ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьххьара интервью елла Скрипаль Юлияс


Скрипаль Юлия
Скрипаль Юлия

Reuters агенталлан журналисташца дарбан хIусамера араяьллачул тIаьхьа дуьххьара къамел хилла ГРУ-н хиллачу агентан Скрипаль Сергейн йоьIан Скрипаль Юлиян.

Полицигахула журналисташца зIене а яьлла, ша хьалхе дуьйна кечйина текст дIаешна йоIа.

"Сайн дахарехь хила йиш йоцуш нисбеллачу хийцамашца яха Iама гIерта со. Таханалерачу денца яха гIерта со, сайн ден могушалла кхачо йоллуш меттахIоттош гIо а деш. ТIейогIучу хенахь сайн пачхьалкхе, сайн цIа ерза дагахь а ю со", - аьлла Скрипаля.

ДIовш тоьхначул тIаьхьа 20 дийнахь кхетамчуьра яьлла Iийна 33 шо долу Скрипаль Юлия.

"20 дийнахь кхетамчуьра яьлла а Iийна, со меттаеача хиира суна, тхойшинне а дIовш делла хиллийла", - аьлла Скрипаля.

Агенталлаца хиллачу къамелехь Юлияс баркалла боху Оьрсийчоьнан векалтна гIо кхачо лаам хиларна, ша тIе ца эцнехь а церан гIоьналла.

Великобританерчу Оьрсийчоьнан векало Яковенко Александра масийттазза дIахаийтира, ша гIортор ян кийча хиларх. Лаахь а, ца лаахь а дIовш деллачу оьрсийн бахархошца ша цхьанакхетийта а бехира цо.

Шена дина дарба "чкъурах чекхдолуш а, лазаме а, Iазапе а дара" аьлла йоIа, амма деталашкахь дийца ца лаьа шена аьлла, тIе а тухуш.

Байначу беттан 9-чу дийнахь Солсбери гIалин дарбан цIийнера араяьккхина Скрипаль Юлия. Оьрсийчоьнан Iедалхошца а, дипломаташца а уьйр хила ца лиира цунна. Шен дена санна, тховкIело елла хила тарло йоIана а, яздора Британин хаамийн гIирсаша.

Нервно-паралитикан "Новичок" олу, 80-чу шерашкахь Советан пачхьалкхехь кечдина дIовш делла хир ду Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана а аьлла, тешна бу Британин талламчаш.

Скрипална дуьхьал и зулам даккха омра Кремлера схьа ду, ткъа Великобританин дозана тIехь операци дIаяьхьнарш Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш ю аьлла сацам бу Британин Iедалхойн. Полоний дIовш делла вийна ФСБ-н хилла агент Литвиненко Александр а санна.

СкрипальгIарна дIавш даларо тIаьххьарчу иттех шерашкахь ца хиллачу кепара йоккха дипломатийн конфликт эккхийтира Оьрсийчоьнна а, Великобританина а юкъахь.

Оьрсийчоьно Великобританин территори тIехь химин герз лелорна, Британин премьер-министро Мэй Терезас шайн пачхьалкхера 23 оьрсийн дипломат аравоккхуш хиларх а шпионажех низамаш кхи тIе а чIагIдийриг хиларх а дIакхайкхийра

ООН-ан Кхерамзаллан Кхеташонехь а, химин герз дихкинчу Организацехь а (ОЗХО) Оьрсийчоьно шайн дозана тIехь химин герз лелийна хиларх хаттар гIаттийра Великобританино.

Организацига дахьийтинчу кехат тIехь Британино чIагIдо, 20 шо хьалха дIаякхха езаш хилла химин герзан тIаьхьало Оьрсийчоьно хIинца а хIаллакйина цахиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG