ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхиамашца шайн дика цIе йоккхуьйту Францерчу вайнехан бераша


JSK клубан къона спортхой.
JSK клубан къона спортхой.

Атта дац даймахках а ваьлла, хийрачу махкахь дIатарвала, керлачу мехкан мотт бовза, дешар а, болх-некъ а нисбан.

Амма киртигех чекхдийла Iеминчу нохчийн къомана керла дац тIехIиттина халонаш лар а, дикане кхийдар а. Европерчу вайнехан бераша кхиамаш боху дешарна тIехь а, спортехь а. Охьатохарах латаран спорт шуьйра яьржина ю Францерчу вайнахана юккъехь. Къаьсттина оцу спортан декъехь нохчий а, гIалгIай а дукха хиларх лаьцна а, цара бохуш болчу толамех а сих-сиха хьахадо Францин хаамийн хьостанашкахь.

Спортан тайп-тайпанчу тIегIанашкахь дуьненан чемпионаташкахь толамаш баьхнарш а бу Францера вайнахана юккъехь, царах цхьаъ - охьатохаран латарехь дуьненан чемпион, Ниццехь вехаш волу Хаджиев Зеламха а волуш. Иштта вайнехан тренераш а бу Францерчу латаран клубашкахь бераш Iамош, Ниццехь а, Страсбургехь а, кхийолчу гIаланашкахь а.

Лахьан беттан 25-чохь Францехь Альзас латтан Лахара-Рейн департаментан охьатохарах латаран къийсадаларш дIадаьхьира Шильтигайм цIе йолчу гIалахь.

Йоху хеза цIерш вайнехан ерш йолуш, шен цIахь волуш санна ойла кхоллалора, бохуш дийцира цу къийсадаларшка вахначу Страсбургерчу вахархочо Акаев Ахьмада:"Сих-сиха хезаш хуьлу Европера мехкашкара вайнаха ( бераша а) спортехь толаме меттигаш яьхна, бохуш. Кхузахь тахана хьайн цIахь волуш санна хетало, йохуш йолу цIерш а вайнеха ю дакъалоцучеран.

Арбитраш а вайн кегий нах бу кхузахь хьалакхиъна болу, спортах шайн некъ а бина схьабогIуш болу. ЧIогIа самукъне ду иштта вайн кегий нах кхиамаш а бохуш дIагIерташ болуш. Дала тIаьхье беркате йойла, аьтто а бойла."

Шильтигайм гIалахь хиллачу департаментан чемпионатехь хьалхара меттиг яьккхира цу меттигера "Олимпиа" цIе йолчу латаран клубо. Цу клубехь дукхахдерш вайнехан бераш ду.

Оцу чемпионатехь дакъалаьцнарг верриге а 97 спортхо вара. Цара яьккхинчу 67 толаман меттигах дуккха а яра вайнеха бераша яьхнарш.

ШолгIачу меттехь яра JSK цIе йолу Муса Авайсов тренер волу клуб, юккъехь дерш, массо а аьлча санна, вайнехан бераш долуш.

Цу клубера берех, массара а аьлча санна, совгIатан меттигаш яьхна, аьлла дийцира тренеро Авайсов Мусас:"JSK клубера 16 бер дигнера чемпионате. 7 хьалхарниг, 5 шолгIаниг, 3 кхозлагIниг, I йоьалгIаниг меттигаш а яьхна цара. Цхьаъ воцчо массара а мидалш яьхна вайн бераша."

Хаза кхаъ хуьлий тIеоьцу Европерчу нохчаша а, гIалгIаша а вайнехан цIе бераша, вочу агIор а ца йоккхуьйтуш, дикачу агIор, юьхькIам болуш, къоман сий айдеш яккхийтар. Политикийн мекарлонаша вайнахана хIинццалца схьа тIехьекхна йолу нехаш дIайохуш ду, ала мегар ду спортехь а, дешар тIехь а Европехь кхиамаш бохуш долу вайнехан бераш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG