ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДАIИШ-ах дIакхета гIоьртинчу нохчочун ши шо хан кхайкхийна Австрехь


Кхелан гIишло чIогIа ларйеш яра Австрин полицино.
Кхелан гIишло чIогIа ларйеш яра Австрин полицино.

Австрерчу Корнойбург гIалахь ши шо хан кхайкхина баханчу стигалкъекъа баттахь ДаIишах дIакхета Iалашонца араваьлла хилла ларалучу нохчочунна. 22 шо долу и кIант лаьцнера Венерчу Швехат кеманийн портехь, харцахьчу кехаташца Туркойчу ваха гIертачохь. Цуьнца кхин цхьа накъост а хиллера.

Шингехь а цаьргахь албанхойн харцпаспорташ а, машен лело бакъонаш а хиллера. Цу кехатех шекбевллачу кеманийн портан белхахоша полици кхайкхина, кхарна дегIаца таллам бича гучудаьллера цу шингехь кхин а немцойн къомахчу нехан харцпаспорташ а, алсамо ахча а хилар. Прокуроро дийцарехь, цу харцдокументехь лаьцначара хIораммо а 950 евро деллера.

Кхел йолаяллалца цIавахийтина волчуьра ведда къайлаваьлла, хIинца а каронза ву лаьцна хиллачу шиннех цхьаъ. Ткъа Корнойбургерчу кхелехь шега дов хоттуш хиллачу жимчу стаго дацаре дора, ша ДаIишах дIакхета воьдуш вара бохург.

Цо дийцарехь, иза Туркойчохь шена шозлагIа зуда ялон воьдуш вара, шена интернетехь евзина йолчу цхьана зудчунца захало а хилла. Венехь кхозлагIа доьзалхочух йолуш зуда а йолуш волчу жимчу стаге дийца ца делира, ша ялош хилларг хьенан-мила ю, ткъа кхелхочо элира, и зуда дуьненчохь янне а яц, талламхошна иза хиларан цхьа а лар ца карийна, аьлла.

Кхеле озийнарг Австрехь кхин а цхьаъ рогIера зуда ялон Iалашо йолуш хиллера.

Кхелахочо иштта карладаьккхира, кхеле озийнарг 2015-чу шарахь иштта ДаIишах дIакхета дагахь Болгарехула Туркойчу ваха новкъаваьллачохь лаьцча, цуьнца хIетахь цуьнан нана а, хIусамнана а хилла хилар а, ткъа иштта цо хIетахь а шаьш массо а Туркойчохь дарбанаш деш волчу цхьана дарбанчина тIедаха арадевлла дара бохуш кхеле дийцинарг. „Амма хIетахь австрин Iедалхошна и дарбанча дуьненчохь хиларан лар ца карийра, хIинца ахь юьйцуш йолчу хьан тIехьийза йоьIан лар ма ца карорра“, - элира кхелахочо.

Иштта кхелехь гучуделира, лаьцна верг Австрехь а кхин цхьаъ рогIера зуда ялон Iалашо йолуш хилла хилар. ВидеозIенехула кхелехь теш санна йистхиллачу цхьана 27 шо долчу зудчо дийцарехь.

Шена цуьнан зуда а, бераш дуйла ца хаьара, цо шеца захало дуьйцучу хенахь, ткъа шена иза хиинчул тIаьхьа ша реза ца хилира цуьнга яха, бохуш дийцира зудчо. ТIаккха ша цуьнга йогIур яц аьлла дуьхьал яьлча, цо шега со хьуна кхин новкъа гIертар вац хьуна, ша дIагIур волуш ву хьуна элира шега цу кIанта. Ткъа ша мича ваха дагахь ву цо шега аьлла дац бохуш дийцира тешо.

Кхелан гIишло ларъеш иттанашкахь герзах боьттина Iедалхой бара.

Даима а потенциале террорхошца йоьзначу кхелан процессашкахь хуьлуш ма-хиллара, вуно луьра кхерамазаллин гIулчаш йохуш ларъеш яра Лахарчу Австрехь Iуьллучу Корнойгургера кхелан гIишло. Журналисташна дихкинера процесс дIахьочу зала чохь сарташ я видеош яхар.

Кхелан гIишло ларъеш иттанашкахь герзах боьттина Iедалхой бара. Чу боьлхурш массо а леринчу сканерца дегIаца хьажарца толлуш бара. Ша бехкевеш верг цуьнан дов хоттучу чоьнна чувалош а, аравоккхуш а болчу полисхоша шайн яххьаш тутмIаьжгашца къайлаяьхнера.

Ала догIу, дуьххьара ша лаьцча цхьа шой ах шой хан тоьхна набахте хьажийна волу жимстаг ах хан дIаяьлча аравалийтира, арахь баккха кхин а барт бутт зерашна а луш. ХIинца иза и зераш а хьоьшуш, юха а Туркойчухула Шема ваха гIортарна ши шо набахтехь яккха хан кхайкира кхело жимчу стагана пIераскандийнахь.

Маршо Радионе Корнойбургерчу кхелан прессица болх баран декъо бинчу хаамца, бехкевечо ша кхелан сацамна дуьхьал латкъам бан дагахь ву аьлла дIахьедар дарна и сацам хIинца а нуьцкъале бирзина бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG