ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъоларъярхочун нана нуьцкъаха Нохчийчу дIайигаран хьокъехь Оьрсийчоьно ЕСПЧ-нна бух ца балийна


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Нохчийн бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана Мусаева Зарема дIайигарх лаьцна Европан адамийн бакъонехула йолчу кхелан (ЕСПЧ) хеттаршна жоьпаш делла Оьрсийчоьно. Ткъа "Iазапашна дуьхьало латторан Комитетехь"(КПП) Кавказ.Реалиига дийцира, оьрсийн Iедалхоша зуда дIалацаран хьокъехь бух ца балийна, аьлла.

"ЕСПЧ-но тхуна схьахьажийна Iедалхойн жоьпаш, царна юккъехь Зарема дIайигаран бух балош цхьа а информаци яц, иштта дуьйцуш дац, теш санна дакъа лоцуш ю, бохучу оцу бехктакхаман гIуллакхе иза стенна ийзайо а. Цуьнан могушаллех лаьцна а дац цхьа а документ", - дIахьедина бакъоларъярхоша.

КПП-н куьйгалхочо Бабинец Сергейс бахарехь, комитетан юристаша Чиллан-беттан 10-гIа де тIекхачале дуьненаюкъарчу кхеле оцу хьолах лаьцна шайн хьежамаш бийца беза, Оьрсийчоьно деллачу жоьпана комментари яла а еза.

"Iазапашна дуьхьало латторан Комитета" латкъам бира ЕСПЧ-га Дечкен-беттан 21-хь, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Кхелан регламентан 39-чу Низамна тIе а тевжаш, чубеллера латкъам, и низам лерина ду адаман дахарна а, могушаллина а тIехIоьттина, юхатоха йиш йоцу зен хила мегачу чолхечу хьелашна. Цуьнца а догIуш Страсбургерчу кхело Оьрсийчоьне масех хаттар хьажийра, Iедалхошна жоьпаш дала ши кIира хан а луш.

Хьалхо бакъоларъярхоша дIахьедира, Мусаеван гIуллакхах хенанйохалла хIун хир ду Оьрсийчоьно деллачу жоьпаша гойтур ду, аьлла.

  • Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьра полисхой ду аьлла нах, Нижний Новгородерчу ЯнгулбаевгIеран хIусамчу лилхира. Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхна тIехула тешашка санна, цаьрга хеттарш дан деза аьлла, бертаза Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а Нохчийчу схьадаладе аьлла, девзина доцу кехаташ дара цаьргахь. Янгулбаев Сайдин оцу хеначохь суьдхочун статус хиларна, цуьнан зуда бен ца йигина дIа – иза шен петар чуьра тIе бедарш ца йохуьйтуш, йа молханаш схьа ца оьцуйтуш нуьцкъаха дIайигира (зуда диабетах бала хьоьгуш ю).
  • Соьлжа-ГIала схьа ма кхаччара Мусаева 15 денна-буьйсанна дIалецира, полисхо сийсазварна бехке а йина. ТIаьхьо цунна доьхьал бехктакхаман гIуллакх даьккхира – цара дийцарехь, иза нуьцкъахочунна тIелетта. Таллам боьдучу юкъанна кхело шина баттана СИЗО чу йоьллина зуда.
  • Мусаева Зарема лачкъийна ши кIира даьлча бен цунна тIекхача аьтто ца белира адвокатан – хIинццалц юристаш изоляторна чу ца буьтура, тIаьхьо адвокатийн гIоьнах дIахедаш Заремас куьгяздича санна кехат гайтира. Амма шен цхьанакхетар хилча цо тIечIагIдира ша и кехат яздина ца хилар, иштта цо тIе ца лецира шега кхийдон бехкаш а. Адвоката бахарехь, Мусаевана лоьрийн дарба оьшу.
  • Кадыровс а, цуьнан гонара наха ЯнгулбаевгIарна биллина кхерамаш тийсира, ткъа Соьлжа-ГIалахь царна дуьхьал митинг хIоттийра, хаамийн гIирсаша бахарехь, цига схьагулбинера бюджетан белхалой. Кремл реза ца хилира оцу гIуллакхна юкъа гIорта, амма регионан куьйгалхо Оьрчийчоьнан президентаца Чиллан-беттан 3-хь цхьанакхеттачул тIаьхьа Кадыров Рамзан а, цуьнан гонера нах а ца хIутту ЯнгулбаевгIеран цIераш яха.
  • Чиллан-беттан 7-чохь оппозицин политико Яшин Ильяс Кадыров Рамзан даржера мукъаваккхар президентан Путин Владимирна тIе а дожош онлайн-петици хIоттийра. Цхьана дийнахь петицина бух вазвелла 100 эзар сов Change.org платформан пайдаэцархой. Кремлехь дIахьедира, шайна иза дош ца хета, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG