ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаьнатоьхначу Штатийн Сената сенкцеш кечйина Оьрсийчоьнан президентана Путинна дуьхьал


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Сенатерчу демократаша низаман проект кечйина Оьрсийчуьрчу лаккхарчу даржашкахь болчу Iедалхошна а, шайна юкъахь президент Путин Владмир а волуш, банкан структураш на а дуьхьал санкцеш кхайкхорах лаьцна, нагахь Москвано тIом болабахь Украинина дуьхьал. Цунах лаьцна хаам бо Радио Свобода зорбан гIирсо.

КIайн ЦIийно гIортор йинчу низаман проектах лаьцна хьалхо хаам бира The Washington Post газето. Документ кечдина сенаторийн тобано, шайн коьртехь дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула комитетан куьйгалхо Менендес Роберт а волуш.

"Оцу низаман проекто дукха дика кхетуьйтуш ду, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Сенат куьйгаш охьадехкина хиъна Iийра цахилар, Кремло шолгIа а тIамца Укранина дуьхьал кхерамаш туьйсуш а болуш", - дIахьедина Менендеса.

Нагахь Оьрсийчоьно агресси йина хIума хилахь Украинина дуьхьал, сенатошна хетарехь, дехака деза Путинна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка вар, болхбечура совцо цуьнан Америкехь йолу активаш. Цу кеппара дехкарш юкъадохур ду премьер-министрана а, арахьарчу гIуллакхийн министрана а, тIеман министрана а, ткъа иштта тIом болорна Вашингтонна бехке бу аьлла хетачу кхечу Оьрсийчоьнан Iедалхошна а. Санкцеш юкъаяха еза аьлла хета низаман проектан авторшна Оьрсийчоьнан президентан гергарчарна а, цуьнан уллерчу бизнесхошна а.

Документехь яздина ду Оьрсийчоь Украинина тIелетта 30 де далале Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан дезар ду Оьрсийчоьнан уггар йоккхах йолчу кхаа банкана дуьхьал санкцеш юкъаяха.

Оцу дехкаршна юкъадогIуш хир ду Оьрсийчоьнан пачхьалкхан арахьара декхар а, ткъа иштта "Северный поток-2" газан биргIа а.

Низаман проектехь аьлла ду, нагахь Оьрсийчоьно агресси яхь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн дезар ду Украинина тIеман гIо дар алсамдаккха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG