Австрехь кху мукъаденошкахь дIаяьхьначу рогIерчу дуьненаюкъарчу латаран ММА кепарчу къовсамехь финале ваьллачу Венерчу Ташуев Рамзана эшийна шел 10 шо воккха волу Сербера латархо. Ташаев а санна, чемпион велира оцу турнирехь дакъалоцуш волчу 6 нохчийн спортхойх хIора а.
Верриг а 120 стаг ву «Мемориал» центран политикан тутмакхийн тептарахь. Оцу нахах 7 пачхьалкхера юьйлучу харцонашна дуьхьаллаттарна набахти токхуш волу кавказхо ву.
Халкъалахь «нохчийн къоман яхь-юьхьан куц-сибат а хилла ваьхна яздархо» аьлла цIе яхначу Айдамиров Абузаран винчу дийнахь Сувейлера Жабраил Набила дагалоьцу шен яздархочуьнца хиллачу цхьанакхетарх
Яхь йоцчу наха кхоамза охьаатале Соьлж-ГIала ишта яра сурташдахкархочун бIаьргашчухула. Авторо сирлачу басаршца гойту адамийн яххьаш, гIишлош, ша зама а хIетахьлера.
Цхьанатоьхначу штаташкахь ваьхначу нохчочо Юсупов Руслана еъна шен Даймахка Iамеркхойн футбол. Иза нохчашкахь чIогIа йогIур йолу спорт ю аьлла хета цунна. Соьлж-гIаларчу стадионехь дуьххьара Iамораш дIадаьхьара цо.
ДоIанашца а, ламасташца далла герга баха некъаш лоьху суфийш. Жайнеш тIера Iамош некъ бац иза, дегнашкахула дIакхачош бу, устаза -шен мурдашна.
Меллаша гIушлакхе баьлла, тийна Iа, таьIна Iа малх. Нохчийчоь, хьо йоцчу ваьлча, ма гIийла хетта-кха нах.
Дуккха а шерашкахь тIемашкахь баьхначу кабулхошна хьайна махкара коррупци. Иза гойту цIенойн а, кертийн а пенаш тIе суьрташ дохкучара. Халкъ машаре а кхойкхуш, тIеман ларш къайлайоху суртдиллархойн тобано. Маршо Радион журналист Бежан Фруд цхьанакхийтира цу тобанца.
Кху деношкахь Узбекистане ваханера Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Муха тIеийцира иза узбекаша? Вевзий иза могIарерчу бахархошна?
КГБ-н эскарехь вара ша, цул тIаьхьа тIалибашкахьа дехьавелира бохуш, дуьйцу Хакимов Бахретдина Советан эскарш арадаьхначул тIаьхьа бIеннашкахь бисина болу советан эскархойх цхьаъ ву иза (Frud Bezhan, Ahmad Massoud, RFE/RL).
Авторханов Iабдурахьман а вевзара цунна Кху деношкахь 109 шо кхаьчна гоьваьлла нохчийн политолог, историк, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина. Иза а дагалоцу Набила шен дахарх Маршо Радиоца дечу къамелехь.
ВИДЕО-КЕРЛАНАШ: Эсамбаевн фестивал Соьлж-ГIалахь; Шех тешийначу беранна етташ хилла дейишас; Дикка ялта чугулдина Нохчийчохь; Несарахь хIусамаш йина нохчийн мухIажиршна…
Хьажа кхин дIа а