ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Financial Times газета кхеле дала дагахь ву Сечин а, Кадыров а


Сечин Игорь.
Сечин Игорь.

Цу газето сийсаза бина 1999-чу шарахь дуьйна Сечинна вевзаш хиллачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжех бисна сирла дагалецамаш, аьлла ду цаьршинан дIахьедарехь.

Дуьненаюкъарчу бизнесах лаьцна яздеш долу Financial Times газета суьде дала дагахь ву Оьрсийчоьнан «Роснефть корпорацин директор Сечин Игорь а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.

И шиъ реза вац «Грознефтегаз» компани бахьана долуш шаьшшинна дов даьлла аьлла цу газето яздинчунна. Цунах лаьцна аьлла ду «Роснефтан» сайта тIехь зорбане даьккхинчу дIахьедарехь.

Охан-беттан 12-чу дийнахь Financial Times газето хаам бинера, Сечинан а, Кадыровн а цакхетамаш бу цу компанин активаш меттигерчу Iедалшна йохкар хьокъехь аьлла.

Газетан хьостано дийцарехь, цаьршинна дуьхь-духьал латтар вуно луьра дара. Иза гойтуш дара, масала, кху беттан 3-чу дийнахь Петарбухерчу метрохь эккхийтар дарехь «нохчийн лар» лаха еза аьлла хаамаш баржор.

Сечинан а, Кадыровн а конфликт ирайелира Зазадоккху-баттахь, Нохчийчоьнан куьйгалхо реза ца хиллачул тIаьхьа «Роснефтан» нохчийн активех 12 миллиард 500 миллион сом дала.

И мах дукха хьалабаьккхина бу, ткъа «Роснефть» Нохчийн республикаца харцонца юкъаметтигаш лелош ю, элира Кадыровс. Зазадоккху-баттахь «Роснефть» реза ца хилира Нохчийчохь мехкадаьтта кечден завод йилла, цо пайда бохьура бац аьлла.

"Роснефто» шен сайта тIехь зорбане даьккхинчу дIахьедарехь дуьйцуш ду, Financial Times газето хьехош дерг дукха экаме хIума хилар, Сечинан а, Кадыровн а балхаца йоьзна йоцучу юкхаметтигашца доьзна долу.

Financial Times газетан артиклехь яздинчо сийсаза бина Сечинна «1999-чу шарахь дуьйна вевзаш хиллачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжех бисна болу сирла дагалецамаш", аьлла ду дIахьедарехь.

Реза вац и шиъ Петарбухехь йинчу терактехь «нохчийн лар» лахарх лаьцна газето хьахорна а. Иза къаьмнашна юкъахь цабезам кхолла гIертар санна туьду Сечина а, Кадыровс а.

«Роснефтан» дIахьедар дерзош ду кху дешнашца: «ДIахьедо оха, дуккха а шерашкахь латтийна а, дуккха а агоIнашкахь йолу а, лараман а, бизнесан а, адамийн а юкъаметтигаш лелош ду тхо. Оха цхьаьне кхочуш до дерриг а балхаца доьзна хаттарш».

Шайх лаьцна дуьйцург цхьа а бух боцуш а, харц а ду и бахьана долуш кхелашка латкъамаш бан дезар ду шай боху «Роснефтан» директоро а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо а.

Forbes журнало дийцарехь, 80,8 миллиард доллар лелочу «Роснефтана» 2016-чу шарахь хилла пайда бара 5,8 миллиард доллар (377 млрд сом). Цуьнан активийн мах бу 140 миллиард доллар (9,1 трлн сом).

XS
SM
MD
LG