ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мила ву Гюлен ФетхуллахI? ХIунда кхоьру цунах туркойн Iедал?


Гюлен ФетхуллахI
Гюлен ФетхуллахI

2016-чу шеран Товбеца-беттан 15-чу буса Туркойчохь Iедал хийца гIоьртира, яздо "Настоящее Время" телехьожийло. Стамбулан а, Хонкаран а урамашкахь герзашца нах а, танканаш а лелара, тIеман кеманаш хьийзара хIаваэхула. ХIара-м дуьххьара путч яцара пачхьалкхан исторехь хиллачех, амма уггар а дукха цIийн Iанийначух яра. 250 сов стаг вийра, дуккха а тIемалошна таIзар дира.

ТIаьхьо гIовттарна бехкевира яздархо Гюлен ФетхуллахI а, ткъа иштта цуьнан агIончаш а. "Настоящее Время" телеканалан документалан "Гюленан болам. Маликаш йа йилбазаш" цIе йолчу филмехь вовзуьйту Гюлен. Иштта, дуьйцу, туркойн Iедалш стенна кхоьруш хила тарло цуьнан боламах а.

Карарчу беттан 4-чу дийне кхаччалц хьовса таро хир ю оцу кинога.

Туркойчохь тIеман карчам бечу буса президент ЭрдогIан садоIуш Мармарисехь хиллера. Оцу буса кара ца воьдуш, Стамбуле кхачавелира иза, гIовгIанаш тийначул тIаьхьа.

ТIаьхьо дийца даьккхира, Товбеца-беттан 15-чохь, делкъанна 14:20 даьллачу заманчохь, аьлча а, бунтахоша операци йоло 6 сахьт диссинчу хенахь, туркойн Iедалшна хууш хиллера карчамах бохуш. Къайлахчу сервисаша дIалаьцначу тIеман кеманхочо мукIарло дина хиллера цунах лаьцна.

Ткъа хIунда юкъах ца яьккхира путч, боху хаттар диллина дуьссуш ду. Администрацин куьйгалхочуьнга а, къайлахчу сервисийн хьаькаме а хIинца а хеттарш данза ду, цу хьокъехь цхьана а кепара комментари йина а яц цара.

Цул сов, шен мостагIашкахьара зен ца хилира ЭрдогIанна, Iедалан каделира, коьрта хаамийн гIирсаш шайн Iуналлехь латто. Путч йоьдучу хенахь телевизионехула президенто кхайкхам бира бахархошка, Iедал карчо гIортар дохаде аьлла.

Урамашка буьйлура нах, шайн синош ца кхоош, танканашна некъ боьхкуш.

Туркойчуьра ситуаци шен караерзийначул тIаьхьа ЭрдогIана дIахьедира: "Делера шанс ю хIара нисделларг. Вешан могIаршкахь тешаме боцчу нахах дIацIандала таро елла цо" аьлла.

Муьлш бара ЭрдогIана буьйцу ямартхой?
ЭрдогIана массарна хазош, бехкевира яздархо, юкъаралхо, имам лаьттина а волу, "Хизмет" боламан лидер, карарчу заманчохь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пенсильванехь веха Гюлен ФетхуллахI.

"Дукхахберш Iехабеллера, массо а тIемалой вайгахьа бу моьттуш. Хала хеташ делахь а, царах цхьаберш шайн даймахкана ямартбевлла. Пенсильванера схьа лелош хиллера уьш", - аьлла, дIакхайкхийра ЭрдогIана, аьтто ца баьлла карчам бирзинчул тIаьхьа.

Дукха хьем ца хуьлуш, леца болийра, Гюленан агIончаш бу боху нах.
2016-чу шарахь ГIадужу-беттан 19-чохь исламан юкъаметтигаш цхьаьна лелон Организаци (Туркойчоь йоцург а, кхин а 56 пачхьалкх ю цу юкъа йогIуш) террорхойн лерира.

Гюленан лархоша шаьш юкъараллан а, културан а, Iилманан а болам санна гойту. Цара шаьш бахарехь, Гюленан агIончаш - дуьненан а, динан а Iилма берашна довзуьйту ассоциаци ю .

"Хизмет" ю боламан цIе. И бохург ду "гIуллакх дар".
Юкъараллана керлачу бусалбачийн тIаьхье кхиор ю церан Iалашо.
Дуьххьара шен школа схьайиллина Гюлен ФетхуллахIа 1970-чу шарахь Измирехь. Цу заманчохь бусулба конфессин школаш йихкина яра, цундела Гюлена къайлах схьайоьллура уьш. ТIаьхьо, "маякаш" олучу школашка-интернаташка белхаш байта вуьйлира иза. Дин дара цигахь Iамориг.

1980-чу шеран Гезгамашин-баттахь Туркойчоьнан Iедал дIалецира хунто. ТIаккха, керлачу Iедалхойх ца лечкъаш, Гюлена цаьрца юкъарлонаш леладора. Йа цунна а, йа цуьнан боламна а зен ца дира Iедало.

1980-чу шеран юьххьехь Измирехь схьайиллира Гюленан цIарах дуьххьара гимнази. Цунна тIаьххье вовшахъеттара, боламе болх байта таро елла, мах боккху дешаран центраш.

1990-чу шерашкахь дерриг дуьненахь, Оьрсийчохь а, Малхбален Европехь а, Африкехь а, Азехь а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а цхьаьна, схьайоьллура школаш. Мах боккхучу Iилманан центраша а, наха лучу а ахчанашца а латтош яра "Хизмет". Боламна ахчанаш латтадора Туркойчуьрчу бизнесхоша а цхьаьна.

Оццу хенахь аьлча санна, боламан коьрта барам кар-кара оьцуш, дуьненчуьрчу мехкашкахь хIиттош бара - туркойн олимпиадаш, йа Дуьненаюкъара туркойн меттан олимпиада. Цо пропаганда йира Гюленан боламна, иза машаре, гуманизме некъ бу бохуш. Туркойн политикаша а цхьаьна дакъалоцура цу барамашкахь, иштта - ЭрдогIана а.

Еххачу заманчохь накъостий хилла лаьттира ЭрдогIан а, Гюлен а. Белшах белш а гIортийна хуьлура и шиъ, амма хIораннан а шен-шен некъ бара.

ЭрдогIана шен политикан парти (ПСР, нийсонан а, кхиаран а парти) кхоьллинчу заманчохь, Гюлен боламан лидер вара. Таханлерачу дийнахь 150 сов пачхьалкхехь 1 400 школа ю болх беш, Гюленан агIончаша схьайиллина йолу.

1999-чу шарахь Гюлен ФетхуллахI шена дарба дан Аамерикан Цхьаьнатоьхначу Штаташка вахара. Шена Iедал тIаьхьадаларна кхоьруш кхин юха ца веара иза. Цхьана юкъахь ЭрдогIана даймахка кхийкхира Гюлен, амма иза ца тешара, цуьнан сацам шена кхерамзе хиларх.

2007-чу шарахь дийца даьккхира къайлахчу националхойн "Эргенекон" юкъараллах лаьцна. И операци бахьана долуш, лийцира дуккха а оппозиционераш а, журналисташ а, курдаш а. Иттех стаг велла дIаваллалц хан яккха, йа еххачу ханна набахте хьажийра туркойн кхело, 2003-чу шарахь Iедал карчо гIоьртина аьлла. Масех инарла даржах вохийра, эскар а цIандира.

Оццу гIуллакхца лецира журналист, "Имаман эскар" книга язйина Шик Ахьмад а. Шен жайни тIехь цо чIагIдора, Гюленан лархоша пачхьалкхан тIеман структурашка шайн нах хьийсабо бохуш. ТаIзаре хIоттийначу цо, цхьа шо даьккхира набахтехь.

ХIун ду-те Гюленан боламо лечкъориг? Билггал хIун ницкъ бу цуьнан? Хьовса Гюльбеяз Халилан а, Оккан Османан а филме.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG