ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сийлахь-йоккха лору шайн пачхьалкх ах Оьрсийчуьрчу бахархоша


Оьрсийчуьрчу бахархойх ах декъана хета Оьрсийчоь "сийлахь-йоккха пачхьалкх" ю аьлла. Цунах лаьцна хаам бо юкъараллана хетарг толлучу ерриг Оьрсийчоьнан центро (ВЦИОМ). 2017-чу шарца буьстича, и гайтам лахбелла. Цу хенахь Оьрсийчоь "сийлахь-йоккха" "держава" олу пачхьалкх хетачу нехан терахь дара 57 процент.

Оьрсийчуьрчу бахархойх кхоалгIа дакъа тешна ду Оьрсийчоьнан Федераци гергарчу 15-20 шарахь кху дуьнентIехь йолчу коьртачу пачхьалкхех дIакхетар ю бохучух. Иза иштта ца хетачу нехан терахь ду 11 процент.

И нах схьаэцча, 16 процент царах кегийрхой бу, 18-24 шераш долу. Цу тайпачу нехан терахь Москох а, Петарбухехь а ду - 17 процент. Кхин 17 процент нах бу царах дахарехь халонаш хьоьгурш.

Оьрсийчоь дерриге дуьненна ницкъ болуш хетаран коьрта билгало ю, Оьрсийчуьрчу бахархошна хетарехь, уггаре хьалха цуьнан арми (26%), халкъ (22%), мехкан президент (17%).

Оьрсийчоь онда пачхьалкх хуьлуйтучу факторшна юкъахь хьахийна респонденташа цуьнан йозуш йоцу политика а, маьIданаш а, тIех йоккха территори хилар а, кхин дерг а.

Оьрсийчоьнан махкахошна хетарехь, кху тIаьхьарчу 10-15 шарахь хилла коьрта кхиамаш бу Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш чIагIбалар. Иза билгалдаьккхина хIора 5-чо ала мегар долуш (18%).

Кхиам хета оьрсашна ГIирма юхаерзор (12%), Сочехь 2014-чу шарахь Iаьнан Олимпиада дIаяхьар (8%).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG