ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Санкцешна тIехула Нохчийчуьрчу бахархошка бошмаш дIайе аьлла Кадыровс


Кадыров Рамзан а, Даудов Мохьмад а
Кадыров Рамзан а, Даудов Мохьмад а

Нохчийчохь социалан машанашкахь аудиош яржийна, цу тIехь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедожийна бошмаш, латтанаш дIаде ялтех аьлла.

Берриг а дIасакхоьхьуьйтург ши хаам бу. Хьалхарчу ауди тIера аз тера ду вице-премьеран Усмаев ВахIитачух, шолгIаниг – парламентан куьйгалхочун Даудов Мохьмадчух. Карарчу беттан 2-чохь министрийн кабинетца а, Нохчийчоьнан урхалхочун администрацица а дIаяьхьначу кхеташонехь Кадыровс бинчу сацамах кхетош ву и шиъ: "Латтанаш дIаде, вай ваьш хила деза хIуъа кхиина а цхьа хIума кхиош, чуян хIума хир яц, мехаш хьаладевр ду", - аьлла Кадыровс кхеташонехь.

"Санкцеш, вайна ца хаьа, стенга кхачор ду цара, хIара юьхь бен яц хIинца а. Пачччахьо массаьрга а боху, шайн бошмаш, латтанаш дIаде. Яалуш йолу хIуъа а дIайе, хьаьжкIаш…Шайн дIаIотта ницкъ мел кхочург, кхиайе, даьсса латта ма дита. Вайна ца хаьа, хIара муха доьрзур ду1, - боху, Усмаевх тера аз долчо ауди тIехь.

ШолгIачу хаамехь, Даудовх тера долчу озаца боху, хIора кIоштахь кураторшка дIадерна тIехь терго латтайе аьлла, декхар тIедожийна Кадыровс: "ХIора юьртадас, тIедилла нахана бошмаш дIайер. Шуна тIехь ду оцу омрана тIехь Iуналла латор. ХIора кIоштахь таблица а хIоттош, схьахаийта, хIун дIайийна, мел йийна".

Белхазаллин рейтингехь Чиллан-баттахь 82-гIа меттигехь яра Нохчийчоь, 10,9 процент бахархой болх боцуш а болуш.

Зазадокху-беттан 3-чохь долларан мах 114 сом бу, еврон мах – 126 сом.

  • Украинан малхбалера сепаратистийн республикаш йозуш йоцуш хилар Москвано тIечIагIдинчул тIаьхьа, Чиллан-беттан 24-чохь Оьрсийчоьнан эскарш Украине чудигча, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евросоюзо а шога санкцеш юкъаехира Оьрсийчоьнна дуьхьал. Масех Европан политико цхьабосса дIахьедира, дозанаш деттаран тIаьххьара Iалашо – Москва дуьненан экономика юккъера дIаяккхар ду аьлла.
  • Оьрсийчоьнан ворхI банк: "Открытие", Новикомбанк, Промсвязьбанк, банк "Россия", Совкомбанк, "ВЭБ.РФ" а, ВТБ дIааяьккхина SWIFT финансийн системи юкъара. Цо новкъарло йийр ю арахьарчу кредитан организацешца чоьташ ярна.

ОЬРСИЙЧОХЬ ДIАКЪЕВЛИНА КАВКАЗ.РЕАЛИИ САЙТ. ЕША САЙТ КХУЗАХЬ

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG