ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийн наношна" совгIат дина Австрехь


„Шеран европахо" цIе йолу совгIат дина "Австрерчу нохчийн наношна".
„Шеран европахо" цIе йолу совгIат дина "Австрерчу нохчийн наношна".

"Зударий доза доцуш" цIе йолчу цхьаьнакхетараллица цхьаьна болх барехь "Австрера нохчийн наной" цIе йолчу тобано дIахьош юэкстремизман дуьхьало яран проект. Цу проектана „Шеран европахо" цIе йолу совгIат делла. ПIераскан сарахь Венерчу хьалхарчукIоштахь цIеяхханчу исбаьхьаллин ателье чохь дIаяьхьира совгIат даларан церемони.

"Шеран европахо" цIе йолу совгIат дуьненаюкъарчу Reader´s Digest журнало юккъедаьккхина ду. Цу совгIатца Цхьаьнакхеттачу Европехь дуккхаъчу нахана тIеIаткъам бина йолу проект я болх болийна, я юккъебаьккхина, я ишттачу балхахь дакъалаьцна адам я тоба билгалйоккху.

Кху шарахь Британерчу жюрино къастийна йолу проект "Экстремизмана дуьхьал нанойн ишкол" цIе йолуш ю. Кхо шо ду и проект Австрерчу нохчийн нанойн цхьаьнакхетаралло вайнехан зударшца дIахьош йолу. Цу юкъана 4 тоба чекхъялла цу Iаморех, юкъарчу хьесапехь 50 герга зуда декъа а йолуш.

ТIаьхьарчу "Нанойн ишколан" декъа хиллачу итт нохчийн зудчунна дипломаш а делира совгIат даларан церемонехь. Цу зударех цхьаъ ю 45 шо долу Таймасханова Иман.

Шена вуно пайдехьа хилира цу проектехь дакъалацар бохуш дуьйцу цо: "ХIоранна а шенарг дийца а, шен доьзалца доьзна шена хаа луург хаа а аьттонаш бара цигахь. ХIинца, масала, сан чохь шиъ доьзалхо ву, кIант а, йоI а. Вайн гIиллакхашца догIуш дерг а, Iедалца дерг а, низамашца дерг а – дуккха а хуьлу хаа дезаш а, Iамон дезаш а. Шен хьекъалца чекх ца валало цхьа а стаг. Цундела вовшашца дага а довлуш, тхайна хаа луург хатта а хоттуш керла хIумнаш Iама таро хилира тхан. Со сайна цигахь дуккхаъ а пайдехьа а, керла а хIума Iемира аьлла хеташ ю".

Нохчийн зударий базбаран суьйре уггаре а вевзачех австрихойн бизнесхочуьн, "Формула-I" машенашхехкарехь кхозза дуьненан чемпион хиллачу Ники Лаудин хIусамненан Биргит Лаудин ательен кхерчахь дIадаьхьира.

Проектехь дакъалаьцначарна баркалла а олуш, уьш хастош йистхилира ша Биргит Лауда а, "Зударий доза доцуш" цхьаьнакхетараллин куьйгалхо Шлаффер Эдит а. Иштта нохчийн наной базбан баьхкинчарна юккъехь яра Австрин Баьццарчу партин куьйгалхо Глафишник Эфа а, арахьарчу гIуллакхийн министраллин, социалан а, зударийн а министраллин векалш а, ткъа иштта масех Европерчу пачхьалкхийн Австрерчу векалтийн белхахой а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG