ТIекхочийла долу линкаш

НАТО-н мехала саммит


Полша -- НАТО-н арахьарчу гIуллакхийн министрш, Варшава Товб. 08.2016.

Полша -- НАТО-н арахьарчу гIуллакхийн министрш, Варшава Товб. 08.2016.

Варшаверчу НАТО тIеман альянсан саммито Путинна а, Кремлана а бан йиш йолу тIеIаткъам бийцаре бо Европерчу хаамийн гIирсаша.

Дуьненаюкъара терроризм, ОвхIанера хьал, Малхбалерчу Европин пачхьалкхаша шаьшна Оьрсийчуьра болчу кхерамах шаьш лардаре кхайкхар, Оьрсийчоьнан, Украинин дов – шорта а, чолхе а дара Варшавехь шина дийнахь дIаяьхьанчу НАТО тIеман альянсан саммитехь 28 пачхьалкхан куьйгалхоша дийцаре дан дезна хаттарш.

Цундела а ларалуш яра и саммит тIаьхьарчу шерашкахь хиллачарел мехалох а, историкаллин маьIна схьаэцча, дуьненаюкъарчу хьолана тIеIаткъамех а.

Кхин цхьа символикан маьIна а дара Полшин коьртачу шарахьарехь дуьххьара НАТОн саммит дIаяхьаран – цу гIалин цIарах тиллина ма яра цхьана хенахь оццу НАТОн дуьхьало ярхьама Советаша шайн агIончашца цхьаьна кхоьллинчу „Варшавера барт“ цIе йолу тIеман блок, хIинцачул нийса 25 шо хьалха кхин цунах бала пайда а, я цуьнан карахь хIума а ца дисарна, цуьнан шен декъашхоша дIаяьккхина хилла йолу.

ХIинца Варшавехь цу Советийн тIаьхьалонча ша лоручу Оьрсийчоьнера болу кхерамаш юхатоха гIо доьхуш ю НАТОн саммитехь мацах Варшаверчу блокан декъашхой хилла йолу Малхбалерчу Европера пачхьалкхаш.

Оьрсийчоьнна и хIума мел лазаме ду бохург дийцаре до Европерчу хаамийн гIирсаша. Къаьстина Украинин, Оьрсийчоьнан девнехь Малхбузе Кремлан леламаш дера емал беш хилар а, саммитехь Украинина а, Гуьржийчоьнна а шаьш кхин дIа а белшаш гIортор хилар альянсан куьйгалхоша дIахьедина хилар а тидаме а оьцуш.

„НАТО юккъерчу пачхьалкхийн куьйгалхоша шаьш Оьрсийчоьнца юха а диалоге довла кийча хилар билгалдаьккхина, амма бакъду шайн мехаллаш ларйарна тIехь шаьш цхьа гIулч а юхабевр ца хилар гайтина цара“, - иштта яздо Австрерчу Стандард газетано.

Германерчу Ди Велт газетан авторша билгадоккху, НАТО тIеман альянсо шен хIинцалерчу цхьаьнакхетарехь 4 Малхбалерчу Европин пачхьалкхехь цхьа-цхьацца батальон эскарш латтон тIеэцна болу сацам Оьрсийчоьнна кхеташ йолу месседж хьажон Iалашонца тIеэцна бу, бохуш.

„Нагахь санна Оьрсийчоь цу пачхьалкхашна тIелатахь, цуьнан во ког таслур болу керт хир ю цу эскарех“, бохуш яздо газетано шен „Иштта дуьхьало йийр ю НАТОс Оьрсийчоьнна а, ДаIишна а“ аьлла цIе тиллинчу артиклехь.

Саммит тергалйечу Венерчу университетан Малхбалерчу Европин институтан Iилман белхахо волчу политологна Чапханов Русланна а хета, саммитан коьрта Iалашо Оьрсийчоьнна шен могIаршлахь цхьаалла а, хила там болчу агрессина дуьхьало ян ницкъ хилар а гайтар ю аьлла. Ткъа НАТОн тIеман эскарш хIинцачул тIаьхьа Малхьалерчу Европин 4 пачхьалкхехь хирг хилар цунна доккхачу декъехь Оьрчийчоьнан леламаш тIедожийна хIума хета.

Чапханов Руслан: „Хьалха Латви а, Литва а , кхин йолу цу лулара пачхьалкхаш а оцу НАТО юккъехь хилар бен кхин цигахь цхьа а НАТОн салтеш я эскарш а дацара, амма оцу Оьрсийчоьно Украинина агресси йича дуьйна схьа уьш кхоьруш бу, изза хIума цо шайца дарх. Цундела цигахь эскарш хIиттор ду хIинца. Малхбузе дуьненчохь кхоллаелла йолу статус-ква иштта латтон лууш яра, амма Оьрсийчоь дозанаш хийца лууш хиларо кхоьллина хьал ду иза“.

НАТО альянсан эскарш Полшехьий, Балтикан хIурдаца Iоьхкучу кхаа пачхьалкхехьий дIанисдарал совнаха, саммитехь гулбеллачара дийцаре дира, Шемахь а, ОвхIанехь а, Иракъехь а долу хьал а, ткъа иштта ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобанца къийсам латтор а.

Цу Iалашонца гулбеллчара сацам бина, Иракъехь эскаршна тIеман говзалла Iаморан керла кхерчаш схьабелла. Шемахь НАТОн гIоьнца стигал тергал йийр ю модернечу радарийн системашца. Иштта ОвхIанан урхаллина тIалибашца къийсам латторехь а, коррупци эшорехь а, мехкан экономика айъарехь а алсамох гIо дан сацам бина саммитан декъашхоша.

Цул совнаха, Оьрсийчоьнна лазаме а, Гуьржийчоьнний, Украининий томехь тема а яра саммитан декъашхоша йийцаре еш – и ши пачхьалкхе альянсан декъа яхаран перспективаш.

Цу хьокъехь Малхбузерчу хаамийн гIирсаша билгалдоккху, гуьржаша а, украинхоша а са ма тийсар сиха НАТОн декъашхой цу шиннах хир яцахь а, амма хIинцалерчу цхьаьнакхетарехь цу шиннан а куьйгалхой тешна хила мегар бу, шайна альянсо дуккхаъчу хIумнашна тIехь алсамох белшашгIортор хиларх, бохуш.

XS
SM
MD
LG