ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байна нах, ден таIзарш, нохчийн эскаршна а, Кадыровна а хуьлу пайда


Суьртийн коллаж
Суьртийн коллаж

ОРШОТАН ДЕ
Террорхо Царнаев ЖовхIар вуьйш кхел кхочушяйта хьовсур бу федералан Iедалхой аьлла, дIахьедира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Дональда. Бостонехь йоьдучу марафонехь кхо стаг а вуьйш, 280-на чевнаш а еш, теракт ярна бехкевеш ву шен вешица Тамерланца цхьана Царнаев ЖовхIар. Дахначу пIераскандийнахь федералан аппеляцин кхело юхабаьккхира Царнаев ЖовхIар вен кхачош бина хилла сацам. И ца тайначу

Трампа шен Твиттерехь яздира: "Бостонера террорхочунна Царнаев ЖовхIарна санна вуьйш кхел йогIуш верг цхьа наггахь бен хир вац. "Пачхьалкхехь лелийначу къизаллашлахь уггар а къиза теракт дара иза" аьлла, кхелахоша дIакхайкхинашшехь, апелляцин кхело вен кхайкхош бина сацам юхабаьккхина", - аьлла. Иштта кхайкхамбира цо, Америкас магийта ца деза апелляцин вердикт, цул совнах, оцу процессо дуккха а хан дIа а лаьцна аьлла. Вен кхачор аппеляцин кхело юхадаккхаро дуьззина къаста ца до Царнаевх хиндерг. Цуьнан дов юхалиста дезар ду. Амма прокурорийн бакъо ю юха а иза вен кхачош болу сацам тIеэцийта хьовса. Карладоккху, 2013-чу шеран Охан-беттан 15-чу дийнахь динчу лелхийтаршкахь велира ши стаг, лазийра 280. Зулам дина ши ваша лоцуш, полицино вийра воккхахволу Царнаев Тамерлан, лецира ЖовхIар. Хиллачу кхело вежарий бехкебира терроран тохар дарна. 21 шо кхаьчначу ЖовхIарна вен кхачош сацам бира, шина вашас шаьш лаца тIаьхьабевллачу полисхойх цхьаъ вийна хилар а бехке а диллина. Дареш дечу хенахь Царнаев ЖовхIара дийцира талламчашка, шаьш лелха коьчалш вешин Тамерланан Массачусетс штатерчу Кембриджерчу петарахь кечйира, уьш еш шаьш туьканара эцначу пиротехникан патармех пайда ийцира, аьлла. Амма лерринчу ницкъашна ца карийра ларш цо дийцинарг бакъдеш.

ШИНАРИН ДЕ
Москвахь "наркотикан а, психотропан а препараташ лелорна" лецна, даймахка балийначу кегийрхошца къамелаш дира пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама а, чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана а, вице-премьеро Висмурадов Абузайда а.

Делимханов а, Кадыров Рамзан а
Делимханов а, Кадыров Рамзан а

ДIаязйинчу видео тIехь гойтуш бу, Москвахь а, Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашкахь а къепе йохийна кегийрхой (60 гергга стаг) Нохчийчу балийна, полисхошка а, муфтиятан векалшка а цаьрца профилактикан къамел дойтуш. "Нохчийн гIиллакхаш цхьаьнга а дохадойтур дац" шаьш боху, видео тIехь бистхуьлучу хьаькамаша. Цара дIахьедарехь, низам ца лардийраш даймахка юха а балош, цаьрга кеп-кепара беза белхаш бойтур бу. Оцу кепарниг дуьххьара дац Нохчийчохь. Кху шеран Зазадокху-баттахь хааме даьккхира, Москвара а, луларчу регионашкара а цIабалийначу кегийчу нахера бехкаш дахарх Делимхановс а, Алхановс а, Висмурадовс а, цара "наркотикаш лелийна, къаьркъанаш мийлина, къепе йохийна аьлла. Иштта, Куьршала кIоштарчу полицин декъан куьйгалхочо Агуев Рустама кхетош-кхиоран къамелаш дира изза бахьанашца лецна балийначу кегийрхошца. Корта бахон молханаш лелийна аьлла, массарна а хьалха дIахIиттийна, жоп дийхира Хьалха-МартантIерачу бахархошкара а.

КХААРИН ДЕ
Ткъа Оьрсийчоьнан тIеман министро Шойгу Сергейс цIеххьашха алапаш тIетуьйхи тIеман гIуллакх дечийн масех категорешкахь. ХIора баттахь церан алапа совдоккхучу омрана куьйг яздарх дIахьедира министро урхаллехь йоьдучу селекторан кхеташонехь.

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Алапаш лакхадаьхна эскарерчу авиаторшна а, хIордан а, ракетийн эскаршна а, Инарла штабан коьртачу урхаллан белхахошна а. 45 эзар тIеман гIуллакхдархочо оьцур ду лакхарчу барамехь алапаш тIейогIучу хенахь. Шойгус бахарехь, баттахь 23 эзар сом ду тIекхеттарг. И бохург ду, цуьнан омра кхочушдан хIора баттахь бюджетера миллиард сов сом оьшург хилар. Омрана ша куьйг таIийна кхо кIира хьалха аьлла. дIахьедина министро. Байначу беттан хьалхарчу дийнера схьа дуьйна дала долор долуш ду тIетоьхна ахчанаш.

ЕАРИН ДЕ
Нохчийчохь юха а коронавирусан хьал бахьана долуш, кхерамаш тийсар долий. Нагахь санна, масканаш а йоцуш, туьканчу оьхучу эцархошна хIума йохкахь, 30 эзар сом гIуданаш деттар ду шаьш аьлла, кхерамаш тесна Нохчийчуьрчу долахошна. "Полисхо Зелим" ву ша бохуш, цхьана жимачу стеган цIарах яржйина оцу дIахьедарца социалан машанашкахула аудио.

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дуьххьара гIуда тухур ду, шолгIа ледарло ялийтахь, туька дIакъовлур ю боху хаамбечо. Ерриг республикехь масканий раж чIагIъяр дIакхайкхийначу юкъаралан а, экономикан а кхерамзаллан кхеташонан секретарна Кадыров Хас-Мохьмадна тIетевжаш деш ду Зелима шен дIахьедар. Iедалхойн тIедиллар кхочушдеш, йохкаран центрашкахь а цхьана низамаш лардан хьийза: туькана чувогIучуьнга куьйгашна дезинфекци а йойтуш, масканаш лелош хиларна тIехь терго латтайо цара. Махкарчу могашалла Iалашъяран министро тIаьххьара динчу дIахьедарца, республикехь карантинехь латтош ву 2 543 стаг. Ун даьлла ву 2 140 вахархо. Дарба хилла 1 418 пациентана. Эпидеми яьржичхьана COVID1-19 уьнах кхелхина 34 дархо.

ПIЕРАСКАН ДЕ
Цхьана шерачохь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна хуьлу пайда хаъал алсамбаьлла. ПIераскан дийнахь шен официалан сайтехь цо зорбане яьккхинчу декларацица а догIуш, стохка Дечкен-беттан 1-чу дийнера ГIуран-беттан 31-чу дийне къаччалц лаьрча, 147 997 849,29 сом даьккхина цо. Оцу юкъанна, 2018-чу шарахь цунна тIедеанчу рицкъан барам 7, 78 миллион сом хилла.

Даудов Мохьмад а (аьрру агIорхьара), Кадыров Рамзан а
Даудов Мохьмад а (аьрру агIорхьара), Кадыров Рамзан а

Тептарехь багар мел бина чу-ара ца баккхалун цуьнан бахам Оьрсийчоьнан территори тIехь бу боху. 3 668 йиъкIов метар лаьттан дакъа а, 2344,6 йиъкIов метар дакъа дIалаьцна цIа а, иштта кхин а 28 361 квадратан метар йолу лаьттан дакъа а ду Кадыровн долахь.ТIаьххьара объект стохкалерачу деклоараци тIехь язйина яцара. Нохчийн куьйгалхочун хIусамненах дерг аьлча, цуьнан цIартIехь болу бахам - 209,8 йиъкIов метар майда йолу цхьа петар. Бакъду, стохка 60 эзар соьмана бен пайда ца хиллехь а, кху шарахь рицкъ алсамдаьлла: 2 456 321,31 сом. Деклараци тIехь билгалдаккхарца, КадыровгIеран долахь кхин а цхьа цIа ду - 300 йиъкIов метар майда дIалоцуш. Байначу беттан 20-чохь Iазапаш лелорна а, кхел йоцуш нах байъарна а, кхиндолчу бакъонаш йохорца а доьзна, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал керла санкцеш ехира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто. Санкцеш хьакхаелира цуьнан хIусамненах Кадырова Медних а, йоьIарех Iайшатех а, Каринех а.

ШОЬТАН ДЕ
Кхо шо кхечи нохчийн иллиалархо Бакаев Зеламха Соьлжа-ГIалахь вайна. Масех денна хьажа-хIотта да-нана долчу веана, Москвахь болх беш, вехаш волу Бакаев, тIепаза вайра 2017-чу шарахь Марсхьокху-беттан 8-чу дийнахь. Нохчийчуьрчу цхьана бакъонашларъярхочо къайлах «Кавказ.Реалии» порталца къамелехь аьллера, Бакаев лаьцна латторна бехке Кадыров Рамзанан администрацера лаккхара даржхо ву аьлла.

Бакаев Зеламха
Бакаев Зеламха

Амма хууш дацара, муьлхачу бахьанашца къайлаваьккхинера иллиалархо. Нохчийчоьнан къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а, зорбанан а, информацин а хIетахь хиллачу министро Умаров Джамбулата иллиалархо варах хаамашкахь дестийна дийцар «сонта хIума» ду элира. Цхьа хан яьлча, ша гучувер ву шуна, элира министро. «Настоящее время» телеканална интервью луш, Бакаев хьахавелча, ша тIехьерчийначу декхарех лечIкъина ву иза аьллера Умаров Джамбулата. ТIаьхьо Нохчийчохь вайна Бакаев Зеламха Германехь гучуваьлла аьлла, хаам баржийра меттигерчу "Грозный" телевизионехь,видео а гойтуш. Ткъа оцу видеон талламаш бинчул тIаьхьа журналисташа дIакхайкхйира, видеоклип Германехь яьккхина ца хиларх.Оьрсийчоьнан бакъонашларъярхойн хаамца, Еврокомиссино тIечIагIдира, Соьлжа-ГIалахь вайна Бакаев Зеламха Европе кхаьчна цахилар. Ша Германехь ву бохуш, Бакаевс къамел ден видео «хIоттийна» ю аьлла, дIахьедира бакъонашларъярхошна, Оьрсийчоьнан омбудсмен Соьлжа-ГIала еанчул тIаьхьа. "Дэйли Шторм" хаамийн гIирсана мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана еллачу интервьюхь, бехкзуламан гIуллакх схьа а диллина, "са ма гатде", "лохуш ду" бохуш, кIентан гергарчу нахана кхелан системехь болучара дегайохо а латтош, "декхарех ведда", "ша шена пиар еш ву", "кеста гучувер ву" кхечу декъо а бохуш, латтийначу Бакаев Зеламхан кхолламех шолгIа дIахьедар дира. Я ша а, я ницкъаллийн структурийн белхахой а юкъара бац бохура цо, кIант варна. Цуьнах бакъдерг БакаевгIеран доьзалехь лаха деза бохура цо."Цуьнан дена а, шичойшна а ма хаьа дерриг а ма-дарра, хIунда ца хоуьйтуш ду кIентан нене, цуьнах хIунда хьулдина? Шайн доьзалехь цакхетамаш, прооблемаш ю церан… Нагахь цхьа доьхнарг а дина, наркоман цIера веддехь, хIун бехк бу сан а, махкарчу Iедалан а?", - бохуш, хеттаршка вуьйлура хIетахь мехкан куьйгалхо.

КIИРАНАН ДЕ
Санкт-Петербургерчу хаамийн гIирсаша яздо, шоьтан буса Конюшеннан майданахь миграцин белхахоша рогIера кехаташ толлучу юкъанна, Нохчийчуьрчу жимачу стага цхьана белхахочун пхьаьрс чуьрабаьккхина хиларх.

Санкт-Петербург, полици
Санкт-Петербург, полици

36 шо долчу миграцин векало кехаташ гайта аьлла, шега дехар дича, цуьнан пхьаьрс хьовзийна хиллера Нохчийчуьрчу 21 шо долчу кIанта. Полисхоша дIалаьцна зуламхо, лоьрийн гIо кхаьчначул тIаьхьа, могушаллина кхин даккхий зенаш хилла цахиларна, миграцин хIукматан белхахо шен балха араяьлла. Административан протокол хIоттийна низамаш дохийначу Нохчийчуьрчу вахархочунна. Ткъа чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан миграцин хьукмат латкъамбан хьийза, цунна тIе гIуда дожош. Карарчу беттан 4-чохь, Москвахь харцахьалелла кегийрхой даймахка а балийна, цаьрца профилактикан къамелаш дира пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама а, чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана а, вице-премьеро Висмурадов Абузайда а. Интернетехь яржийначу видео тIехь гойтуш бу, Москвахь а, Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашкахь а къепе йохийна кегийрхой (60 гергга стаг) Нохчийчу балийна, полисхошка а, муфтиятан векалшка а цаьрца къамел дойтуш, юьхьяхарца. "Нохчийн гIиллакхаш цхьаьнга а дохадойтур дац" шаьш боху, видео тIехь бистхуьлучу хьаькамаша. Цара дIахьедарехь, низам ца лардийраш даймахка юха а балош, цаьрга кеп-кепара беза белхаш бойтур бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG