ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн йоI 10 шо кхачарца декъалйина меттигерчу министраша а, ансамблша а, ницкъаллин структураша а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьрчу Iедалан лаккхарчу даржашкарчу наха инстаграмехь флешмобца даздина, республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоьIан Кадырова Ашурин 10 шо кхачар. Цунна тIе тидамбахна Кавказ.Реалиин редакцин. Йинчу денца Кадыровн йоI декъалйина "спецназан" полкан командира а, масех министро а, бюджетан хьукматаша а.

Шен йоIан юбилейх лаьцна "ВКонтакте"социалан машанехь яздина ша, республикан куьйгалхочо а, доьшуш а, кIуран Iамош а, денанна а, нянина а бахамехула гIо дарехь цуьнан болу кхиамаш билгал а бохуш.

ЙоI декъалъеш яздина кхечарца цхьаьна Нохчийчоьнан Iедалан гIандас Хучиев Муслима а, республикерчу парламентан спикера Даудов Мохьмада а, информацин министра Дудаев Ахмеда а, къинхьегаман а, Нохчийчоь социалан кхиаран а министра Баширов Усмана а, Соьлжа-ГIалин кIоштан куьйгалхочо Абазов Рустама а, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан а, Iедалан а гIуллакхийн урхаллин куьйгалхочо Шамилова Хьавас а, Кадыров Ахматан цIарахчу полицин спецназан полкан командира Оьрсийчоьнан турпалхочо Чалаев Замида а, Нохчийчуьрчу МВД-н бахаман а, сервисан а токхо яран Центран хьаькамо Сулейманов Романа а, Соьлжа-ГIалин Октябран кIоштан куьйгалхочо Исмаилов Русланбека а.

Флешмобах дIакхетта иштта Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а, Соьлжа-ГIалин Висаитовн кIоштан бахархойн социалан гIуллакхаш кхочушдаран комплексан центр а, ГТРК "Вайнах" а, пачхьалкхан фолклоран эшарийн а, хелхарийн а ансамбль "Нохчо" а, "Заманхо" ансамбль а, Соьлжа-ГIалин № 1 йолу клиникин дарбан цIа а, ТIехьа-Мартан кIоштан администраци а.

Церан тексташ тайп-тайпана ю, амма царна бухехь цхьаъ ду: йоIан тайп-тайпана похьмаш хестор, иза дешарца ларош хилар а, оьзда а догцIена а хилар а.

Лаккхарчу даржашкахь болчу Iедалхоша иза йинчу денца декъалйора хьалхарчу шерашкахь а. Амма цу хенахь зорбан гIирсаша яздора Кадырова Ашура 2012-чу шарахь ГIура-беттан 12-хь бохуш.

"ХIокху постийн хьовха, амма кхечу а кхутайпачу кхечу постийн а (масала, Кадыровна гIортор еш, цо цхьана агIор Сокуровца дIахьучу девнехь) цхьатера стиль хиларо гойтуш ду Кадыровн гонна, оьшуш хилахь, урхалладеш хилар цхьацца леррина билгалбаьхначу наха. Бу-дера цхьацца нах, иза шайн лаамехь деш а, амма уьш энтузиасташ бу, цуьнан гонера нах бац. Доцца аьлча, иза секта ю, шайн билггала низамаш а, декхарш а долуш, царах цхьаъ ду Кадыровн гергара нах декъалбар", - комментари йина оцу флешмобана, Кавказ.Реалиин дехарца нохчийн оппозицин 1ADAT боламан векло.

Жигархой тешна бу, цу тайпа дуккха а наха Кадыровн доьзалера а, гергара а нах декъалбар вовшахтухуш хиларх, цо ша хьахадой а, къобал дой а, цунна хазахета оцу наха шена шаьш "лайн амалан кепехь муьтIахь хилар а, ташаме хилар а гойтуш".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG