ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ницкъахой байъарна таIзар динчу нохчочо арз дина бакъо йоцуш колоних шена изоляци ярна


Белгородскан кIоштара колони, 2019 шо. Гайтаман сурт
Белгородскан кIоштара колони, 2019 шо. Гайтаман сурт

Цхьа могIа шога зуламаш дарна хан токхучу Тангиев Тимура Чернокозовера номер 2 йолчу колонина латкъам беш Ноьвран кIоштан кхеле чуйеллачу искехула бина сацам Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело юхабаьккхина. Цо арз динера, колонин куьйгалло "кхерамзалла Iалашъярца" бохуш, бертаза кхечу тутмакхех дIахадийна ша аьлла.

Документашца а догIуш, "кхерамзаллин меттиг" бу гIуда туху изолятор йа камерех тера йолу кхечу контингентех дIакъастийна чоь

Шен искехь Тангиевс билгалдоккху, ша кхечарех дIакъастош хIоттийначу рапортана "аьттехьа а реза ца хилар", хIунда аьлча, цунна тIехь "шайггара кхоьллинарг а, моьттург а ду", "мотиваци ца йина, цу тIехь яц факташ а, оперативан-лехаман барамийн жамIаш а".

ГIуллакхан материала тIехь ду, Тангиев дIакъастийна "харцахьа йолчу тобанийн лидер а, жигара декъашхо а хиларна, кхечу нахана вон масал гойтуш хиларна, ша шена тIе куьйгаш дахьа тарлуш хиларна цо, чуьра низам даим талхош хиларна, администрацин векалшна а, бакъоларъяран кхечу белхахошна а тIелетарш дарна". Эххар а "кхерамзаллин меттиге" дехьаваьккхина иза 30 дей-буьйсий даккхийта, оцу юкъанна документа тIехь тутмакха яздина куьйг дац.

Колонин куьйгаллин сацам нийса бу аьлла, Нохчийчуьра Ноьвран кIоштан кхел реза ца хилла Тангиев Тимуран иск къобалъян. И сацам юхабаьккхина апелляцино, хIунда аьлча, административан гIуллакх листинера, таIзардинчо лелар къуьйсучу ИК-2 колонин белхахошка хеттарш а ца деш

2003-чу шеран Чиллан-баттахь Соьлжа-ГIалара вахархо а, ши милцо а вийна, бандиталла, талораш лелийна, герз лачкъийна аьлла, бехкевинера хьалхо Тангиев Тимур. 2004-чу шарахь кхело чохь даккха 24 шо хан кхайкхийра цунна, гIуллакх юхатоллучу хенахь 21 шаре охьаяьккхира хан. ХIетахь адвокато чIагIдора, бехккъасторхоша озабезамашца листина, ткъа цхьа могIа тешаша билгалдоккхура, цунна бехке дохку зуламаш дина бохучу заманчохь Тангиев кхечу меттигехь вара бохуш. 2013-чу шарахь ЕСПЧ-кхело 45 эзар евро кхачийра цунна талламаш дIахьочу хенахь тIехь гIело латтийна аьлла – лаьцначо дIахьедора, ницкъахоша йиттира шена, шен дегIа тIехь цигаьркаш дIайойура, ток йоеттийтира бохуш. Цо чIагIдо, бехкаш тIелаьцна ша, шена тIехь Iазап хьегийтича аьлла.

  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.
  • Гезгамашин-беттан 26-чохь бакъоларъяран "Iазапашна дуьхьалояран Командо" "Арифметика пыток" аьлла рапорт арахийцира Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахула долчу хьолах. Бинчу талламашца а догIуш, Къилбаседа Кавказ ша цхьаъ бен йоцу регион ю, масех шарахь шайгарчу бакъонел совбуьйлуш, ницъбинчу ницкъахойн хьокъехь цхьа а таIзар ца кхайкхийначех.
  • Басаев Шемалан тобанехь тIемалой хиллачу шина декъашхочунна таIзарш кхайкхийра Веданан кIоштан кхело – велла дIаваллалц чохь вита хан тоьхначу Ставрополан вахархочунна Понарьин Максимна а, 15 шо тоьхна хиллачу Кхарачой-Чергазийчоьнан вахархочунна Атуов Рашидна, и ший а бехке лерина федералхойн дахарна тIекховдарна. Шинна а 12,5 шераш кхайкхийна.
  • Велла дIаваллалц набахтехь таIзар такха кхел йинчу Ражаев Мансура Оьрсийчоьнан финансийн министралле кховдийна иск ах къобалйира Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело, низамечу хенахь цуьнан кхелан гIуллакхах йистъяьккхина цахиларна. ГIаттамхо лаьттинчо шена динчу зенна дуьхьал 300 эзар сом тIедожийнера, кхело иттозза лахбира оцу ахчанан барам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG