ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыров ца хестор а хета зулам дар". Нохчийчохь лелочу репрессийн логика


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Янгулбаев Абубакар – бакъонашларъяран "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юрист ву. Дахначу шеран ГIура-бутт бовш Нохчийчуьра цуьнан гергарчех шовзткъа стаг лаьцнера Iаьржачу барзакъца болчу, цабевзачу наха. ТIаьхьадогIучу деношкахь цуьнан виъ деваша воцург берриг дIахийцира, хIинца а хууш дац уьш стенгахь бу.

Нохчийчохь цуьнан гергарчийн хIусамашкахула рейдаш йинчул тIаьхьа ГIуран-беттан 28-чохь Пятигорскехь лецира ша юрист а. Терроризме кхайкхамаш барх бехкзуламан гIуллакхан артиклца теш санна левинера Янгулбаев. Талламан комитетан а, Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан экстремизмана дуьхьало латточу Центран а белхахоша бира цуьнан хIусамах таллам, схьаяьккхира телефон а, ноутбук а. Талламан версица, IADAT-н телеграм-каналехь зорбане яьккхина пост яра, терроризм къобалъеш. Каналца ша воьзна вац, йа иза лелош мила ву а ца хаьа шена аьлла, дIахьедира Янгулбаевс. Цул тIаьхьа маьрша ваьккхира иза.

Кхин а цхьа кIира хьалха махкахь леца болийра, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна криткиа ечу блогерийн а, бакъоларъярхойн а гергарнаш.

Туркойчохь вехачу Халитов Хьасана дийцира, шен да а, вежарий а, кхин а виъ гергара стаг а лачкъорах. Цунна тIаххье ден а, ненан а агIора шен ялх стаг дIавигарх хаамбира оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Кхин а цхьа де даьлча къаьстира, Астраханера Нохчийчу бертаза цуьнан стунана а, стунйиша а дIайигарх. Абдурахмановс дийцарехь, Астраханерчу полицино гIо динера уьш лоцуш.

ГIуран-беттан 23-чохь бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацино хааме даьккхира, шайн куьйгалхочун Садулаев Мансуран Нохчийчуьра гергарнаш лечкъорах. Оццу дийнахь вайра Германехь вехачу Human Rights Center Ichkeria ("Ичкерин адамийн бакъонийн центр") директоран Арцуев Асланан виъ гергара стаг. Даймахкахь бисинчу шен гергарчарна гIело еш хиларх лаьцна ролик дIаязйира Германерчу блогера Мализаев Микаила.

Масех де даьллачул тIаьхьа ша дIаяьхьначу пресс-конференцехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьахийра и тема, амма ша цунна гунахь хилар тIе ца дитира. Цо бахарехь, бакъонашларъярхоша а, блогерша а "вас йинарш" хила тарло, уьш бигарна бехке.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь юристо Янгулбаев Абубакара дийцира Нохчийчохь лелочу репресийн логикех а, Кадыровн оппонентех а, лечкъийначарех хиндолчух а.

- Стенца дузу ахь цхьабоса блогерийн а, бакъоларъярхойн а гергарнаш лечкъор?

- Суна хетарехь, Кадыровна кIордийна критика, цхьана а кепара кхин дIа цунна садетта лууш вац иза. ХIинца, иза ца хестош волу милла а – цуьнан мостагI ву. Кадыров ца хестор – хIинца сийсазалла ю. Иза оццул дика хиларна, цунна хетарехь, цунна муьтIахь ца хуьлийла дац. Схьагарехь, цо ойла ечух тера ду: "Хьажахьа, суна баркалле ца хила муха ваьхьнера хьо?" бохуш".

- Гергарнаш лечкъийначу Абдурахманов Тумсос а, Садулаев Мансура а бохура, уьш лечкъор шайн къаьстинчу жигараллин хенаца доьзна дацара. Уьш дIабигар хIинца хIунда нисделлера?

"Кадыровн самукъадаккхархьама Керлачу шеран юьххьехь лечкъабойла дара нах

– Суна хетарехь, юкъараллин гIуллакхадархоша санна цара лелочунна а, тIаьхьалонна а юкъахь уьйр лоьхийла дац. Керлачу шеран юьххьехь Кадыровн самукъадаккха а, цунна цабезарш дарбан а лаххьийна дIабигина хила тарло нах. Адамийн синойн кепехь совгIаташ хазахета царна. Блогерийн гергарнаш стохка лечкъабойла дацара, хIунда аьлча, хууш дацара мегий. Ван мукъна а мила ву и блогер, мила ву цунна тIехьа, цхьаммо а гIо латтош вуй иза – цунах уьш ца кхетта хила тарло. Проблемаш а кхечу тайпа хила мегара: стохка, масала, ницкъхой критикашна тIаьхьабевлла а ца лелеш, цара наркоманаш лоьхийла дара, ткъа критикашца а, церан нахаца а бала бацара. Дуьххьара тхо долчахь (Кадыров волуш) террорхой а, церан гергарнаш а лечкъабора, хьийзабора, бойура. ТIаккха экстремисташна тIебирзира. ТIаккха "нийса" дин лелош боцурш, цул тIаьхьа "нийса маж цалелораш", эххара а наркоманашна тIебирзира. Наркоманаш кхачийча, алкоголикаш лоьцура, уьш чекхбевлча палтуьйсурш а, бозбуанчалаш а къинхетамаллера бевлира, хIинца церан а доь довш ду. Iедална критика ечарна тIебирзина хIинца. Кадыров цавезарал а совнах, массарна а хезаш цуьнга болу безам ца кхийкхочарна а таIзар деш ду. Градус лакхайолуш ю, Iедалхошна муьтIахь хилар оьшу бахархошкара, дерриг а абсурде даьлла. Муьлххачу а диктаторан рожехь хуьлуш дерг ду хIара.

Янгулбаев Абубакар
Янгулбаев Абубакар

– Нохчийчохь гергарнаш лечкъийначарех мила велира шуьгара гIо доьхуш?

– "Iазапашна дуьхьалояран Комитете" велира Абдурахманов Тумсо а, цуьнан хIусамнана Альфия а. Чуьйрийн-Эвлара а, Соьлжа-ГIалара а, Йоккхачу АтагIара а шен гергара нах лечкъорах дIахьедира Тумсос, цуьнан зудчо шен нана а, йиша а йигарх. Цул совнах, сан дас-нанас а дIахьедира тхоьга, тхан гергара нах барах.

ХIинца муьлхха а иза ца хесториг  цунна гергахь мостагI ву-кх

Кхин цхьаммо а хаам ца бира тхоьга. Кадыровхоша бекхам бан тарло аьлла ца Iаш, нахана латкъамбар эрна хета. Нах лечкъочу структурашка кхочуш ду церан дIахьедарш. Хьуо хьийзийначуьнга хьо хьийзийна аьлла, арздар санна хIума ду иза. Цхьа пайда бала тарло, нагахь санна бакъонан механизм ахь юкъаяккхахь. Меттигерчу талллмчашна къаьсттина ца деза, бакъонан механизмаш юкъаялор. ХIунда аьлча, тIаккха кехаташ кегон деза церан, йозанаш лелон, кехаташ дIасакхехьийта. Царна и боккха болх бу. Царна атта ду хеттарш дешнашца листа, оцу сохьта шайн дош доха а деш. Ткъа документашца иштта ца нисло.

– Хьайн гергара нах бигарх хьуна муха хиира?

- Сайн дегара а, ненера а хиира суна.

- Хьуо бакъоларъярхо хиларе терра, хIун дира ахь царна а, кхечу лечкъийначарна а гIо деш?

- Ас информаци вовшахтуьйхира, мила, маца лачкъийна, мила дIахецна а хьожуш. Сайн доттагIий а, бевзарш а бохуьйтура ас, и нах лечкъийначу хIусамашка хьовса, аккаунташ тIехь мониторинг латтайора. Оьрсийчоьнан Талламан комитете зуламах дIахаийтира ас интернетехула. Бигина аьлла хетачу нехан цIераш тIехь тептар дIакхачийра. Зулам лайнарш бу уьш бохуш, чIагI ца дора ас, хIунда аьлча, Зуламан кодексехь жоьпалла ду харц хаамбинчунна тIедожош. Ас дехар дира, и нах стенга бахана, лечкъийний хьовсахьара, нагахь санна, лечкъийнехь, низамехь барамаш тIеэцахьара аьлла. Цкъачунна оцу урхалера деана жоп дац тхоьга.

– Кхин совнах хIумма а хаа аьтто белирий?

– Билггал хаьа суна, сан гергарчьаргара паспорташ а, уьш бехачу хIусамийн кехаташ а дIадахарх. Иштта дIадаьхна Соьлжа-ГIаларчу тхан доьзалан цIийнан кехаташ а. Нохчийчохь лела бакъонан нигилизм а, "бермудан кхосабераг" а лерича, тхан бахамах хIуъа а хила йиш ю. Цхьана кадыровхочунна дIадала там бу цIа. Со цецвер вац. Цкъачунна хIуммаъ дойла яц сан

– Полисхоша лечкъийначу нехан бахамах оцу тайпаниг хилла меттиг буй?

– Бу. Со Нохчийчохь болх а беш, цигахь вехачу заманчохь зенаш хиллачаьргара хезна ца Iаш, ницкъаллин структурийн белхахошкара а хезна ву со оцу кепарчух. Нотариусаша гIо а деш, долахочун лаамца а доцуш, харц кехаташ кечдеш, совгIатна луш, йа бахам бухкуш меттигаш хилла. Иштта нехан бахам шайн дола боккхура цара. Кхин а атта хьовза а тарло кхузахь: оцу тхан цIенойн кехаташ харц ду а аьлла, Соьлжа-ГIалин муниципалитетан дола даха тарло. Иштаниг а хилла ду.

– Лечкъйина бигинарш стенгахь латтийна хиллера?

ДIахоьцучаьргара паспорташ а, чу-ара ца бакхалун бахаман кехаташ а дIадоху

– МусаевгIар (сан ненахойн цхьа дакъа) латтийнера Соьлжа-ГIаларчу Ленинан кIоштан полицин декъехь, ткъа дехой Хьалха-Мартанан кIоштан полицехь. Соьлжа-ГIалахь бехачу дехойн цхьа дакъа Заводской кIоштан полицин декъехь латтийнера, хетарехь.

– Муьлш бу и нах, хIун лелош бу уьш? Царех цхьаберш Нохчийчохь пачхьалкхан структурашкахь белхаш беш, режимна реза болу нах бара бохуш, информаци яра.

- Сан ши деваша чоьхьарчу гIуллакхийн органашкахь белхаш бина ву, карарчу хенахь пенсехь ву и шиъ. Цу шиннех цхьаъ бизнес лелош ву, шолгIаниг – банкехь хадархо ву. КхозлагIа лачкъийнарг – Iеламстаг ву. Цхьа ненаваша хьалха Соьлжа-ГIалин мэрихь болх бина ву, муниципалан урхаллашкахь кеп-кепарчу даржашкахь кхахьегна а ву иза, ткъа тахана совдегар ву.

Карарчу хенахь ас цIеяьккхина виъ ницкъахоша лаьцна латтош ву. Зударий а, кегийрхой а юьхьанца дIахецнера. ДIахоьцучаьргара паспорташ а, чу-ара ца бакхалун бахаман кехаташ а дIадоху.

- Iедална муьтIахь берш а леца болийча, хIинца массо а ша лачкъорна кхоьруш хила веза, Сталинан заманахь санна бохург дуй иза?

- ХIаъ, дерриг а оцу тIе доьдуш дара. Мехкан урхалле Кадыров хIоттийча, юкъараллехь эхье дара иза къобалвар а, везар а, ямартхо санна тIеоьцура иза. Цул тIаьхьа тактика болхбан йолаелира, нагахь санна, хьо Кадыровца а велахь, иза хестош а хьо велахь, хьуна ло дарж, ахча, джипаш, шахьараш. ТIаккха дерриг а хийцаделира: ахь хеставе, тIаккха а диканиг хир ву. Цул тIаьхьа, цунна хастамаш ца бахь, ас лакхахь ма аллара, хьуна бекхам бора. Ахь Iедал хестадо, йа хьо Iедална дуьхьал ву.

ХIинца гIуллакх ца хуьлу нейтралан позицехь "хиъна Iерах". Кадыровс диллина цунах лаьцна дIа а хьедо нохчийн маттахь. Нохчийчохь цуьнгахьа боцуш, цунна дуьхьал а боцуш нах хиларх ца теша иза. ХIинца цхьана кепара тIегIанерчу Кадыровга болчу безамо а гIо ца до. Цунна диканца доьрзур дац иза аьлла, хета суна. Цаьргара сингаттам ца баьлла цхьа доьзал суна бевзаш бац.

– Абдурахманов Тумсон Астраханера лаьцна бигинчу стунзхойх лаьцна хIуммаъ а хаьий?

– Тумсон зудчун йиша меттигерчу полицин декъе тIекхайкхинера, цуьнан картица лелон курхаллаш совцо деза аьллачу бахьанаца. Цигахь цуьнга хьоьжуш хиллера кIайчу Toyota Corolla машенахь баьхкина нохчийн полисхой. Нохчийчу юьгур ю хьо, аьллера цуьнга. Ца гIойла а, дуьхьал йолийла а дацара цуьнан.

Петарчохь кхоьсинчохь яра, и йоцуш дIасалелалуш йоцу цуьнан Iаса а, телефон а

Цуьнца цхьана хиллера цуьнан 13 шо долу кIант. Иза а цхьана дIавига гIоьртинера ницкъхой, амма зудчун ка даьллера такси а лаьцна, иза цIа вахийта. ЦIа кхаьчча, цунна бухахь ца карийнера шен ненанана, Абдурахманов Тумсон стунана. Петарчохь кхоьсинчохь яра,и йоцуш дIасалелалуш йоцу цуьнан Iаса а, телефон а. ЦIе ца йоккхучу цамгарца йолу къано а цхьана лачкъийнера Нохчийчуьрчу ницкъхоша. Операци йина ю иза, химиотерапех чекхйоккхуш а ю, даим а молханаш а, лоьрийн гIо а оьшуш хьал ду цуьнгахь, ехха чохь латтор ловр дац цо.

- Ахь муха кхетадо, шен пресс-конференцехь Кадыровс нах лечкъорах хаттар айдар, царех лаьцна бекхам барх санна дийца а дуьйцуш?

- Резонансе тема яра иза, цунна терго ян лууш ша а вара иза. Цуьнан пресс-конференци хилале хьалхо лечкъийна хила тарлора и нах, гой шуна, шун гергара нах ас закъалтехь латттош бу, сайна лаахь – бойур бу алархьама. Нохчийчуьра хIора вахархо – Кадыровн закъалтхо ву, иза хууш ду. Бакъонех а, маршонех а пайдаэца таро яц Нохчийчохь цхьаьннен а. ЧIирх дерг аьлча, критика йинчунна чIир хьееш ца хуьлу. ЧIир – Библин принцип санна "око за око, зуб за зуб" бохург санна. ЦIий Iанийча – тIаккха догIу цIий Iанор. Нохчийн Iадаташца, стаг вийначунна тIехь хилла ца Iаш жоьпалла, цуьнан гергарчунна а кхачадо. Ткъа шариIатехь иштта дац, шарIо стаг вийначунна бен кхачош дац жоьпалла. Оьрсийчоьнан низамашца, чIир екхначунна бекхам бо Зуламан кодексан стаг верах йолчу артиклца.

Кадыровс къастам бахьара, муьлхачу бакъонан майданахь куьйгалла дан лууш ву иза – Iадаташца, шарIица, йа Констиутцица. Нагахь санна, хIора инаугурацехь дуйнаш бууш санна, Конституцица иза ваха лууш велахь, чIир екхар дихкина ду, цо иза йицъян еза. Цунна иза дегаза хета еза.

Нагахь санна, хIинца Кадыровс ма-боххура, цуьнан Iедална резавоцчунна чIир йогIуш елахь, тIейогIучу заманчохь цунна а кхача тарло иза, цуьнан политикана резабоцчаьргара цуьнан хьаькамашна а, цуьнан логикаца.

– Оцу кепара яккхий репрессеш еш сацам муьлхачу тIегIанехь тIеэцна бу аьлла хета хьуна?

Суна хетарехь, Москварчу Iедална ца лаьа цуьнан тергоян а, цунах лаьцна дийца а. Царна Нохчийчохь паргIато а, къомана тIехь урхалла дар а оьшу.

– Кремлан тIегIа яц аьлла, тешна ву со. Суна хетарехь, Москварчу Iедална ца лаьа цуьнан тергоян а, цунах лаьцна дийца а. Царна Нохчийчохь паргIато а, къомана тIехь урхалла дар а оьшу. Цул совнах, информаци ю, хьенан гергара нах лечкъон беза, мила вига веза боху сацамаш Мицаева Рубатица къамел хиллачул тIаьхьа тIеэцна бохуш.

(Мицаева Рубати - Ичкерин лидерех волчу Закаев Ахьмадан агIонча яра Мицаева Рубати – Ичкерин министрийн кабинетан векал ларалора иза. Шина а тIамехь дакъалаьцна цо Нохчийчохь, медйиша лелла, делира цунна Ичкерин лаккхара совгIат - "Къоман Сий" орден. ТIаьххьара итт шо Германехь даьккхина Мицаевас. Мицаевас жигаралла гойтура Европерчу нохчийн мухIажарийн бакъонаш къуьйсуш а, Кадыровн режимна дуьхьал а. Делахь а, ГIуран-баттахь Нохчийчу юхаера иза).

– Бакъоларъяран болх бита бохуш, тIедожош, цхьа а вистхиллий хьоьга?

– ХIан-хIа, ишта нах идочохь юьхь-дуьххьал хьоьга дIа ца олу, хьоьгара шайна хIун оьшу. Хьо хьуо кхета веза, закъалтхой дIахоьцург айхьа дан дезачух. Ткъе кхойтта гIуллакх дийр ду ахь, хьайна хетарехь, агрессоршна оьшург ду а моьттуш. Цул тIаьхьа хьайн гергарнаш дIахецначул тIаьхьа, ойла йо ахь, царна оцу доллучух а оьшург муьлха хиллера-те бохуш. Кадыровн хьехамчаша хIинцале а дIакхайкхийна нохчийн маттахь, юхавала некъ бац, "шу цкъа а кхуза юхадогIур дац, оха жоп доьхур ду шун гергарчу нахера" бохуш.

- Дуьненан юкъаралло кIезиг реакци хIунда йо Нохчийчохь дуккха а нах лечкъорна?

- Арахьарчу ресурсаша дукха яздира кхунах лаьцна. Дуьненаюкъарчу институташка реакци яйта дуккха а бакъйолу информаци оьшу, хиллачух дуккха а билггал болу хаамаш, амма цкъачунна дIахецначех цхьаммо а дIахьедар дина дац. Царна цунах лаьцна дийца лууш ца хилча, церан метта хIуммаъ а дойла яц. Масала, суна хаьа билггал сайн деваша лачкъорах. Иза волчу цIа юристаш бохуьйту оха. Цуьнан хIусамнана, йа цхьахволу доьзалхо дуьхьал волу, тхо цхьанхьа а дигина а дац, тхан дерриг а дика ду, тIаьхьара довлийша тхуна олий. Бакъоларъярхошна мел чIогIа лаарх, цигахь дан хIумма а дац.

***

Де хьалха оппозицин нохчийн блогеран Абдурахманов Тумсон гергарчара дIахьедира, шаьш цхьаммо а лечкъийна дацара аьлла. Iедалхошна муьтIахь йолчу инстаграм-каналашкахь яржийначу видео тIехь, цара неIалташ кхийкхадо бакъоларъархошна. Цхьана кIиранчохь кхозлагIа дIахьедар ду иза: Халитов Хьасанан а, Закаев Ахьмадан а гергарчара чIагIдора, шаьш лецна дацара бохуш.

Оьрсийн а, дуьненаюкъара а юкъараллаш, шайлахь Human Rights Watch, Norwegian Helsinki Committee, Amnesty International, International Federation for Human Rights, Iазапашна дуьхьалояран Комитет, арахьарчу агентийн тептаре яьккхина "Мемориал" а, "Гражданское содействие" а йолуш, президенте Путин Владимире бевлла. Цара дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарнаш байначу баттахь Нохчийчохь лечкъийна хиларх, тIедожийна Нохчийчуьра репрессеш хIуъа дай сацайе аьлла

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG