ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европехь компанеш а, гIишлош а оьцуш бу Бакохара хьолахой


Эмираташ, Дубай, Джумейра Палма проект.
Эмираташ, Дубай, Джумейра Палма проект.

Азербайджанан президентан Алиев Илхаман а, орцаллан министран Гейдаров Кямаледдинан а бераша иттаннаш офшоран компанех пайда эцна Европехь а, Гергарчу Малхбалехь а бизнесан проекташ а, еза гIилош а, кхузаманахьлера хьешан хIусамаш оьцуш а инвестицеш ян. Иза гучудаьлла коррупци лелор а, барт болу криминал талларехула йолчу проектерчу (OCCRP) журналисташа бинчу талламехь.

"Настоящее время" проекто дийцарехь, Малтера журналист Галиция Каруана Дафна кхелхинчул тIахьа бинчу цу талламехь дакъалоцуш вара кху дуьнентIерчу уггаре бевзачу зорбанан гIирсашкара 18 журналист.

Галиция Дафна эккхийтира шен машена чохь 2017-чу шарахь ГIадужу-баттахь. Цо зорбане яьккхинера Pilatus цIе йолчу Малтерчу банкан балхах лаьцна масийтта артикл.

Журналисто уггаре хьалха яздинера и банк Азербайджанерчу элитица йоьзна хиларх лаьцна. OCCRP-о бинчу талламо бакъ хилар гайтина Pilatus банкан дукхахболу клиенташ Азербайджанерчу элитана юкъара нах хилар.

Pilatus банкехь даккхийн ахчанаш латточу клиенташна юкъахь бу Азербайджанан президентан Алиев Илхаман йоIарий Лейла а, Арзу а. И шиъ ю масийтта офшоран компанино бечух белхах пайда оьцучу нахана - бенефицарешна - юкъахь.

Азербайджанан президентан Алиев Илхаман йоIарий Лейла а, Арзу а.
Азербайджанан президентан Алиев Илхаман йоIарий Лейла а, Арзу а.

Алиевн доьзалца боьзначу кхечу офшоран компанин бенефицари ву Азербайджанан орцаллан министран Гейдаров Кямаледдинан ши кIант, Тале а, Ниджат а, хаам бо хьастанаша. Гейдаров Кямаледдин уггаре дош лела Iедалхо ву Азербайджанехь. Цунах олу "дерриг а мехала долчуьнан министр".

1995-2006 шерашкахь цо куьйгалла деш яра дозанехула дIасакхоьхьучу сурсаташна тӀера ял йоккху урхалла. Ткъа иза яра, WikiLeaks-ана карийначу кехаташ гайтарехь, иштта а вуно шуьйра коррупци лелачу Азербайджанехь уггаре а коррупцино юкъийна йолу Iедалан хьукмат.

Журналисташа динчу хаатаршна жоп луш, вежарийн ГейдаровгIеран адвокаташа дIахьедар дира, шайн клиентийн компанийн чоьташ яра Pilatus банкехь, низамаца йоьгIучу бизнесан хьашташ кхочуш деш аьлла. Алиевн йоIарша жоп доцуш дитира журналистийн дехар.

Галиция Дафна а, цуьнан Оьрсийчуьра хьаст а

Pilatus банкан Азербайджанерчу клиентех лаьцна журналистана Галиция Дафнина хиира цу банкехь болх бинчу Оьрсийчуьрчу яхархочуьнгара Ефимова Мариягара. Ефимовас бехке йора и банк шена догIуш долу алап схьацадаларна.

Шен агIор Pilatus-о Оьрсийчоьнан махкахо бехке йира банкера ахча дахьарна. Цул тIаьхьа Ефимовас дийцинера журналисте Галицияга Алиева Лейлин Дубайрчу Sahra FZCO компанин чоьта тIера 1 миллион доллар дахьийтина хиларх лаьцна Малтан премьер-министран Муската Джозефан хIусамненан офшорехь йолчу компанина.

И бахьана долуш дов иккхира: меттигерчу компанино гайтира Pilatus банкан долахо Садра Iела а, топ-менеджер Гучи Антониэллу а буьйсанна юккъехь, банкан офисера тIоьрмигаш дуьззина документаш а эцна, араволуш. Сатоссуш 4 сахьт даьлча долахь долу кема гIаьттира Малтера. Иза, Бакохахь охьа а хиина, дIадахара Дубай.

Цунах лаьцна яздинчул тIаьхьа 6 бутт баьлча Галиция Дафна йийра. Ефимова Малтера едда дIалечкъира Грецехь. Кхушара Оханан-беттан 12-чу дийнахь Греци реза ца хилира цунна Малте экстрадици ян.

АлиевгIара Малтан премьер-министран хIусамнанна ахча хIунда луш хилла хууш дац. Амма Мускат Джозеф масийттоза цхьаьнакхийтира президентаца Алиевца Бакохахь.

ТIаьхьо Малтан Iедалшна хиира Pilatus банкан 150 клиентах дукхах берш Азербайджанера Iедалхой а, церан гергара нах а хилар. Оханан-бутт чекхболуш Pilatus банкан долахо, ГIажарийчоьнан махкахо Садра Iела бехке вира ахчанашца бозбунчаллаш лелорна а, санкцеш кхайкхийначу пачхьалкхашка ахчанаш дехьа-сехаь дахарна а. Малтехь болх бечура совцийра цуьнан ерриг а активаш, шайна юкъахь Pilatus банкан хьашташ кхочуш дийраш а йолуш.

Джумейра Палма а, Дубайра гIаренаш а

Хьалхо вай хьахийначу, Малтан премьер-министран зудунна ахча делла йолчу Дубайрчу Sahra FZCO компанин долахь ю Джумейра Палма олучу проектан территори тIехь отел а, хIусамаш а. Иза куьйга кхоьллина гIайре ю, леррина элитан хIусамаш ян йина йолу. Sahra FZCO компанин долахь ю 361 чоь а, 182 петар а йолу Sofitel Palm Resort & Spa отел. Цуьнан дикалла юьйцуш яржочу материалашца а догIуш, цу хьешан цIенон цхьа километр луьйчу меттиг ю, ткъа цу чуьра корехула арахьаьжча вуно хаза гуш Дубай а ю.

Sahra FZCO компанин долахь ю Дубайра Джумейра Палма олучу проектан территори тIехь отел а, хIусамаш а.
Sahra FZCO компанин долахь ю Дубайра Джумейра Палма олучу проектан территори тIехь отел а, хIусамаш а.

Оццу фирман долахь ю 17 хIусам. И цIенош ду Джумейра Палма проектан уггаре тоьллачу меттигашкахь – "палма диттан ганан" хIора ганан чакхенехь.

Цу гIишлойн мах бу 100 гергга миллион доллар. Кхин цхьа гIишло ю Palm Fronds олучу Азербайджанан президентан цIе йолчу стеган "Алиев Илхаман" фирман долахь. Цу компанино пайда оьцу Дубайхь Алиевн йоIарша Лейлас а, Арзус а лелочу почтан адресах.

Журналистийн консорциумо бинчу кхечу талламца, Азербайджанан Iедалша хьанал даьккхина ду ала цхьацца проекташкахула чекхдаьккхинчу ахчанан барам бу 2,9 миллиард доллар.

OCCRP проектехь дакъалоцучу журналисташа бинчу талламца, 33 миллион доллар мах болу 9 цIа долахь ду Азербайджанан орцаллан министран шина кIентан ГейдаровгIеран Тале-н а, Ниджатан а.

Францера кӀайн кхийра​ а, Гуьржийчуьра курорт а

Pilatus банкера кехаташ толлуш репортерашна карийна вежарий ГейдаровгIара Францерчу Heritage Collection компанин бенефицари хилар. Цу фирман долахь ю куьйга сурсаташ деш йолу масийтта фирма.

Heritage Collection компанин цIарах ГейдаровгIара эцна элитан кӀайн кхийран пхьегIаш ен JL Coquet а, меттан лоччарш ен Porthault а, а мултфилмийн турпалхойн жима статуяш ен Leblon Delienne пхьалгIа а.

Журналистийн талламо гайтарехь, ГейдаровгIара Pilatus банкехула 3,9 миллион евро ахчанан инвестици йина Испанерчу Марбелехь гIишлош эца а, Гуьржийчуьрчу Цхалтубо гIаларчу курортехь 4 седа болу хьешан цIа дан а.

Цул сов, цхьацца хьастанаша бинчу хаамашца, ГейдаровгIеран доьзало шайна тешаме болчу нахехула Британехь а, Испанехь а урхалла деш ду 40 миллион евро мах хир болу тIекIелдина цIенош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG