ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:46 0:00
Линкана тIе

ГIаланийн урамашкахь ган йиш ю оьрсийн коьртачу мехкан чоьхьарчу леринчу сервисан аббревиатура тIе язйина дIасахехкало машенаш. Федералан Кхерамазаллин Сервис, я доца аьлча, "ФСБ" тIеяздинчу машенахь дIасалелачийн Iалашо къайла яхьалур яц. Нагахь санна Iедална иза хьулйина латтон лаьахь а.

Нохчашлахь къайлахчу сервисашкахь болх бар тайп-тайпана тIеоьцу. „Моттбеттархочун“ болх санна иза дегазхетарна тIера дозалла дарна тIекхаччалц.

Нохчийчохь тIом болчу хенахь оьрсийн эскархоша маьI-маьIIехь хIиттийначу талламан посташкахула цхьа а таллам а ца беш, я сахьташкахь рогIехь латта а ца везаш тIехвала бакъо луш йолу кехатан чкъуьйриг яра ФСБ-н белхахочун документ.

ТIом бирзинчул тIаьхьа уггаре а гIовгIане масала хилира Москохахь 2014-чу шарахь. Кавказера талорхой лаца гулбелла оьрсийн полисхой а болуш, царна тIевеанчу юкъах йоьллина тапча йолчу нохчочо шегара къайлахчу сервисан белхахочун кехат церан меркIела а даьхьира полисхошна. ТIехьоьжуш журналистийн видеокамераш а йолуш.

Кхин хьал ду Малхбузехь. Къайлахчу сервисан белхахоI урамашкахула хаьн тIе тапча а оьллина лелаш ган йиш яц. Ткъа къайлахчу сервисан машенаш царна тIе йоза яздарца массарна а гуш, евзаш хила-м тешна а.

Тамашийна хир дара, масала, Британера Ми-5 я Ми-6 сервисийн белхахоша шаьш дIасалелачу машенашна тIе шайн конторин аббревиатура язйича. Ингалс махкахь могIарерчу урамашкахь къепе ларъечу полисхойн а герз лелон бакъо яц. Цигахь и бакъо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин леринчу тобанийн бен яц. Масала, антитерроран декъан чехка реакци яран тобан.

Махкахь къепе ларъечу Iедалан белхахоша герз ца лелор ингалсхоша дузу шайн полици уггаре а хьалха бахархошна хьалха декхарийлахь хиларца. Ткъа цул тIаьхьа бен пачхьалкхана хьалха декхарийлахь яц полици. Цундела полисхошна бахархошца хIотталуш йолу муьлха а проблема герзана тIе а ца кхевдаш дIаерзон хаа деза аьлла хета британхошна.

Iедалхоша герз лелорца хьал кхин ду Австрехь а, Германехь а. Амма къайлах сервисаш цигахь а гучохь хуьлуш яц. Шайн машенаш а, маршруташ а цара а гIарйохуш яц. Цхьанна а ца евза уьш дIасалела машенаш, я цара униформа а ца лелайо.

2016-чу шарахь дуьххьара ган йиш хилира юкъараллин немцойн коьртачу къайлахчу сервисо болх бо чоьнаш. ХIетахь вевзаш волчу меттигерчу фотографна Шлютер Мартинна бакъо елира Пачхьалкхан Хаамийн Сервисо, доца аьлча, БНД-с шен чоьнашна сарташ даха.

Амма цхьа а къайлахчу сервисан белхахо я церан цIераш я машенийн лоьмарш гайта йиш яцар Шлютеран. Цундела цо 16 бутт байъира, бус-буса есачу БНД-н офисан кабинеташна а, учешна а чохь сарташ дохуш. „Буйсанна шпионаш бийшина хуьлу“ цIе йолу сартийн гайтам а, изза цIе йолу сартийн гулам а хилира цу белхан жамI.

Австрехь а, Германехь санна, къайлене ду пачхьалкхан кхерамазалла ларъечу леринчу сервисашца дерг. Бакъду, цу махкахь бехачу нохчашна массарна а аьлча санна дика хаа, вайнехан диаспорин терго еш къайлахчу сервисехь муьлш бу а. Нохчий гуллучу массо а цхьаьнакхетаршка уьш боьлхуш хиларна хила мега иза.

XS
SM
MD
LG