ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу "Къоман гуламехь" хаавелла Кадыровн экс-критик


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь
Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна кIоршаме критика йарца гIараваьлла волу блогер Магомадов Сайд-Хьусейн хаавелла зазадоккху-беттан 23-хь Соьлжа гIалахь хиллачу "къоман гуламехь". Iедалхоша дIахьочу гуламан делегатех цхьаъ ву Магомадов. Йоккхачу залчохь Iаш гуш ву иза, цуьнан суьрташ гайтарца дуьйцу Iедална оппозицехь йолчу Niyso телеграм-канало. Социал-машанашкахь республикан лакхарчу хьаькамашца гуламехь цо даьхна суьрташ а ду.

Даймахкал арахьа беха Кадыровн критикаш кху тIаьхьарчу 15 шарахь кадыровхоша лохуш а, бойуш а лаьтта. Ткъа церан гергарнаш республикерчу Iедалхоша сих-сиха репрессеш йеш, хьийзабо. Бехха цхьа могIа бина, дIахIитна Европерчу пачхьалкхашкахь Кадыровн полит - оппоненташ байаран масаллаш.

2021-чу шарахь Магомадов Сайд-Хьусейнна тIелата бина кечам шаьш сацор дIахьедира Австрерчу прокуратуро. Дийцарехь, иза Iачу Брегенц гIалахь и эккхийта лерина хиллера зуламхой. "Цара санна (гергарчарна) кхерамаш туьйссу, сан диъ шо долчу вешин йоIана логах урс хьокхур ду шаьш бохуш, элира Der Standard - гIирсе цу хенахь Магомадовс.

2020-чу шеран гIадужу баттахь дохковолуш къамел ша дийр дац блогеро аьллачул тIаьхьа, Нохчийчуьрчу гергарчара Магомадовна наьIалт кхайкхош видео-къамел дира. Гуш дара, царех хIорамма республикан Iедалхошна йо критика сацайе бохуш.

Магомадов Сайд-Хьусейнан Нохчийчуьра Iедалца долу гергарло маца таделла, хууш дац. ХIинца социал-машанийн агIонашкахь маьршачу Ичкерин агIора болучеран критика йеш ву иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG