ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Вагнер" дIакхетта "Ахматах", кадыровхоша лачкъийна волонтер велла. КIиранан жамIаш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ЧВК "Вагнеран" йолахой "Ахматехь", лачкъийначу Сулейманова Седин гIуллакх дерзор, кадыровхоша лачкъийна волонтер СИЗО-хь кхалхар, оьрсийн салташа вийначу хIусамдех 24 шарахь компенсаци йаккха хийза нохчо – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 58-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

ЧВК "Вагнеран" йолахой "Ахматехь"

ЧВК "Вагнеран" хилла кхо эзар йолахо "Ахмат" спецназе сехьавер ву аьлла, дIахьедина нохчийн декъан командиро Алаудинов Аптис. Киевн хаамашца, "Ахмат" а, ЧВК "Вагнер" а бехке йу Украинехь маьрша нах байъарна. Алаудиновс бахарехь, къаьстина полк вовшахтухур йу йолахойх, церан куьйгалла дийр ду "Ратибор" цIарца дика вевзачу Кузнецов Александра. ЧВК "Вагнер" тоба вовшахтоьхчхьана дуьйна штурман ротин куьйгалла деш хилла ву иза. Алаудиновца йукъахь видеокхайкхам бина Кузнецовс йолахой Нохчийчу дехьабахарх лаьцна. Видео тIехь "Ратибор" хиъна Iаш ву "Ахмат" спецназан шевронашца.

Алаудиновс чIагIдарехь, вагнеровхой хилларш йукъахь болуш батальон кхоллар Оьрсийчоьнан тIеман министраллин куьйгаллех дагадевлла дина хIума ду. Ролика тIехь "Ратибора" билгалдоккху, кхул а хьалха йолахой "цхьаболчу куьйгалхошка" бевллера, цхьаннах дIа а ца тухуш, шаьш тIом бан хьовсадахьара аьлла, амма жоп ца делира шайна аьлла. "Фонтанка" гIирсан хаамашца, Кузнецов – говза тIемало ву, 2010-чу шарахь таIзар динера цунна стаг лачкъорна а къола дарна а. 2017-чу шарахь президентаца Путин Владимирца даьккхинчу суьрта тIехь хаавелира иза.

Цхьана хенахь доттагIалла лелош вара Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочуьнца Пригожин Евгенийца. Шуьйрачу тIамца Оьрсийчоь Украине чуйахначул тIаьхьа и шиъ цхьаний луьйш хуьлура Оьрсийчоьнан тIеман буьйранчашна тIамехь эшамаш хиларна. 2023-чу шеран бIаьста Кадыровн а, Пригожинан а некъаш дIасакъаьстира. Нохчийчоьнан урхалхочун Кремлехь Путинца цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа тIеман министраллин агIо лоьцура цо, дукха ца Iаш "Ахмат" спецназо лаамхойн дакъош лоручарех хьалхара армица динчу контрактана куьйгаш йаздира.

Дов кхин а тIе марсадаьккхира Пригожина: цо бунт гIаттийра тIеман ницкъашна дуьхьал, цул тIаьхьа ши бутт баьлча кема а духуш велира иза, ЧВК "Вагнер" кхоьллинчу Уткин Дмитрийца цхьаьна. Америкахойн тIом толлучу Институтан (ISW) зерашца, Пригожин вен омра динарг Путин "хила тарло".

2023-чу шеран гурахь Кадыровс дIахьедира вагнеровхой хилларш "Ахмат" спецназе сехьабуьйлуш бу аьлла. ХIетахь контракташ йинера 170 сов йолахочо, чIагIдора Нохчийчоьнан урхалхочо. ТIаьхьо цо иштта хаамбира, хьалхо ЧВК-хь хиллачу лоьраша а цхьаьна нохчийн дакъа дузарх. Маса ву верриг а вагнеровхо, хууш дац. Ша бунт гIатточу заманчохь Пригожина дIахьедира 25 эзар эскархо ву шен аьлла. ТIаьхьо царех маса нисвелира эскарехь а, ца хаьа.

ТIеман-политикан аналитик волчу Федоров Юрийна хетарехь, "Ахмате" дехьабаьхначу йолахой хиллачех мел кIезиг а цхьа дакъа Нохчийчохь дита тарло Кадыров Рамзанан рожан чоьхьара проблемаш йерзош.

"И адамаш, уьш нохчий бац, амма уьш чIогIа пайден хир бу Кадыровна муьтIахь боцчу нохчийн цхьана декъана бекхамбан. ХIунда аьлча, нохчаша нохчашна дуьхьл тIом бар, цхьа тIаьхьало йоцуш ца дуьсу цкъацкъа. Цигахь шайн йукъаметтигаш йу, чIогIа хала а, кегайелла а. Гуттар а ца нисло цхьана нохчех вовшахтоьхна тобанаш тешаме хуьлуш, Нохчийчохь протесте бевлларш совцош", - элира Федоровс

Кадыровн дIахьедаршца а догIуш, "Ахмат" спецназ кест-кеста йузуш йу лаамхой олучарех, уьш гулбо йоллу Оьрсийчухула. Нохчийчохь кечбо уьш, цул тIаьхьа Украине хьийсабо. Киевн хаамашца, оцу декъан эскархой бехке хила тарло 2022-чу шеран бIаьста маьрша нах байъарна. ЧВК "Вагнернан" хиллачу йолахойх дерг аьлча, тIамтIера йухабирзинчул тIаьхьа кест-кеста бехкебо уьш керлачу бехкзуламан гIуллакхашна. Верриг а ЧВК-н структурашкахула чекхваьлларг ву иттаннаш эзарнаш тутмакхаш хилларш, царна вербовка йора Оьрсийчоьнан набахтешкахь.

Йолахойн командиро Кузнецовс боху, Алаудиновца цхьаьна дIайазйечу видео тIехь, "Ахматехь" интернационалан дакъа ду, цундела масатрца а нийсо лелайо. Оцу йукъанна хIинцале а хууш ду, къаьмнийн бахьанашца кадыровхойн "Вагнеран" йолахошца масех дов лаьттина меттиг хилар – цхьахдолчу девнах лаьцна дийцира стохка гурахь ЧВК "Вагнеран" хиллачу эскархочо.

Кадыровхоша лачкъийна волонтер велла СИЗО-хь

Украинан бахархошна цIа бахка гIо деш хилла 61 шо долу Демиденко Александр велла Белгородера талламан изоляторехь. Ахшо гергга хан йара иза лаьцна, хетарехь, кадыровхоша лачкъийна вигина вара иза. ТаIзарш кхочушден федералан хьукматан (ФСИН), регионалан урхаллин хаамашца, Демиденко кхелхина охан-беттан 5-чохь - ша шена тоьхна велла иза боху.

Демиденко вайнера Белгородан кIоштара Оьрсийчоьнан "Колотиловка" постехь гIадужу-беттан 17-чохь. Волонтераша дийцарехь, дозанхойн посте цхьа йоккхо зуда йалош веанчул тIаьхьа. "Пепел" интернет-хьостан хаамца, волонтер лаьцнера "нохчийн Росгвардин белхахоша", уьш хиллера оцу постехь ха дийраш.

Кхо де даьллачу хенахь Демиденко цIа валийнера полицин белхахоша а, кадыровхойн "Запад-Ахмат" батальонан эскархоша а хIусамех хьовса аьлла.

Демиденкон хIусамнанас дийцинера хIетахь, шен хIусамден дегIа тIехь йиттина лараш йара аьлла. Зудчо бахарехь, ницкъахоша чуьра дIайаьхьнера "ракетница а, тапча а", уьш хиллера Демиденкос шена хьашт хилахь а бохуш, латтош.

ХIусамах хьоьвсинчул тIаьхьа стенга вуьгу а ца хоуьйтуш, дIавигинера волонтер; тIаьхьо цуьнан кIанта Демиденко Александра дийцинера, шен дас бохура аьлла, "Ахматан" эскархойн карахь вара иза, цара батарейх дIавоьхкий, когаш кIел герз детташ хиллера цунна аьлла. Кадыровхошкара къайлахчу сервисаша дIавигинера волонтер, цунна шаьш таIзар дийр ду аьлла хиллера цара.

ГIадужу-беттан 21-чу дийнера схьа дуьйна спецприемникехь латтош вара Демиденко, 10 дей-буьйсий даьлча дIахецнера иза, амма оцу дийннехь йуха а лецира, баттанна чохь вуьтуш. Оцу хеначохь волонтерана дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийра бакъо йоцуш герз латторна, пачхьалкхана йамартваларна а, хIетахь дуьйна лаьцна вара иза. Зазадокху-бутт бовш Демиденкон кIанта йаздира, къайлаха сервисаш йу и гIуллакх толлуш аьлла, ткъа рогIерчу постехь хаамбира иза велла аьлла.

Волонтер лачкъорна а, цунна тIехь гIело хьегарна а кадыровхой бехкехиларх лаьцна информацих Соьлжа-ГIалахь аьлла дош дац. Оьрсийчоьнан бакъоларйаран органаша а тергамза битина и хаамаш. "Запад-Ахмат" батальон стохка аьхка дуьйна Белгородан кIоштахь латтош йу, диверсин тобанаш чу ца лестийта доза лардан цига дехьабаьхнера кадыровхой. Делахь а, кеп-кепарчу хьасташа йаздарехь, тӀаьхьашхулехь йолу меттигаш дIалаьцна Iаш бу уьш.

Сулейманова лачкъор иза йер санна толлур ду + Мусаеван могушалла

Кху кIиранах йуха а дийца даьккхира лачкъийна йигинчу Нохчийчуьра йоIах Сулейманова Седех лаьцна. Дагадоуьйту, лурчаха цIера йеддера йоI шен нах бертаза ша маре йала хьийзарна а, доьзалехь даим а девнаш латтарна а. Санкт-Петербурге дIайахана, цигахь балха а хIоьттина, йаха хиънера иза, амма стохка аьхка республикера ницкъахоша дакъа а лоцуш, бертаза йуха цIа йигинера. ВорхI бутт сов хан йу Сулеймановех лаьцна кхин кост доцу, тIечIагIбазчу хаамашца, гергарчара йийна хила тарло иза.

Нохчийчьура йахархо къайлайаккхар бахьана долуш бехкзуламан гIуллакх долийра Талламан комитето зазадоккху-бутт бовш - оцу гIуллакхана цунна сагатдечу эзар бахархоша кехаташ кхехьийтинера. "СК SOS" кризисан тобанан бакъоларйархошна къаьстина, гIуллакх стаг вер аьллачу Iедалан къепехула толлуш хилар. ДIахьедар динарг йу аьлла материалашкахь билгалйаьккхина Сулейманова Седин уллора доттагI Патяева Лена, хьалхо акцешка йуьйлура иза йоIана тIехIуьттуш, оцу тIехала лаца а лецира иза.

Бехкзуламан гIуллакх айдинчул тIаьхьа Сулейманован доьзало дIахьедина, чиллан-беттан 5-чохь йоI йуха а цIера йедда аьлла. Цунах теша бух бац: оццу беттан 6-чохь Седин гергарчара чIагIдинера, иза цIахь йу бохуш, дагадоуьйту Патяевас: "Доьзалло бохучух дерг аьлча, и цхьа а доцург ду. Цхьа а доцург хилла а ца Iаш, эхь доцуш харцлер ду-кх. Бехказабовла хьийза уьш, хIунда аьлча, церан карара йаьлла иза йедда бохург бакъ дац. Ша йедда хилча а, бакъоларйархошца, йа соьца, йа Стасца зIене а ца йолушший? ….И бакъ хила йиш йоцург ду. Гергарчара иза чиллан-беттан 5-чохь йедда боху, ткъа тхуна хууш ду, чиллан-беттан 6-чохь журналисташа цуьнан гергарчаьрга телефон тоьхний а, цара хIетахь иза кхузахь, цIахь йу аьллий а. Уллохь йу иза, амма къамел дан ца лаьа цунна, цуьнга телефон дIалойла дац бехира. Цкъа цхьаъ дуьйцу цара, йуха кхин дуьйцу".

Кхерам латтабо иштта нохчийн оппозиционерийн, ЯнгулбаевгIеран вежарийн ненан Мусаева Заремин могушаллех лаьцна бинчу хаамо а. Адвокато бахарехь, инсулинан а, лазар теден молханийн а барам даим а совбоккху цунна, диабет чIагIйалар гойту цо, цу тIе бIаьрган марха а лацайелла.

ХIетте а Устрада-ГIалара колонихь латтош йу Мусаева. Бакъоларйархошна хетарехь, нохчийн оппозиционерийн нанна тIаьхьабовлар политикан бух болуш ду.

"Оха кхайкхам бина…доьху цу тIехь гIо дар Мусаевана цуьнгарчу хьоле хаьжжина, лоьрийн дарба кхачор. Лазарш чехкадуьйлу, лазар теден молха а алсамдоккху, ткъа хьал хийцалуш дац, и лазарш меттах ца дийлийта дарба деш дац-кх", - дIахьедина Мусаева Заремин адвокато.

Оьрсаша вийначу цIийндех компенсаци йаккха хьийза 24 шо ду Нохчийчуьра йахархо

Оьрсийчоьнан эскархоша вийначу шен цIийндех компенсаци йаккха Нохчийчуьра йахархо Сусаева Сайхьат хьийза 24 шо ду. Цуьнан иск толлуш йу Ахматан кIошто. ГIуллакхан материалашкахь йаздарца, цуьнан х1усамда Сусаев Ахьмад а, лулара кхин а 30 вахархо а лечкъина хиллера Соьлжа-ГIалара номер 50 йолчу школин ларми чохь. ХIетахь Оьрсийчочьнан эскарша виъ стаг дIавигинера, шайца Сусаев а волуш. Цу хенахь дуьйна царах хилларг хууш дац. Маьрша нах лачкъийна бигарх бекхтакхаман гIуллакхаш а долийра.

Делахь а федералан эскарша дIахьедора, гIаттамхошца боьзна бу аьлла, шеконаш хилла лецнера шаьш божарий бохуш. Амма царах талламаш бинчул тIаьхьа буьйралло сацам бинера полкан декъа тIера уьш дIабахара аьлла. Цул тIаьхьа царах хилларг къастон аьтто ца хилла талламхойн.

2019-чу шарахь Соьлжа-ГIалара Ленинскан кIоштан (хIинца Ахматан к1ошта) кхело миллион сом компенсаци хIоттийра Сусуева Сайхьатна, йиссинчу зудчо кхо миллион сом царна тIедожинашехь. 2022-чу шарахь финансийн министралло къевисра и сацам. Кхелан кхеташо йу аьлла Сусаева Сайхьанте хаийтина цахиларна, керла сацам къовса аьтто ца хиллера цуьнан. Цундела тIаьхьо кхеле йелира иза арз чудала мега хан меттахIоттор доьхуш.

Нохчийчохь тIом барна тоьхна хан йацйина Астраханера вахархочунна

Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело йухалистина Астраханера вахархочо Якъуб Олега (Ермаков) наркотикаш йаржорца доьзна гIуллакх. Йуьхьанца исс шой, бархI буттий хан тоьхнера цунна колонихь йаккха – хан ворхI шарна тIе охьайаьккхина Якъуба Нохчийчохь а, Дагсетанехь а 2000-чу шеран гIуран-баттера 2001-чу шеран охан-батте кхаччалц тIемашкахь дакъалацарна.

Оцу йукъанна Iедалан къепехула 10 шарна тIера 20 шаре гергга хан кхачайора цунна набахтехь йаккха.

Астраханан вахархо лецира цо дIатаIийна хиллачу 44 грамм наркотикашна тIехула. Боккхачу барамехь лерира и. Кхелехь билгалдаьккхина, закладчик балха хIоьттинера Якъуб Олег маьхза наркотикаш шена хилийтархьама, хIунда аьлча, царах пайдаоьцуш ву иза. 2019-чу шарахь Астраханера кхело колонихь даккха итт шо гергга хан кхайкхийра цунна.

"ТаIзаре хIоттийнарг зулам дечу заманчохь а даймокх Iалашбеш тIамехь дакъалаьцна вара, делахь а и тIе ца чIагIдира кхел хилале гIуллакх толлучу хенахь а, йа кхелехь дов хоттуш а", - билгалдаьккхина Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелехь.

ХIара дуьххьара гIуллакх дац Якъубан – 2017-чу шарахь шозза кхел йира цунна некъан низамаш дохорна, колонихь даккха бархI шо кхайкхийра цунна оцу тIехула.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon
XS
SM
MD
LG