ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Футболан чемпионатехь шпионажах а, дIаьвшах а кхоьру Малхбузера Iедалхой


Британерчу шпионаш зIе латтош лелийна аьлла Оьрсийчоьнан телевизинехула гайтина тIулг.
Британерчу шпионаш зIе латтош лелийна аьлла Оьрсийчоьнан телевизинехула гайтина тIулг.

ТIейогIучу аьхка Оьрсийчу футболан чемпионате боьлхучу немцойн спортхошна дехка мегаш ду шайца смартфонаш я кхинйолуэлектронан гаджеташ яхьар. Модернечу зIелелоран гIирсашна метта царна тIедожон там бу мобилан телефонаш юккъеевллачушерашкахь лелош хилла йолу халкъалахь «фонарик» олу телефонаш шайца яхьар.

Цаьрца интернете ца валало дела. Бахьана ду немцойн Iедалхойн шеконаш ю, футболан чемпионате баханчу спортхошна а, спортъезархошна а тIехь оьрсийн къайлахчусервисаша шпионалла дан мега аьлла. Къаьстина иза хьакхалуш ду муьлха а немцойн хьукматехь болх беш болчу Iедалан белхахойха.

Журналистийн каракхаьчна Iедалхоша футболан чемпионатан муьрехь Оьрсийчу баха кечлучу нахана язъйина инструкци. «Оха шун тидам тIебохуьйту, смартфонаш а, электронан девайсаш а шуна тIаьхь шпионаж яран гIирсаш хила там бу. Цундела уьш Оьрсийчу чемпионате ца яхьар гIолехь ду», - иштта яздина ду документа тIехь.

Оьрсийн къайлахчу сервисех кхера кхин цхьаъ бахьана карийна немцойн Iедалхошна. Лерина футболан чемпионатан хьешашна аьлла Москохано юккъедаьккхина долу Fan ID шех олу документ ду иза. Цу билетаца футболан фанатийн матчашка кхача а, мехаза цIерпошта билеташ эца а, ур-атталла виза а йоцуш дозанал арахьара Оьрсийчу кхача а бакъо ю.

Бакъду, цу бакъонан мах сов лакхара лору немцойн леринчу сервисаша. ХIунда аьлча Fan ID карта дезачо шех лаьцна шуьйра информаци дIаяла еза оьрсийн Iедале. Информаци хьакхалуш ю стеган цIарах, винчу а, вехачу а меттигех, ур-атталла цуьнан емайл-адрессах а, мобилан телефонан лоьмарх а. Ткъа иза, немцойн полицин инструкцино чIагIдарехь, кхераме ду оццу шпионажан бахьанашца.

Германин Iедалхойххила ца Iа тIейогIучу футболан чемпионатан хьокъехь гIайгIане. Британерчу хаамийн гIирсаша чIагIдарехь, Оьрсийчу чемпионате боьлхуш болчу цу махкарчу спортхоша шайца шайна юург хьур ю, оьрсийн къайлахчу сервисашка шайн дIавш ца даадайтархьама. Сурсател сов Британерчу футболхойн тобанца чемпионате гIур бу кхача кечбеш берш а. Ткъа иштта юург дIавш тоьхна ю-яц толлуш болу говзанчаш а.

Британехь Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана а дIавш дарца доьзна цу махкарчу футболхойн тобан кхерамазалла лакхаяккхар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG