ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

18 а, 19 а шераш кхайкхийна Псковерчу десантхошна кIелойинчу шинна


Наручники
Наручники

Ростов-ГIаларчу тIеман кхело тахана, шинарин дийнахь, бехк тIе а чIагIбина, шайн кхелан сацам бовзийтина, Нохчийчуьрчу Улус-Кертахь 2000-чу шарахь Псокверчу десантхошна тIелатар динера аьлла, таIзаре валийначу Дудиев Нажмудина а, Донашев ИбрехIимна а.

"Дудиевна 18 шо хан кхайкхийна набахтен шогачу хьелашкахь даккха. Донашевна 19 шо хан тоьхна", - аьлла, яздо "Интерфакс" агенталло, кхелан пресс-гIуллакхойн информайцех пайда а эцна.

2000-чу шарахь Чиллан-беттан 29-чохь даккхийн дарашца Соьлж-ГIалара арабевлла, Ведана агIор дIабоьлхучу нохчийн тIеман командиро Басаев Шемила куьйгалла дечу тIемалоша Улус-Кертана гергахь тIом болийра, шайна дуьхьал яьллачу Псковерчу десантхойн ротица.

Официалан версица цу тIамехь вийна 84 Оьрсийчоьнан эпсар а, салти а. 6 стаг чевнаш хиллехь а, дийна виснера. Нохчий дараш биллгал мел хилла хууш дац, амма уьш эзарнашкахь дара бохуш, чIагIдора Оьрсийчоьнан инарлаша.

Иза вуно доккха хуьнар гайтар лоруш ду Оьрсийчохь. Стохка Улус-Кертана гергахь хIоллам хIоттийра, цу десантхошна хьажийна, Нохчийчуьрчу Iедалша дакъа а лоцуш.

"Кавказ.Реалии" портало яздира. Оьрсийн десантхошна кIелоярна безхкебечу дукхахболчаьрга мукIарлонаш дойту, тIехь ницкъ а беш аьлла.

Соьлж-ГIалара ши вахархо Дудиев а, Донашев а лецира 2018-чу шарахь Лахьан-баттахь. Стохка ГIуран-беттан 11-хь хиллачу кхелан кхеташонехь Оьрсийчоьнан хиллачу кхаа эскархочо дийцира 2000-чу шарахь Улус-Кертана гергахь хиллачу тIамехь шаьш дакъалацарх. Амма цара даре ца дира Дудиев а, Донашев а Басаев Шемилан тIемалой бу бохург. Цу шинна билла цхьа а бехк бац шайн элира цара.

Кхунах тера

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG