ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нахалахь йоккху цӀе цIанъян гIортар"


Google-ан коллаж. Роскомнадзор динозаврца.
Google-ан коллаж. Роскомнадзор динозаврца.

ХIун шеко кхуллу "Роскомнадзоран белхахочуьнан дийцаро"?

Оьрсийчуьрчу бахархоша социалан машанашкахь дийцаре деш ду "The Village" зорбанан гIирсо кху беттан 26-чохь арахецна "Роскомнадзоран белхахочуьнан дийцар", яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

ЦIарца вуьйцуш воцучу цу урхаллан векало дуьйцу шен балхах а, Роскомнадзоран белхахошна юкъахь лаьттачу хьолах а лаьцна.

Цо харц до Роскомнадзоран белхахой шайн гIуллакх хууш бац бохург. Авторо дийцарехь, и урхалла Iедалан хьукматаша бина сацамаш кхочушбаран орган ю, шен лаамца сайтана блок хIоттор хьокъехь сацам беш йоцу. Мелхо а, уьш сайтан долахошца дагадовларш дIадахьа гIерта, уьш дIакъовлале хьалха.

Цу стага яздинарг дешначарна цуьнан чулацамехь гина, цIарца вуьйцуш воцчу стеган интервью ю а бохуш, Роскомнадзор шен цIе цIанъян гIертар.

The Village-хь арахецначу монологехь Роскомнадзоран белхахой гойтуш бу Москох беха могIарера кегийрхой санна. Цу материалан коьртачу турпалхочо дийцарехь, цу урхаллехь болх беш бу юккъерчу барамехь 30-35 шераш долу кегийрхой.

Уьш лела Москох модехь йолчу барашка, церан Iалашо яц "интернетана блок хIотто". Цу белхахоша кхочуш дийраш ду куьйгалхойн омраш, ширачу компьютершца болх а беш, "юккъерчу Iедалан белхахочуьнан алапа" а оьцуш.

The Village-ан цIе хьулйинчу къамелхочо дийцарехь, Роскомндзоро къийсам дIахьочу Telegram-на тIехIиттинчу наха дуьйцург лортIехь дац, цу мессенджеро "низамо бохург кхочуш деш ца хиларна".

Дуккха а и материал ешна нах шеко йолуш бу и автор баккъалла а ву бохучух. Цо дуьйцучу къамелехь факташца доьзна дуккха а гIалаташ ду, иза арахеца кечйинчу The Village зорбанан гIирсан редакторшна а гина долу.

Масала, авторо яздо Оьрсийчохь цхьанна а таIзар ца до цара цхьацца сайтийн адресаш даржор бахьана долуш, ткъа Zello интернет-рацина блок хIотторо пайда беана бохуш.

Социалан машанашкахь комментареш йитина нах уггаре а чIогIа белийнарг ду цхьа хIума. Роскомнадзоран белхахочуьнан лергех йоьхкинчу ладугIургийн серан юхьиг чуйоьллина ю "процессаран тIехьарчу пенах" бахар а, "ненан платана тIехь жима чип" ю а аьлла яздар. Гарехь, дуьйцург ду системан блокан тIехьара дакъа – процесаран цхьа а тIехьара пен а бац, ненан платина тIехь цхьа а жима чип а яц.

Цундела "Роскомнадзоран белхахочуьнгара эцна интервью" социалан машанех пайда оьцучу нахана хетарехь, баккъалла а ю бохуш нах Iехош оццу Роскомнадзорехь язйина ю, нахалахь дика цIе ца йоккхучу цу Iедалан структуран васт тодан Iалашо йолуш, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Кхузахь ала деза, Роскомнадзоро шуьйра къийсам дIахьочу нахана юкъахь хилар, сих-сиха цу урахлло хьехош волу, нохчийн эшаршлакхархо Муцураев Тимур.

Роскомнадзоро йихкинчарна юкъахь ю иттаннаш цуьнан эашарш. Уьш бахьана долуш, иттаннашна Нохчийчуьрчу бахархошна гIуданаш диттина республикерчу кхелаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG