ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп - Ким: Каро торуш бу машар


Сингапур -- Трамп Доналда а, Ким Чен Ына а, вовше куьг а делла, дIадолийра цхьаьнакхетар. Мангал. 12. 2018.
Сингапур -- Трамп Доналда а, Ким Чен Ына а, вовше куьг а делла, дIадолийра цхьаьнакхетар. Мангал. 12. 2018.

Трамп Доналда а, Ким Чен Ына а вовше куьг а делла, ши гочдархо бен уллехь кхин стаг а воцуш, дийцарш дIадолийра Сингапурехь. И цхьаьнакхетар дахделира 35 минотехь, Цул тIаьхьа, шорйинчу кепехь, дийцарш кхин а дIаьадаьхьира Iамеркан а, Къилбаседа Корейн а куьйгалхоша.

Саммитан жамI ду "Вовшех кхеташ хиларн дIахьедар" цIе йолу мехала кехат тIеэцар. Цу тIехь аьлла ду, "Корейн ахгIайре зарратан герзах" маьршаяккха хьожур ю ши агIо аьлла. Цуьнца цхьаьна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа дIахьедар дина, шаьш Къилбаседа Корейн кхерамазалла латторан жоьпалла шайна тIеэца кийча хиларх лаьцна.

Саммит дIайирзинчул тIаьхьа Трампа дIаяьхьира зорбанан конференци. Цигахь цо масийтта мехала дахьедар дира цо. Царна юкъахь ду Корейн тIом гергарчу хенахь дIаберзор болуш хилар. (Дуьйург ду, хетарехь, машаран барт бан аьтто хила мега бохург).

Къилбаседа Корейно юха а дIахьедар дина, шен ракетийн мотораш зуьйш йолу коьрта тIеман объект хIаллакъян ша кийча хиларх лаьцна.

Къилбаседа Корейна кхайкхийна санкцеш цкъачунна юьсуш ю, Пхеньянан а дисинчу дуьненан а юкъаметтигашкахь "зарратан фактор" дIаяллалц.

Ким Чен Ынца шен цхьаьнакхетар дIадирзича, "Iамеркан аз" зорбанан гIирсана интервью луш, Трампа иштта мах хадийра Къилбаседа Корейн лидеран: "Иза башха стаг ву. Самукъане, вуно хьекъале, тIехдика маслаIатан мотт бевзаш. Шен халкъ деза цунна. Эр дацара ас со цу гIуллакхо цецваьккхира, амма шен халкъ деза цунна. Суна хетарехь, оха башха барт бийр бу".

Трампа дийцарехь, цхьаьнакхетарехь 90 процент цо а, Ким Чен Ына а хан яйира зарратан герз дIадаккхар дуьйцуш, амма хьахийра кхин долу хаттарш а. Царна юкъахь дара адамийн бакъонаш ларъяр а, тIом боьдуш Къилбаседа Корейн территори тIехь кхелхинчу Iамеркан эскархойн декъий цIадерзор а.

Цуьнца цхьаьна Трампа билгалдаьккхира Къилба Корейхь дIатарбинчу Iамеркин эскархойн терахь лахдарх лаьцна цкъачунна дуьйцуш дац аьлла. Президенто ша тешна ву элира, иза тIейоьгIучу хенахь дийр хиларх.

Трампа бинчу хаамца, цхьана ханна Къилба Корейца цхьаьна дIахьош долу тIеман Iамораш совцор ду. ТIеман Iаморашна дуккха а ахча деза, тIехула тIе уьш питане амал йолуш а ду, элира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG