ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Уггар а маьршачу" махкахь Iазапаш, нах байъар, спецоперацеш. 2020-чу шеран Нохчийчуьра жамIаш


Нохчийн меттан денна леринчу барамехь (архивера сурт)
Нохчийн меттан денна леринчу барамехь (архивера сурт)

Стохка Нохчийчохь лечкъийра Iедална муьтIахь боцу нах, бозуш боцчу блогерийн агIончашна тIаьхьабевлла а лийлира, ницкъбира меттигерчу бахархошна, холмачалла лелийнарш пачхьалкхан телевизионе а балош, цаьрга гечдарш дехийтира. Иштта, федералан бюджетан ахчанех гIишлош йира, ткъа дуьйцура, Кадыров Ахьмадан Фондан чоьтах хьалайина, бохуш. Кавказ.Реалиин материалехь дуьйцу шеран коьртачу жамIех лаьцна.

Спецоперацеш а, нах лецарш а

Оьрсийчоьнан регионашлахь "Нохчийчоь - уггар а кхерамза" республика ю олура масийттазза шен дIахьедаршкахь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Бакъду, дахначу шарахь "уггар а синтемечу" республикан имидж талхийра махкахь хиллачу еа контртерроран операцино а, цхьана терроран тохаро а.

ГIадужу-беттан 11-чохь Нохчийчуьрчу Серноводскан кIоштарчу Ассиновскехь ши стаг вийра, Iедалхоша тIемалой бара уьш аьлла, дIакхайкхийра. Вара царлахь Байдулаев Казбек а.

Кхин а ши де даьлча, ГIадужу-беттан 13-чохь, Соьлж-ГIаларчу Октябрьскан кIоштахь вийра виъ стаг, ницкъахоша гIаттамхой бара уьш аьлла, дIахьедира юха а. 1996-чу шарера Цураев Мохьмад а, 1992-чу шарера Магомедов Мохьмад а, 1992-чу шарера Муртазалиев Рамзан а, 1998-чу шарера Имамурзаев Майрбек а хиллера уьш. Берриш а Нохчийчоьнан бахархой бара. Хьалха Шемахь хилла аьлла, оперативан базехь язбина, лехамашкахь а хиллера уьш, чIагIдора Кадыровс.

ГIуран-беттан 16-чохь ТIехьа-Мартанан кIоштахь юха а тIемало вийна аьлла, дIахьедира, Байдулаев Казбек ву бохура иза юха а. Официалан версица, караван дуьхьал реза ца хиллера Байдулаев, тIаккха полисхошна дуьхьал граната кхоса дагахь хиллера иза, ницкъахоша герз тоьхна, вийнера иза. Иштта, шина баттахь шозза байъинчийн могIарехь хьахийра иза.

Соьлж-ГIалахь Керлачу шарна база дIа а хIоттийна, шира шо дерзорах дIакхайкхон а ца кхиира нохчийн Iедалхой, мехкан коьртачу шахьарахь ППС-н белхахошна тIелатар дира ГIуран-беттан 28-чохь.

Цунна бехкевира ТимурзиевгIеран ши ваша Хьасан а, Хьусейн а. Оцу инцидентехь цхьа полисхо вийра, шолгIачунна чевнаш йира. Зулам динчу меттигехь вийра ший а ваша а.

Нохчийчоьнан Iедалхоша ТимурзиевгIарна чIир кхайкхае аьлла, кхайкхамбира. Ткъа Кадыровн дешнаш тесна дитира Москвахь а.

Стохка лоьцуш бара Нохчийчохь хиллачу шолгIачу тIамехь дакъалаьцнарш а цхьана. ГIаттамхошлахь хилла ву аьлла, шеконаш хилла Мескер-Юьртара вахархо лецира Зазадокху-беттан 24-чохь. ГIадужу-беттан 26-чохь Ростов гIалахь лецира Дотмерзаев Адам а, Ашаханов Муса а, изза бехкаш а дехкина.

Оцу юкъанна Владимирскан кIоштахь дIалецира Нохчийчуьра вахархо Башаев Майрбек. 2000-чу шарахь десантхошна тIелатар дина ву иза аьлла, шеконаш кхоллаеллера цуьнан хьокъехь.

ТIаьххаьра, Лахьан-беттан 30-чохь дIакхайкхийра, полисхойн версица, буьйранчийн Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанашкахь дакъалаьцна ву аьлла, Идалов Саламбек а, Асланбек а лаьцна аьлла.

Тепсуркаевн гIуллакх а, нах лечкъор а

Оппозицин каналашца а, блогершца а уьйраш хилла аьлла, шеконашца леца болийра 2020-чу шарахь нах. Гезгамашин-баттахь гIараделира IАДАТ телеграм-каналан модератор Тепсуркаев Салман лачкъийна вигарх. Цунна тIехь сийсазалла лелош яьккхина видео яржийра социалан машанашкахь. Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа цунна дина таIзар "догIуш дина ду" элира. Стенгахь ву тахана жигархо, хууш дац. Европан адамийн бакъонийн кхелехь Оьрсийчоьнан векалша тIе ца дуьту, иза къайлаваккхарна шаьш гунахь хилар.

Тепсуркаев воцург а, стохка Гезгамашин-баттахь, мел лахара а, Нохчийчуьра 53 стаг вигира лачкъийна. "Кавказский узел" агенталло яздора, царлахь зудий, майрий, кхиазхо а ву аьлла.

Журналисташна хетарехь, Тепсуркаевца зIенехь хилла нах гучубахархьама, идош хиллера и нах. Бакъоларяъран "Мемориал" центран зерашца, Чечанара ворхI вахархо а вигира Iедалахоша. Устрада гIаларчу полицин декъехь тIехь къизаллаш а лелош, масех кIиранчохь лаьцна а латтийнера уьш.

Iедалан критикаш байъар

Дахначу шарахь хааме даьккхира, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна критика йина Малхбузен Европерчу пачхьалкхашкахь масех стаг вийна аьлла. Чиллан-баттахь Францин Лилль гIалахь вийна карийра нохчо Алиев Iимран, Товбеца-баттахь Австрин Герасдорф гIалахь герз диттина вийра блогер Умаров Мамихан. Иза вийна аьлла, кхоллаеллачу шеконашца лаьцна ву Нохчийчуьра ши стаг – Ахтаев Сарали а, Магамадов Салман а.

Чиллан-беттан 26-чохь вен Iалашонца тIелатар дира Швецехь оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона. Оцу гIуллакхна тIехула лаьцна хиллачу, Нохчийчуьрчу вахархочунна Мамаев Русланнаитт шо хан туьйхира карарчу беттан 8-чохь. Ткъа цуьнца декъахь хиллачу Шапиаева Эльмирина бархI шо кхайкхийра.

Лецна, "кхеле" хIиттийначу нахе гечдарш а дехийтира дахначу шарахь. Пачхьалкхан "Грозный" телеканалехь кест-кеста гойту, бертаза камера хьалха а хIиттош, дохкобуьйлуьйту нах. Дукха хьолахь, телеканалан сюжеташкахь гойтура, пал тосучу нахана тIеихина, йа къепе йохийна аьлла, бехкебина нах.

Санкцеш

2020-чу шарахь Американ Цхьанатоьхначу Штаташа санкцийн тептаре ваьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, цо адамийн бакъонаш хьоьшу аьлла. Санкцеш хьакхаелира цуьнан хIусамненах Кадырова Меднех а, церан шина йоIах Кадырова Iайшатах а, Каринех а.

ГIуран-беттан 10-чохь Американо санкцийн Iаьржачу тептаршка яьккхира "Ахмат" футболан клуб, "Магнитскийн Глобалан актан" бух тIехь. Адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларца, Iорабевлла нах язбо оцу тептаре.

Иштта санкцеш кхайкхийра "Мегастройинвест", "Нохчийн минералан хиш" компанешна а, ийначу кепехь латарийн промоутеран Absolute Championship Akhmat компанина а.

Оццу дийнахь Британино санкцешна юкъа вахийтира Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад а, Устрада гIалин полицин декъан хьаькам лаьттина Катаев Аюб а, республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара гIовс Алаудинов Апти а.

Кадыровн гергара нах а, цIераш хийцар а

Санкцеша новкъарло ца йира республикан урхалхочунна, шен гергара нах Iедалхойн даржашка балон. Спортан министр хIоттийра Кадыровс шен вешин кIант Кадыров Хьамзат, ткъа йоккхайолу йоI Iайшат культурин министран хьалхара гIовс хилира.

Берийн бошмаш а, школаш а, культурин хIусамаш а ца ягарйича а, Нохчийчохь 346 урам бу КадыровгIеран цIийнах мел болчийн цIарах аьлла, ларарш дира стохка журналисташа. Масала, БIачи-юьртара спорткомплекс Кадыровн 15 шо долчу кIентан цIарах ю аьлла, дIакхайкхийра ГIуран-баттахь.

Мангал-беттан юьххьехь регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондо 2019-чу шеран жамIаш довзийтира. Цаьрца а догIуш, Фондана 6 миллиард соьмана пайда хиллера.

Кавказ.Реалиино яздира шен материалашкахь, фондо кхочушйина бохуш, Iедалхоша кхийкхош йолчу проектех дукхахъерш пачхьалкхан бюджетерчу ахчанех йина ю аьлла.

2020-гIа шо карадеачхьана динчу зерашца, Нохчийчоь а, Къилбаседа ХIирийчоь а уггар а маьрша, паргIат республикаш ю, зуламаш дар зийча аьлла, дIакхайкхийра ГIадужу-баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG