ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кавказера хьал дуьйцуш керла документ кечдина "Мемориало"


Оьрсийчоь -- "Мемориалан" бакъонашларйон вовшахтохараллан кхеташонан декъашхо Орлов Олег. 2011.

Оьрсийчоь -- "Мемориалан" бакъонашларйон вовшахтохараллан кхеташонан декъашхо Орлов Олег. 2011.

Москох «Мемориалан» офисехь довзийтина бакъонашларъярхоша кечдина Къилбаседа Кавказера хьал дуьйцу рапорт. Цуьан цIе ю «Кхо шо «тийналлехь» аьлла. Иза довзуьйтучу зорбан конференцехь дакъалоцуш хиллачу Мемориалан кхеташонан декъашхочо Орлов Олегага дийцира Маршо Радионе шаьш кечдинчу бюллетенах лаьцна.

Мемориало кечдина документ лаьтташ ду 512 агIонах. Цу книган 16 дакъа ду. Царах 13 ду Къилбаседа Кавказерчу хьолана хьажийна. Мемореалан белхахоша 2009-чу шарахь дуьйна 2012-шо кхаччалц – кхаа шарахь – бинчу белхан жамI ду иза.

Документан авторш а, иза хIоттийнарш а бу бакъонашларъярхо Верный Григорий а, "Мемориалан" кхеташонан декъашхой Орлов Олег а, Черкасов Александр а.

Орлов Олег «Йовха меттигаш» цIе йолчу конфликташ йолчу меттигашкара хьал тидамехь латточу программан куьйгалхо ву. Цо дийцарехь, Къилбаседа Кавказера хаьл дIанисделла аьлла билгалдаьккхина ду Оьрсийчоьнан Iедалша. Цара чIагIдарехь, шо шаре мел долу а лахлуш ду цу регионехь Iедалан векалшна деш долу терроран тIелатарш. Амма ма дарра долу хьал кхечу кепара ду аьлла хета Орлов Олегана.

Орлов Олег: «Терроран тIелетарш дуьйцучу статистикица мекарлонаш лелайо Iедалша. Цхьа кхетам бу терроран кепехь долу зулам аьлла. Важа кхетам бу теракташ аьлла. Цара даиман а ловза до и дешнаш. Цара тероран тIелетарийн терахь лахделла аьлча хийцаделла хIума ца хуьлу. Цара цхьамогIа террорахоша деш долу зуламаш кхечу бекх-такхаман кодексан артикалшна юкъадетта.

Иштта цу кепара кехатах ловзар ду дIахьош, терроран тIелетарийн терахь лахлуш ду бохуш. Ма дарра аьлча, цхьана хенахь дуьйна цара эскархошна а, милцошна а, аьлча полисхошна а деш долу тIелетарш теракташ хилар ларар сацадо. Кхузара ду цхьана агIор и статиста хийцаялар».

Iедалша Къилбаседа Кавказехь болх беш болчу журналисташна Iаткъам бар алсам даьлла Олимпиада бахьана долуш бохуш, дуьйцу Орлов Олега.

Орлов Олег: «Олимпан ловзарш дуьйлалуш, тхуна хууш ду иза, Къилбаседа Кавказехь болх бечу дуккха а редакцешна къайлах омра делла терроран тобанаш деш долчу зуламех лаьцна къезиг язде аьлла а, терроризмаца къийсам дIахьош адамийн бакъонаш йохорах лаьцна къезиг язде аьлла а.

Олимпан ловзарш дIадирзича цуьнах лаьцна язда бакъо яла а мега, амма Олимпиада дIайоьдуш моттаргIа ян еза Къилбаседа Кавказана тIе дикалла Iаьнча санна».

Мемориалан кхеташонан декъашхо волчу Орлов Олега элира Олимпиаде баьхкинчу кхечу пачхьалкхерчу журналситашца уьйраш латтор лууш дац Оьрсийчоьнан Iедалш аьлла. Цо дийцарехь, Iедалшна кху деношкахь шайх лаьцна диканиг а бен дийца ца лаьа.

Орлов Олег: «Цхьаболчу тхуна бевзучу нахана тIе, царна юкъахь адвокташ а бу, лерринчу сервисийн белхахой баьхкинера, Олимпиада дIахьош йолчу заман чохь кхечу пачхьалкхашкарчу журналисташца цхьаьна а ма деттало, къамелаш а ма де бохуш хьехарш деш. Цуьнан бахьана изза ду -- Олимпиада дIахьочу юкъанна дика йоцу информаци яржо оьшуш ца хилар".

Орлов Олега Москох хиллачу зорбанан конференцехь далийначу терахьашца, 2006-чу шарахь дуьйна 2010-чу шаре къхаччалц алсамдолуш дара федералан ницкъаллин структурийн белхахошна юкъахь долу дараш. Ткъа 2010-чу шарахь дуьйна и терахь лахдала доладеллера.

Иза хилира, цхьана декъана, Къилбаседа Кавказехь, ша аьлча Дагестанехь, тIемалошна дуьхьал къийсам дIахьош «къеда ницкъ» олу гIулчаш яхар бахьана долуш аьлла хета Орловна.

Амма тIаьхьарчу хенахь Дагестанехь и болх сацийна. Цуьнан метта Нохчийчохь лелош хилла «зачистакаш» йолийна цу республикехь. Бакъонашларъярхочо дийцарехь, цу зачисткашкахь дакъалоцуш хуьлу «халкъан дружинаш» олу ницкъаллин структурех хьакхалуш боцу нах. Хьалха и тайпаниг дуьхьала хIотто а хала дара бохуш вара Орлов Олег.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG