ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эша тарлой ЭрдохIан рогIера боцчу харжамашкахь?


Туркойчоьнан президент ЭрдохIан Реджеп.
Туркойчоьнан президент ЭрдохIан Реджеп.

Мангал-беттан 24-чохь, хила безачул а 17 бутт хьалхе, президентан а, парламентан а харжамаш хир бу Туркойчохь. Уьш кхайкхийнарг вара президент ЭрдохIан Реджеп. Харжамаш оьшуш бу элира цо, "керла ницкъ болу президентан Iедалан система дIахIотто" а, "ширачу системин сакхтех хьалхадовла" а, яздо Маршо Радион "Настоящее время" портало зорбане яьккхинчу материалехь.

РогIера боцу президентан харжамаш барца ЭрдохIан тешна волчух тера дe, ша толам боккхур хиларх. Амма тIаьхьарчу хенахь юкъараллана хетарг къастош дIабаьхьначу талламаш гайтарехь, толам баккхаре сатийсам буьсуш бу кхечу кандидатийн а.

Муьлш бу ЭрдохIанца дарж къуьйсурш?

Нийсонан а, кхиаран а парти а, Къоман боламан парти а олучу шина партех лаьттачу ЭрдохIанан коалицина дуьхьаллаьтташ ю еа партех хIоттаелла шуьйра коалици.

Цунна юкъахь ю динца йоьзна йоцу Республикан халкъан парти а, Дика парти а, Демократин парти а, ткъа иштта ЭрдохIанна дуьхьал йолу бусалбанийн Ирсан парти.

Цу коалицехь дукхаха берш бу Республикан халкъан партера а, Дикачу партера а динца боьзна боцчу националисташ.

Цу коалицин цIарх президентан харжамашкахь дакъалоцуш ву бусалба-суннатхо Индже Мухаррем а, Туркойчуьрчу нахана вуно товш йолу Дикачу партин хьалханча йолу Акшенер Мерал а.

Индже Мухаррам
Индже Мухаррам

1990-чу шерийн шолгIачу декъехь Акшенер йоццучу хенахь чоьхьарчу гIуллакхийн министр хилла ю Эрбакан Неджметтинан бусалбанийн Iедалехь, ша иза аьттоагIорхьарчу либералийн цIарх цу Iедале хьажийна хиллехь а.

Акшенер Мерал
Акшенер Мерал

ТIаьхьо Акшенер парламенте хаьржийра националистийн цIарх, амма гIараелира и зуда националистийн лидер Бахчели Девлет парламентан харжамашна кечлуш шайн кандидаташна иза юкъатоха реза ца хилча.

Политологашна хетарехь, Инджес эша мега ЭрдохIанна, амма тола мега Акшенерал а.

Делахь а шолгIачу муьрехь Индже толам баккха мегаш ву ЭрдохIанна тIехь, нагахь цуьнан аьтто балахь оппозицин кхаьжнаш шегахьа дерзо.

ХIун бахьанаш ду оппозицино толам баккха мега ала?

2017-чу шарахь хиллачу референдумо ЭрдохIан тоьлла хилар гайтира, коьртачу декъана жимачу гIаланашкарчу а, ярташкарчу а бусалба дин дезачу бахархоша цунна шайн кхаьжнаш далар бахьана долуш.

Амма яккхийн гIаланаш (Истанбул, Хьонкара, Измир) хьалха санна юьсуш ю коьртачу декъана динца йоьзна йоцуш. Цигара харжамхой дукхаха берш дуьхьал хуьлуш Iедал ду ЭрдохIанна.

Референдум хиллачул тIаьхьа Францерчу Ipsos компанино социологин таллам бира Туркойчохь. Цо гайтира ЭрдохIанна дIалуш долчу кхаьжнийн терахь лахлуш хилар. ХIора шарахь 1 миллион къона харжамхо тIекхета Туркойчохь. Ткъа референдумехь цунна дуьхьал кхаж тесначу кегийрхойн терахь дара 48,5 %. Иза тидаме эцча, зама а ю ЭрдохIанна дуьхьал болх беш боху, цхьаболчу тергамхоша.

Эксперташа дийцарехь, ЭрдохIанна дуьхьал болх беш ду экономикан хьал. Эххаре а Туркойчуьра бахархой кIадбелла ЭрдохIан Iедалехь волу 16 шо хиларна, аьлла хета царна.

ТIаьхьарчу хенахь ЭрдохIана гIалат далийтича бахархой цунна къинтIера бовлар а лахлуш ду махкахь. Масала, цхьана шен къамелехь ЭрдохIана элира: "Нагахь адамаша 'Тоьар ду!' (Тамам) алахь – со дIагIур ву". Цул тIаьхьа твиттерехь 1,8 миллион стага посташ йира, "татам" дош а лелош. (Туркойчуьрчу бахархойн терахь ду 82 сов миллион стаг).

Хир буй харжамаш цIена?

Малхбузерчу а, оппозицин а политологашна хета ЭрдохIанан Iедало 2017-чу шарахь референдум йолуш кхаж тасарна Iаткъам бина хила мега аьлла. Коьртачу декъана буьйцурш бу курдийн къомах болу мухIажираш. Царах дукхаха берш дуьхьал кхаж таса мегаш бара аьлла хета аналисташна, нагахь царна бакъо еллехь. Кхечу кхачамбацаршна юкъахь хьехош ду, бозуш боцу тергамхой цхьайолчу харжамийн каппашка ца битина бохург.

И тайпаниг хила мега боху кху беттан 24-чохь хир болчу харжамашкахь Reuters агенталло хаттар деллачу политологаша.

Оьрсийчоьнна а, кхечу пачхьалкхашна а хIун маьIна долуш бу Туркойчуьра харжамаш?

Шина а партино коьртачу декъана юьхьарлаьцнарш дац арахьарчу политикца доьзна хаттарш. Цара тидам тIебахийтинарг ю экономика а, дешан маршо а, репрессеш а, ткъа иштта туркойн пачхьалкх динца йоьзна я динцаа йоьзна йоцу кеп йолуш хилар а.

Делахь а, оппозицин коалици толахь цу гIуллакхо вуно боккха Iаткъам бан мега Туркойчоьнан арахьарчу политикана.

Iамеркан тешам байна ЭрдохIанах. Туркойчоь НАТО-н декъашхо юьсуш ялахь а, Iамеркерчу дуккха а политикаша къобал ца йо ЭрдохIана, Ислам дин бухахь а долуш, дIахьо курс а, цо ГIажарийчоьнца лело политика а, НАТО-х йозуш йоцу политика дIаяхьар а.

Ткъа динца йоьзна йоцу партеш Iедале ягIахь, царна алсам гIортор ян мега Цхьаьнатоьхначу Штаташа, боху цхьаболчу аналисташна.

Амма, нагахь харжамаш чекхбевлча Туркойчоьнан арахьара политика мелла а Iамеркаца а, НАТО-ца а алсамчу декъана юкъаметтигаш лелош хилахь, иза дика кхаъ хир бац, ЭрдохIанца хала а, цхьаьна ца йогIу а юкъаметтигаш лелочу Оьрсийчоьнан куьйгаллина.

Иштта бу Маршо Радион "Настоящее время" проекто зорбане яьккхинчу материалан боцца чулацам.

Кхунах тера

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG