ТIекхочийла долу линкаш

Ца лаахь а, лууш санна... футболе хьажа


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала, "Ахмат-Арена", 17Заз2013

Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала, "Ахмат-Арена", 17Заз2013

Соьлжа гIалахь «Оьрсийчоь-Румыни»  доттагIаллин футболан матч хила езаш ю тахана. Оцу ловзаран хьокъехь спортан министараллин хьостано гIарбаьккхина хаам ишта бу: «Дерриге билеташ доьхкина девлла.

Церан мехаш 100 туьманна тIера 500 соьме кхаччалц бу. Буьрканан майданахь кхерамазалла ларьеш хир ву 2 эзар ницкъаллин структурийн декъашхо. Пачхьалкхан коьрта команда кхузахь ловзар дуьххьала нислуш ду.

Цу матче кхача луурш Iаламат дукха бу. Лула-куларчу мехкашкара а алссам хьеший,хьовсархой бахка тарло Соьлжа гIала». Ишта хаам дIасабаржийна кхузахь хиндолчу цхьаьнакхетар хьокъехь.

Оцу матчах а, махкахь дIа мел хьучу кхечу ловзарех а ма-дарра аьлча,бакъдерг ишта хир дара: дерриге билеташ массо Iедалан хьукхмат-урхаллашка, ишколашка, дарбанан цIийнашка, массо тIегIан доьшийлашка дIасадекъна.

Церан куьйгалхой декхарийла бина «Оьрсийчоь-Румыни» ловзаре публика кхачо а. КIоштан хьаькамашна хьалххехь дуьйна хууш ду шаьш мел хьовсархой кховчо беза «Ахьмад-Арена» стадионе.

Юккъерчу барамехь аьлча уьш жоьпалле бу эзар стаг цу матчехь шен кIоштера хилийта.

Мел баккхийбебо Соьлжа гIала спортан гIишло-майданашка а, тайп-тайпанчу гуламашка,концерташка хьовсархойн даржехь кхочуш болу бахархой? Цу хеттаршна жоьпаш карадо аьлла хета,сан юьззина цIе йоккхийла доцчу Новр кIоштерчу вахархочуьнца Асланаца нисделлачу къамелехь.

Аслан: «Шинарин дийнахь футболехь хила дезаш ду. Лаьий ца лаьий бохург дан а дац. Хила деза аьлла тIедиллина ду. Тхуна-м яц и доттагIаллин матч,ницкъаллин ю-кх. Цигахь цу шийлачу гIанташ тIехь хиъна Iа дезар ду-кх новкъа. кху йоккхачу пачхьалкхехь кхин меттиг яцара те кхузахь ца йича аьлла дог даьттIа а ду тхо.

Машен а оха тхаьш лаца еза. Цигахь стадионехь дерг а мА дац лартIа. ЦIера ехьна юург,мерг чу а ца йохьуьйту. Цу чохь массо хIума еза мА ю. И стадион ечу хенахь чIогIа хаза а хетара,хIинца-м бале яьлла тхуна иза. И «Терек» хьахийча а ца мегачу даьлла-кх тхан гIуллакх. Массо меттиге кхачош ду-кх тхо!

Концерташ,циркаш,дельфинареш,колизейш. Мичахь дац тхо? Тхан кисана гIертачуьра бевр бац те аьлла Делан дикане са-м туьйсу оха. И тхуна луш йолу кепекаш дIаийзо-ш лаьтташ ю-кх».

Вовшах дага а девлла, хьаькамашка ала ца мега, тхо оцу ловзаршка дуьгуш хилча шайн чоьтах мукъа а дигахьара?

Аслан: «И хIумнаш дийца йиш яц. И дийцахь балхах а вер ву. IадIар гIолехь ду. Кхин белхаш дан ма дац. Нийсо, бакъо юьйцу меттиг яц хIара. ДIалаьлланий! БIе-е-е бохуш, дIавахчахьана ваьлла-кх хьо».

Iедалан белхошна маьхькIамхоша бечу тIеIаткъамах дийцинчу Асланна хетарехь махкахь цхьа ловзар,гулам,муьлхха а цхьаьнакхетар дIадоьрзуш дац ца лаахь лууш санна,нах цига дIа а ца узуш.

Цундела хьал ца хуучунна моттало боху Аслана, ирсенах,токханах дуьзна адам шен лаамехь цу синкъерамашка леста. Цунна гергахь иза буххера дуьйна а харц, Iехаме хетарг ду.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG