къовла.

2021 шеран аьхка Литуван а, цул Iтаьхьа Латвин, Польшин а Iедалша шагдира шайн пачхьалкхан дозанаш хадорах долу низамаш, Беларусца лаьттачу кIошташка дозанаш чIагIдеш хьийсийра эскарш. Лукашенко во бехке Европан Цхьанакхетаралле хьалхинчу мигранташна аьтто барна.

Литувахь масийттазза, уьдуш, мухIажирийн лагерашка дехьабийлина мигранташ.

Польшин Iедало Гезгмашин-баттахь леца болийра мигранташна аьтто бех хуьлу бахархой. Нисло оцу нахалахь Европехь баха бакъо елла болу Польшера, иштта Беларусера, Азера схьабевлла мухIажираш.

Польшин премьер-министр Моравецкий Матеуш тешна ву Европан Бартанна дуьхьал «гибридан агресси» Минско ша ца йолийна, Москва а ю цуьнца бохучуш.

Польшин къайлахчу сервисийн координаторна векала Жарын Станислава Гезгмашин-беттан 27-чу дийнахь дIахьедира, лецначу мигрантех 20% Оьрсийчоьнца зIе йолу нах бу, тоьшаллаш а ду иза тIечIагIдан, аьлла.

Польшин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Каминский Матеуша дIахьедина, Белрусерчу дозанхоша кортош галбоху молханаш латтадо мигранташна, церан берашна, аьлла. Цо дийцарехь, лоьцучу мигрантех доьалгIа дакъа хуьлу Гергарчу Малхбалечу тIеман гIеранашкахь лаьттина я цаьрца уьйраш йолуш.

Европан Кхеташонан Парламентан Ассаамблеяно Гезгамшин-беттан 30-чохь «мигранташ тобанашкахь царна кхераме болчу мехкашка дIахьийсорн» бехкбиллира Латвина а, Литувана а, Польшина а. Амма документ толлучу комитето тIе ца ийцира миграцин кризис айарна Лукашенкон Iедална дуьхьал санкцеш яхар доьхуш Европарламенто дина дIахьедар.

ГIадужу-беттан 4-чохь Польшерчу дозанхошна Беларусан-Польшин дозанерчу Подляскан кIоштахь карийра оьккху коьчал. Оцу хиламна а Беларус бехкейо Варшавехь. Цо видеогайтамашца тоьшаллаш даладо Беларусерчу дозанхоша Польшин доха хадош мигранташна гIодеш хилар гойтуш.

ГIадужу-беттан 14-чохь Польшин Iедало бакъо елла шайн хьукматашна Беларусин-Польшин доза хадийна стаг юхахьажо.

ГIадужу-беттан 18-чохь Германин арахьарчу гIуллакхийн министра Маас Гайка дIахьедина: «Лукашенко ву легалехь боцу мигранташ дехьабоху пачхьалкхан маша коьллинарг».

Миграцин кризис йолаеллачу юкъанна Беларусан, Польшин, Литуван дозанехь вийна лаххара а 9 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG