ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Футбол а, политика а, адамийн бакъонаш а


Нохчийчоь -- Мисран кемано Соьлж-ГIала кхачийна шайн фуьтболан къоман тоба. Соьлж-ГIала, Мангал. 10, 2018
Нохчийчоь -- Мисран кемано Соьлж-ГIала кхачийна шайн фуьтболан къоман тоба. Соьлж-ГIала, Мангал. 10, 2018

Оьрсийчохь футболан дуьненан чемпионат йолаяла дисина 2 де а долуш, Европарламентан депутаташ меттахбевлла цунна бойкот яре кхайкха деза аьлла. Цу Iалашонца Оьрсийчохь адамийн бакъонаш ларъярх лаьцна шаьш хIоттийначу резолюцина юкъа дипломатин бойкотах дакъа дало дагахь бу уьш.

Европарламентан декъашхошна хетарехь, Евробертан Iедалан векалш чемпионате хьовса Оьрсийчу баха оьшуш дац.

Карарчу хенахь Оьрсийохь дIайолалуш йолчу дуьненан чемпионатна бойкот кхайкхорах лаьцна дIахьедар дина лаххара а 5 пачхьалкхан политикан куьйгалло.

Британин премьер-министро Мэй Терезас Зазадоккху-баттахь хаам бира, Солсбери гIалахь шалха агент хиллачу Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана Юлияна а дIаьвшен тIелатар дар бахьана долуш, паччахьан доьзалш а, Британин министраш а Оьрсийчу боьлхуш цахиларх лаьцна.

Царна тIетайра Исланди. Чемпионат схьайоьллучу церемони ваха дагахь вац Полшин президент Дуда Анджей а. Кху беттан 7-чу дийнахь Оьрсийчу ца баха сацам бира Австралин Iедалан декъашхоша. Цу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министр йолчу Бишоп Джулис дIакхайкхийра, футболан лавзаршка бIаьргтухуш шайн Москох векал хир ву аьлла.

Оьрсийчоьнан территорина тIехь хуьлучу дерриг а спортан къийсадаларшна бойкот кхайкхийна Украинин Iедалша.

Футболан дуьненан чемпионат хилар бахьана долуш, Оьрсийчоьнна шайн тидам тIебахийтина дуьненерчу адамийн бакъонашларъярхой юкъарлоно.

Иштта, Iамерказ аз" портало бинчу хаамца, Iамеркан Хелсинкин комиссина хетарехь, фуболан дуьненан чемпионатехь толам баьккхина тобаншна совгIаташ далар дIадахьа деза "Оьрсийчоьнал арахьа", цу пачхьалкхехь адамийн бакъонаш талхош хиларна.

Цул сов цу комиссоно кхайкхам бина чемпионатан декъашхошка а, хьешашка а "турнир тIеоьцучу пачхьалкхан куьйгалхо Путин Владимир гуш-хезаш къобалвеш" хIуманаш ма леладахьара аьлла.

Хьалхо Human Rights Watch вовшахтохаралло дехнера Путине Шемара маьрша бахархой хьийзор сацаде аьлла. Цу вовшахтохараллан куьйгалхочунна Рот Кеннетана хетарехь, "уггаре кху дуьнентIехь шуьйра гойтуш болу хилам шайн махкахь тIеэцарца, Оьрсийчоь тIекIадьян лууш ю дуьненаюкъаралла, ша лараре сатуьйсуш".

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадаров Рамзан а вац цу гIуллакхна юьстах вуьсуш. Чемпионат дIахьош футболан цхьа а ловзар Соьлж-ГIалахь хир дацахь а, цуьнан аьтто баьлла Нохчийчоьнан коьртачу гIалахь дIатаръян Оьрсийчоьнан тобанца хьалхарчу муьрехь ловза езаш йолу Мисаран тоба.

Дуьннена а вевзаш волу Британерчу "Ливерпулан" къона форвард Мохьамед Салахь коьртехь волу мисаран тоба республике схьакхачарх лаьцна массарел хьалха хаам бира Кадыровс шен Telegram каналехь. "Тоба дIатарйина керлачу пхи седа болчу The Lokal хьешийн хIусамехь. Ловзаршна кечлур ю иза 'Ахмат-Арена' спорткомплекехь. Марша догIийла Оьрсийчу!", - яздира Кадыровс.

Кхузахь ала деза, дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхойн вовшахтохараллаша ФИФА-га кхайкхам бина хиларх лаьцна, Оьрсийчоьнан Iедалшка Нохчийчохь нароктикаш лелорна лаьцна волу меттигерчу "Мемориалан" декъан куьйгалхо Титиев Оюб дIахецийтар доьхуш. Амма цуьнах гIуллакх ца хилира.

Цу хеннахь, хIора 10-гIа (11%) Оьрсийчоьнан махкахо дог дохуш ву шайн мехкан футболан тоба дуьненан чемпион хIоттаре.

Иза гойтуш бу юкъараллана хетарг толлучу ерриг Оьрсийчоьнан центро (ВЦИОМ) бина таллам. Амма кхин а дукха бу финалан декъе Оьрсийчоьнан футболхой бевр бац аьлла хетарш – 19 %.

Дуьненаюкъарчу футболан федерацин (ФИФА) рейтингехь 70-гIа меттиг дIалоцуш ю Оьрсийчоьнан футболан тоба. Оццул лахарчу тIегIантIе иза охьайоьжна яцара цкъа а.

Оьрсийчоьнан тобанан йолчулла а лакхара рейтиг ю ур аттал цо чемпионатехь шен хьалхара ловзар дIахьур долчу СаIудин Iаьрбийн пачхьалкхан тобанан а (67). Ткъа Оьрсийчоьнан футболхой ловзур болчу кхечу шина тобанах лаьцна аьлча, ФИФА-н рейтингехь Мисаран футболан тоба ю 45-чу меттехь, ткъа Уругвайн тоба дIалоцуш ю 14-гIа меттиг.

2018-чу шеран футболан дуьненан чемпионат йолалуш официалан церемони хир ю Москох "Лужники" стадионехь Мангал-беттан 14-чу дийнахь.

Кхунах тера

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG