ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийн 'къуйн баьччанашна' кхел йийр ю Нью-Йоркехь    


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Iамеркан массо а штаташкарчу зуламе гӀepашна куьйгалла дечу "къуйн баьччанаш” олучу нахах цхьаъ волу Джанашвили Зураб къера хилла, ш зуламаш дина хиларна. Цунах лаьцна яздо "Iамеркан аз" зорбанан гIирсо.

Гуьржийчуьра а, Оьрсийчуьра а, Украинера а махкахоша кхоьллина зуламе вовшахтохаралла гучуяьккхира Iамеркан федералан Iедалша цхьа шо гергга хьалха. Федералан талламан бюрон белхахоша лецира 30 гергга стаг. Царна юкъахь вара Джанашвили.

Талламхоша дийцарехь, цу наха кхоьллина хиллера масийтта зуламхойн тоба Нью-Йоркехь а (коьртачу декъана Брайтон-Бич кIоштахь), Флорида а, Нью-Джерси а, Пенсилвания а, Невада а (ша аьлча Лас-Вегасехь) штаташкахь а, ткъа иштта махкал арахьа а.

Цу зуламе вовшахтохараллан декъашхошна бехке дуьллург ду нуьцкъала ахча даккхар а, бозбунчаллаш лелор а, нуьцкъала декхарш схьадахар а, талораш дар а, ахчанах адамаш дайар а, наркотикаш йохкар а, герз дохкар а.

Бруклинехь веха 37 шо долу Джанашвили къера хилла, Шулая Ражден коьртехь лаьттачу зуламе вовшахтохараллана юкахь а волуш, ша зуламаш дарна.

40 шо долу Шулая вевзаш ву "Брат" а, "Рома" а, "Ражден Питерский" а олучу цуьнан накъосташа шайлахь йоккхучу цIершца. И стаг хьалха Европехь а лаьцнера, 2013-чу шарахь Европоло цхьаьнаметта масийтта пачхьалкхехь, шайна юкъахь Итали а, Литва а, Чехи а, Португали а, Франци а, Венгри а йолуш, операци дIахьош.

Оцу деношкахь лецира Советан пачхьалкх йолуш криминалан хьалханча санна вевзаш хилла 18 стаг. Царна юкъахь вара Советан заманахь вуно ницкъ болуш хиллачу, Джангвеладзе Мераб (Мераб Сухумский) коьртехь хиллачу, Кутаисерчу зуламе тобанан 13 "къуйн баьчча”.

Джангвеладзес шена юххе озийна стаг вара Шулая. Бакъдерг дийцича, Европолан операци хиллачул тIаьхьа иза сихха дIахийцира.

Дерриг а дина зуламаш цхьаьнатоьхча, вай лакъохьа хьахийна, Джанашвили Зураб 20 шаранна набахте хьажо мегаш ву. Цунна хантохар хьокъехь сацам бийр бу Нью-Йоркехь суьдхочо Форрест Кэтрина Лахьанан беттан 30-чохь.

Шулая Ражден а, зуламе тобанан кхин цхьа декъашхо, боксах латарехь дуьненан чемпион хилла Хурцидзе Автандил а, Нью-Йоркерчу кхелана хьалха хIуттур ву Мангал-беттан 4-чу дийнахь.

Шулаяна кхел яр сих-сиха хуьлуш доцург хила мегаш ду Iамеркехь. Советан пачхьалкхана юкъайогIуш хиллачу, хIинца йозуш йоцу пачхьалкхаш йолчу республикашкара, "къуйн баьччанаш" кхеле озор наггахь а бен ца хуьлу хIума ду Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь.

Шулая чуволла мегаш ву, набахтехь даккха 65 шо хан а тоьхна.

Керланаш

Кхин а

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG