Доьрзучу кIиранан хиламаш. Путин хасторна айфон кхачийна байт нехан ю. ЖIаьлеш хохкур ду Нохчийчохь. Ганнушкина эшна Нохчийчуьрчу кхелашкахь. РогIера бераш а, зударий а цIакхачор бу Малхбалера. Оьрсийчоьнан паспорт доцчу нохчочунна кхел йина Германехь. Уьш а, кхидолу а керланаш.
Кху шеран 45-гIачу кIиранан фототоьшаллаш, Маршо Радион белхан жамIашкара суьрташ.
Кадыров Рамзана iPhone X телефон совгIатна елла 3-чу классерчу дешархочунна Путин Владимирх лаьцна тоьлла байт язъярна. Оцу шоухь дакъалоцуш дукхахдерш бераш дара, амма юьстах ца бисира гоьбевлла спорстменаш, културан белхахой а, могIарера бахархой а.
Австрехь кху мукъаденошкахь дIаяьхьначу рогIерчу дуьненаюкъарчу латаран ММА кепарчу къовсамехь финале ваьллачу Венерчу Ташуев Рамзана эшийна шел 10 шо воккха волу Сербера латархо. Ташаев а санна, чемпион велира оцу турнирехь дакъалоцуш волчу 6 нохчийн спортхойх хIора а.
Верриг а 120 стаг ву «Мемориал» центран политикан тутмакхийн тептарахь. Оцу нахах 7 пачхьалкхера юьйлучу харцонашна дуьхьаллаттарна набахти токхуш волу кавказхо ву.
Халкъалахь «нохчийн къоман яхь-юьхьан куц-сибат а хилла ваьхна яздархо» аьлла цIе яхначу Айдамиров Абузаран винчу дийнахь Сувейлера Жабраил Набила дагалоьцу шен яздархочуьнца хиллачу цхьанакхетарх
Яхь йоцчу наха кхоамза охьаатале Соьлж-ГIала ишта яра сурташдахкархочун бIаьргашчухула. Авторо сирлачу басаршца гойту адамийн яххьаш, гIишлош, ша зама а хIетахьлера.
Цхьанатоьхначу штаташкахь ваьхначу нохчочо Юсупов Руслана еъна шен Даймахка Iамеркхойн футбол. Иза нохчашкахь чIогIа йогIур йолу спорт ю аьлла хета цунна. Соьлж-гIаларчу стадионехь дуьххьара Iамораш дIадаьхьара цо.
ДоIанашца а, ламасташца далла герга баха некъаш лоьху суфийш. Жайнеш тIера Iамош некъ бац иза, дегнашкахула дIакхачош бу, устаза -шен мурдашна.
Меллаша гIушлакхе баьлла, тийна Iа, таьIна Iа малх. Нохчийчоь, хьо йоцчу ваьлча, ма гIийла хетта-кха нах.
Дуккха а шерашкахь тIемашкахь баьхначу кабулхошна хьайна махкара коррупци. Иза гойту цIенойн а, кертийн а пенаш тIе суьрташ дохкучара. Халкъ машаре а кхойкхуш, тIеман ларш къайлайоху суртдиллархойн тобано. Маршо Радион журналист Бежан Фруд цхьанакхийтира цу тобанца.
Хьажа кхин дIа а