ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасавюрт-кIоштан куьйгалхо юьхьарлаьцна Кадыровс


Нохчийчоь - Кадыров Рамзан, Дечк12, 2014
Нохчийчоь - Кадыров Рамзан, Дечк12, 2014

​ Хасавюрт-кIоштан куьйгшалхо емал веш дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Иза бехке веш ву цо коррупци лелорна а, наркотикаш яьржорна а, тIемалойн боламна гIо дарна а.

ХIинццалу цу тайпа емал деш къамел луларчу Дагестанна дина дацара Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цуо динчу дIахьедарна терго ян хьакъ ду низамхойн, хIунда аьлча, цхьан даржхочо бехке веш ву кхин даржхо, цуо луьра низамаш дохош ду аьлла. Хасав-юрт кIоштан куьйгалхо Умаханов Сайгидпаша а, кIошта полицийн хьакам а бехке вира, цара коррупци яржош хиларна.

Оцу кIоштера йогIуш ю аьлла хета Кадыров Рамзанан Нохчийчу наркотикаш а, корта бахош кхийолу хIума а, герз а. Оцу кIоштехь Iедалш ледар хилар бахьанца, цуо бахарехь тIемалошца болу къийсам ма хетта дIахьош бац. Иштта, Кадыров Рамзана билгалдаьккхина Хасав-юрт кIоштан куьйгалхочуьнна уллера гергар стаг тIемалойн боламехь эмир хилар.

Хасав-юртахь бехаш болу нохчий тIетов Нохчийчоьнан Iедалан гIента дас дуьйцучуьнна. Оцу кIоштера цхьана оьвларчу ишколехь хьехархо волчу Салавдис иштта элира Маршо радиога.

Салавди: «Рамзана ма бохху ду иза. ду дера. Коррупци йолу дукха хан ю. Ша дIахьедар деш ма элира цуо, Хасав-юртахь, цхьа эккхийтина аптека яра наркотикаш юхкуш йолу. Нохчийчуьра баьхкинчарний бен юхкуш а ма яцара цара иза. Дагестанхошна юхкуш яцара. Наха сагатта до оцу хIуманна. Цхьа а некъ бац табеш, дарбан хIусамаш а яц. Ша ерг йохийна ю».

Хасав-юрт кIоштан Iедалша, шаьш долчохь экономикан кхиамаш ца хилар бахьан, уллехь Нохчийчоь ю аьлла инвесторош ца боху аьлла. И хIума гуттара а ца тайна Нохчийоьнан куьйгалхочуьнна. Кадыров Рамзана дина долу и дIахьедарш республикан низамхойн урхаллийн куьйгалхошца хиллачу цхьанакхетарехь дара.

Царна тIедожийна цуо, къаьстина Гуьмса а , Ножай-юрта а кIоштийн полицийн дакъошна, Дагестанца долчу дозанехула дIай-схьай лелачу нахана беш болу талламаш чIагIбан беза аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG